Барбадос

Барба́дос[1][6] (инг. Barbados) — Карибийн хӀордан малхбалера Кегийра Антилийн гӀайренийн тобанера иштта цӀе йолчу гӀайрен тӀиера Вест-Индера пачхьалкх. Лаьтта Къилба Америкин гена йоццуш, 434,5 км къилбаседа-малхбалехьа Венесуэлан.

Барбадос
Barbados
Девиз: «Pride and Industry»
Барбадосан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Маьрша йаьлла терахьаш30 ноябрь 1966 (Йоккха Британех)
Официалан моттингалсан
Коьрта гӀалаБриджтаун
Йаккхий гӀаланашБриджтаун
Урхаллин тайпаЙоккха Британи коьртехь йолу ДоттагӀаллин йукъара маьрша пачхьалк[1];
конституцин монархи[2]
Пачхьалкхан корта
Генерал-губернатор
Премьер-министр
Елизавета II
Мэйсон Сандра
Моттли Миа
Латта
 • Шадерг439[3] км² (200-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехлекӀезиг
Бахархой
 • Мах хадор277,821[4] стаг
ДЧС (НЭТ)
 • Шадерг (2015)$4,658 миллиард долл.
 • ХӀораннан а сина$16,653 долл.
ДЧС (номинал)
 • ХӀораннан а сина ($15,912-гӀа)
АДКИ (2013) 0,776[5] (лакхара; 59-гӀа меттиг)
АхчаБарбадосан доллар (BBD,код 52)
Интернет-домен.bb
Код ISOBB
Код МОКBAR
Телефонан код+1-246
Сахьтан аса-4
Автомобилийн некъашаьрру[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Барбадосан гергахь лаьтта пачхьалкхаш Сент-Люси а, Сент-Винсент а, Гренадинаш а, ший а Барбадосан малхбузехьа. ГӀайренан майда 431 км² ю, иза алсама нийса ю, йуккъехь лоха шунаш а долуш. Лаьттан хӀоттамо гойту, гӀайре тӀапломах даьлла ца хилар, лаьтта коьртаниг маржанех.

ГӀайренан климат тропикийн йу гуттаренна а мехаш болуш — пассаташ — Атлантикин Ӏапказ агӀора. Цхьадолу куьг Ӏоттаза долу гӀайренан дакъошна тӀехь мангрий уьшалаш ду, кхечарна тӀехь шекаран эрзан шуьйра аренаш я даккхий таьӀна, хӀорд хаза гуш а болуш, байдаш ду.

ВКЪКХ Кхиаран программица кхуьуш болчу мехкашна йукъахь Барбадос дахаран тӀегӀа а, бахархойн грамоталла уггаре хьалхарчех цхьаъ йолу пачхьалкх ю, цуьнца мохк йоьалгӀачу меттигехь бу. ЧӀогӀа гӀараяьлла туристийн агӀонца.

Этимологи

«Барбадос» цӀе схьаяьлла я португалихойн Os Barbados дашах, я испанхойн Los Barbados, и ший а дешан маьӀна «мажош ерш» хуьлу. Цхьа могӀа гипотезаш йу цӀе схьайаларх. Царех цхьаьнца, «мажош ерш» дош догӀу гӀайрен тӀехь кхуьучу фикусийн (Ficus citrifolia) деха охкаделла орамашна, кхечуьнца — гӀайренан бахархой хилла болу мажош йолу карибашна. Ю кхин а алсама экзотикан верси, маж гаран иллюзии йора хӀордан чопано, иза кхоллалора арахьара рифашкахь. 1519 шеран генуэзийн картографо Маджиоло Висконтес[en] диллина географин картин тӀехь, гайтина шен меттехь, цӀе а йу Барбадос. Цул сов, Кегийра Антилийн гӀайренийн тобанера Барбуда гӀайрено лелайо цунах терра ала мегар долуш цӀе, и тиллина испахоша Las Barbudas.

Истори

Барбадосера дуьххьарлера бахархой хилла индахойн кхерстарш. Миграцин кхо тулгӀе чекхъяьлла гӀайрен тӀехьула, ткъа уьш Къилбаседа Америкин агӀора дӀаболхара. Хьалхарчу тулгӀенца бара саладоидийн тобанийн векалш — барранкоидаш (Saladoid-Barrancoid), Венесуэлан орамера бахархой, уьш гӀайрен тӀе баьхкира каноэ кеманаш тӀехь Ориноко эркан атагӀера вайн эран 350 шеран гергарчу хенахь. Цара леладора латта, чӀерий лоьцура, кхийра гӀирсаш бора. ТӀаьхьуо, 800 шерашкахь, гӀайрен тӀебаьхкира индахой аравакийн тайпанера, иштта Къилба Америкера. Аравак тайпанан эвланашна йукъайогӀу гӀайрен тӀиера Страуд-Пойнт (Stroud Point), Чендлер-Бэй (Chandler Bay), Сент-Люкс-Галли (Saint Luke’s Gully), Мэпс-Кейв (Mapp’s Cave). Луларчу гӀайренашна тӀиера тайпанан тӀаьхьенийн тептаршца, юьхьанца гӀайрен цӀе хилла Ичиригоуганаим (Ichirouganaim). XIII бӀешарахь гӀайрен тӀехевшина индахой карибийн тайпанара, цара аратеттира цигара ший а хьалхара тайпанаш. Цул тӀаьхьа масех бӀешарахь къаьстина бехира гӀайрен тӀехь.

Административан йекъайалар

ТӀеэцарцАдминистративан
центр
Майда,
км²
Бахархой,
(2000) адам.
Луьсталла,
адам./км²
1Крайст ЧёрчОйстинс5749 498868,39
2Сент-АндруГринленд365 254145,94
3Сент-ДжорджБулкели4417 868406,09
4Сент-ДжеймсХолитаун3122 742733,61
5Сент-ДжонБлекменс348 873260,97
6Сент-ДжозефБафшеда266 805261,73
7Сент-ЛючиКраб-Хилл369 328259,11
8Сент-МишельБриджтаун3983 6842145,74
9Сент-ПитерСпейтстаун3410 699314,68
10Сент-ФилиппКрани6020 540342,33
11Сент-ТомасХиллеби3411 590340,88
Масо431246 881572,81

Хьажа кхин а

  • Блэкмен, Джордж

Билгалдахарш

Литература

  • Burns, Alan. History of the British West Indies. — London : Allen and Unwin Ltd, 1965. — 849 p.
  • Hamshere, Cyril. The British in the Caribbean. — Harvard University Press, 1972. — 256 p. — ISBN 978-0674082359.
  • Inc. IBP. Caribbean Countries Mineral Industry Handbook. — Lulu.com, 2015. — 328 p.
  • O'Shaughnessy, Andrew Jackson. An Empire Divided: The American Revolution and the British Caribbean. — University of Pennsylvania Press, 2000. — 376 p. — ISBN 978-0812217322.
  • Radula-Scott, Caroline. Insight Guide: Barbados. — Insight Guides, 1999. — ISBN 978-0887290336.
  • Rogozinski, Jan. A Brief History of the Caribbean: From the Arawak and the Carib to the Present. — Facts on File, 1999. — 415 p. — ISBN 978-0816038114.

Хьажоргаш

Правительствон