Ӏаьрбийн-жуьгтийн дов
Ӏаьрбийн-жуьгтийн дов (Ӏаьрбойн маттахь الصراع العربي الإسرائيلي ; жуьгтийн маттахь הסכסוך הישראלי-ערבי)- цхьана агӀор Ӏаьрбойн пачхьалкхашан а, иштта Исраилан кӀелара палестинан мехкийн бахархоша гӀодеш йолу радикалан кепе йирзинчу тобанашан а, вукха агӀор сионистийн гуламан а, цул тӀахьа Исраилан а йуккъахь хилла тӀом бу. Исраил пачхьалкх 1948-чу шарахь бен кхоьллина йацахь а, бӀе шо дара девнан историн. XIX-чу бӀешеран чаккхенгахь кхоьллира политикин сионистийн болам, цу хенахь дуьйна жуьгтий шай пачхьалкх кхолла Ӏалашо йолуш бара.
Дуьненан хьалхарчу тӀамехь эшам хилла йолу Османан импери йохарца, жуьгтий-сионисташан а, Палестинера Ӏаьрбийн махкойн а йуккъахь дов кӀаргделар. ХӀунда аьлча, шии тоба мандатан Палестинан латта дӀалаца лаам болуш йара.
20-чу оьмаран 2-чу декъехь дов доладелчхьана геополитикин проблеман тӀекхийтира динан а, оьздангаллин а, къаьмнийн а гамо.
1948-чу шарахь лулара Ӏаьрбийн мехкаш керла кхоьллинчу жуьгтийн пачхьалкхан тӀом кхайкхийначул тӀаьхьа, къийсам Палестинан дозанал арабелира. Цу хенахь дуьйна и дов литтира Исраилан а, регионехь кхинйолу Ӏаьрбийн пачхьалкхийн а йуккъахь.
1979-чу шарахь Мисарца а, 1994-чу шарахь Иорданица а машаран чӀагӀамашан куьг йаздинчул тӀаьхьа Исраилца мостагӀалла лелош йолу пачхьалкхаш лахйелира.
Ӏаьрбийн-жуьгтийн тӀом бийцарехь билгалдоккху Палестинан-израилан дов. И къийсам кхоллабелла Палестинехь бехачу Ӏаьрбойн а, жуьгтийн а мехкан хьашташ дуьхь-дуьхьалкхетарца.
Кхузаманахь и дов ду регионехь лаьттачу политикин гӀоьртинахиларан бахьан а, герзашца вовшахтасадаларан хьост а.
Хабар
Британин мандатан мур
- 1920,1929,1933-гӀа шераш- мандатан Палестинехь гӀиттарш а, жуьгтий хӀаллакбар
- 1936—1939 шераш- Ӏаьрбийн гӀаттам
- 1941 шо- Фархуд я Багдадан бохам (дукха жуьгтийн бахархой байар)
- 1945—1947 шераш- масийтта жуьгтий бохор (Триполи а, КъахӀира а, Хьалаб а, Манама (Бахрейн) а, Ӏаден а)
- 1947 шо- Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламо Палестина шина декъе −Ӏаьрбойн а, жуьгтийн а пачхьалкхе- екъаран план тӀелацар.
Израиль Пачхьалкх кхоьллинчул тӀаьхьа (1948 шо)
- 1948 шо- Лаамаллин тӀом
- 1948-1970-гӀа шераш- Ӏаьрбийн пачхьалкхашкера жуьгтий арабовлар а, Израиле адам тӀетаттадалар а
- 1945—1955 шераш- Мисаран а, Иорданин а, Шеман а кӀеларчу мехкашкахь беш болу «партизанан тӀом» къобалбар
- 1956 шо- Суэцин кризис
- 1967 шо- ялх дийнан тӀом
- 1967—1970 шераш- МостагӀан гӀора дойуш тӀом
- 1973 шо- Къемат-дийнан тӀом
- 1979 шо- Кэмп-Дэвидан барт а, Мисаран-израилан машаре чӀагӀам.
- 1982- Ливанан тӀом
- 1994 шо- Израилан-иорданан машаре чӀагӀам
- 2000 шо- Къилберачу Ливанер эскарш арада̃хар
- 2006 шо- ШолгӀа Ливанан тӀом