Шалажа (эрк)

ШалажаРоссийн эрк, охьадогӀу Нохчийчоьн Хьалха-Мартанан а, ТӀехьа-Мартанан кӀошт кӀошташкахула. Ӏаьс-хин аьтту га.

Шалажа
оьрс. Шалажа
Амал
Дохалла40 км
Бассейн258 км²
ДӀаэхар
Хьост (B)хиш вовшахкхоьтийла: Ӏаьржа Шалажа, КӀайн Шалажа
 • Локхалла473,7 м
 • Координаташ43°03′16″ къ. ш. 45°20′14″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B)Ӏаьс-хи
 • Эрк чекхдолу меттиг6,5 км аьтту бердаца
 • Локхалла167 м
 • Координаташ43°15′15″ къ. ш. 45°25′04″ м. д.HGЯO
Хин охьане7,6 м/км
Эрк долу меттиг
Хин системаӀаьс-хи → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд
Пачхьалкх
РегионНохчийн Республика
КӀошташХьалха-Мартанан кӀошт, ТӀехьа-Мартанан кӀошт
Код  ПХР чохь07020001112108200005598[1]
Шалажа (эрк) (Нохчийчоь)
хьост
хикхоче

Географи

Эрк кхоллало Ӏаьржа а, КӀайн а Шалажа цхьаьнакхетачохь. ОхьадогӀу къилбаседехьа Шалажахула, Котар-Юртахула, ШаӀми-Юртахула. Эркан хикхоче ю Закан-Юртан дуьхьала Ӏаьс-хин хикхочел 6,5 км лакхахь, аьтту бердаца. Эркан дохалла – 40 км (КӀайн Шалажаца цхьаьна), хи гулден майда — 258 км²[2]. Уггаре доккха аьтту га — Нетхой эрк.

Топонимаш

  • КӀегана юх – эркан аьтту бердаца йолу саьлнаш.[3].
  • Хьабин хьераш – эркан бердаца йолу нийса меттиг, Шалажа эвлан къилбаседа йисттехь.
  • Валгхуоша хи чутеснача - генарчу заманахь Ӏаьржачу лаьмнашкахь лаьттачу Валарг-кӀотаран бахархоша шайн ялташ дуьйчу меттигашкара Валарг-хи, татол а даьккхина, Шалажан чудерзийна меттиг[4].

Хин реестрах хаамаш

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ [2].

Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005598[2].

Билгалдахарш

Хьажоргаш

  • Шалаж // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.