Шела

Шела — Нохчийчоьнан гӀала, Шелан кӀоштан административан центр. Бахархойн дукхалла 55 076[1] эзар стаг (2020 шо).

ГӀала
Шела
Сурт
43°09′ къ. ш. 45°54′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
РегионНохчийчоь
КӀоштШелан
Истори а, географи а
Майда
  • 27,02 км²
Центран локхалла225 м
Сахьтан асаUTC+3
Бахархой
Бахархой55 076[1] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттамнохчий
Динан хӀоттамбусулбанаш
Официалан моттНохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код+7 87146
Поштан индекс366300
ОКАТО96237501
meriyashali.ru(оьр.)
Картин тӀехь
Шела картан тӀехь
Шела
Шела картан тӀехь
Шела
Шела картан тӀехь
Шела
Шела. Ахмадов цӀарахь маьждиг

Географи

Лаьтташ йу Нохчийн аренан къилба декъехь, Басс хи доьду чохь[2]. Шелан къилба агӀор ЭгӀашта Ӏуьлу, къилба-седа агӀонехь Гермчига йу, малхбузе агӀонехь БелгӀата а, Жима АтагӀа Ӏуьлу, малхбале агӀонахь Эвтара йу.

Истори

Шела йиллина эрсеной тайпа шина вешо Идарз а, Окша а[3].

Шела йиллина 14 бӀешаран чеккхехь, Тамерланан эскар дӀадаханчу хенахь а Нохчийчура Дагестанан феодалийн Дашо Ордан хӀоттийнарш ара баьхча. Шела йиллина терахь 14 бӀешаран чеккхе лоруш елахь а (1378 йа 1384 шо), делахь а монголаш тӀеккхетале а цул тӀехьа Тамерлан тӀеккхетале а кхузахь гӀала хилла, иза гергарчу хьесапехь йиллина вайн эра тӀейале I бӀешарахь вуьшта аьлча 2100 шо хьалха, гӀала йиллинарш бу Нашхара схьабевлла нах.

XIX бӀешарахь Шела Йоккхачу Нохчийчоьнан йуккъера а лараме йоккха гӀала хилла, цуна 9-эзар бахархой хилла. Иза йуккъехь хилар бахьнехь тӀом болучу хенахь Имам Шемалан эскар гуллуш хилла Шелахь вуьшта аьлча Российн тӀекхетта йохуьтуш йолу массо а йаккхий партеш гуллуш хилла гӀалахь, цул совнаха кхузахь гулла белла Йоккха а Жима а Нохчийчура нохчий.

1825 шарахь Бейбулат коьртехь а волуш меттахъхьеран йукъ йара Шела. Шамиль гучуваьлча Шела цхьана хана йолу резиденци йара. 1850 дуьйна Козловский, Викентий Михайловичан тобано Шелан уллера луьста хьун йуккъехула Шелан ворданан некъ беланчу хенахь а, 1858 шо кхачале а — массо а Нохчийчохь хуьлуш болу тӀеман эскарш мадарра аьлча Шелан уллехь тӀегулуш хилла.

23 февралехь 1944 шарахь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Междуречье аьлла хийцина.

1994-96 шарашкахь хилла тӀамо гӀалин тӀех дукха зенаш дина. ТӀом болучу хенахь дукху адамаш дайина. дохина цӀенош, йохийна индустри, транспорт, зӀе, агропромышленни комплекс.

Нохчийн Республикехь тӀом чеккхбаьллачул тӀехьа лараме а, политикийн а хиламаш хилла, ЧР конституци тӀеоьцуш референдум йина. Ахмат Кадыров Нохчийн Республикин президент хаьржина, дӀадоладелла тӀом машаре дӀаберзор, экономика хьалайаьлла, социалан дахаран хийцамаш хилла.

Бевзаш болу гӀалара нах

ДоттагӀий-гӀаланаш

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1939[4]1959[5]1970[6]1979[7]1989[8]1992[9]1996[9]
10 57511 91118 63621 89424 98526 80024 000
2002[10]2003[9]2005[9]2006[9]2007[9]2008[9]2009[11]
40 35640 40042 10043 50044 30044 20045 161
2010[12]2011[13]2012[14]2013[15]2014[16]2015[17]2016[18]
47 70847 70049 02649 96750 41251 26852 234
2017[19]2018[20]2019[21]2020[1]
53 01653 80754 16855 076
Къаьмнийн хӀоттам
ХалкъДукхалла,
стаг.
Берриге
бахархойх дакъа, %
нохчий43 01890,17 %
оьрсий2 5785,40 %
гӀумкий3620,76 %
суьйлий2790,58 %
кхазакхаш2140,45 %
табасаранаш2020,42 %
кхиберш1 0152,13 %
шаш билгал ца бинарш400,08 %
массо47 708100,00 %

Билгалдахарш

Литература

  • Гарсаев Л.М. Из истории возникновения города Шали. Археология и история юга России. Материалы Всероссийской научно-практической конференции,посвященной 75-летию доктора исторических наук,профессора Мусы Хароновича Багаеваг. Грозный, 16 ноября 2016 года. — Грозный, 2017. — ISBN 978-5-91127-231-9.