Гумс

Гумс (оьрс. Белка[2]) — Къилбаседа Кавказера эрк, Соьлжан аьтту га. ОхьадогӀу Нохчийн Республикин Веданан, Курчалойн, Гуьмсан кӀошташкахула. Гумс цӀе схьаяьлла туьркийн маттара "гӀум су" - гӀамаран хи[3].

Гумс
Сурт
Амал
Дохалла80 км
Бассейн1194 км²
Хи дайар4,61 м³/с (Гуьмсе)
ДӀаэхар
Хьост (B) 
 • Эрк долу меттигТӀуьйрелам, Веданан кӀошт
 • Локхалла1276 м
 • Координаташ42°54′02″ къ. ш. 46°11′39″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B)Соьлжа
 • Эрк чекхдолу меттигГуьмсе
 • Локхалла50 м
 • Координаташ43°21′53″ къ. ш. 46°03′55″ м. д.HGЯO
Хин охьане15,33 м/км
Эрк долу меттиг
Хин системаСоьлжа → Терк → Каспий-хӀорд
Пачхьалкх
РегионНохчийчоь
КӀошташВеданан кӀошт, Курчалойн кӀошт, Гуьмсан кӀошт
Код  ПХР чохь07020001312108200006234[1]
Гумс (Нохчийчоь)
— хьост, — хикхоче

Географи

Схьадолу ТӀуьйрелам тӀиера шовданашкара, дӀакхета Соьлжанах Гуьмсе гӀалан гергахь. Дохалла 80 км, бассейнан майда 1194 км²[4]. Хикхочен локхалла — 50 м хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Эркан охьане — 15,3 м/км.

Гидрологи

Эркан амалехь ду шеран йовхачу хенахь дестар, ткъа Ӏай – лакъар. Шарахь уггаре дукха хи дойу догӀанаш догӀучу хенахь. Аьхкенан догӀано десторо наггахь бохамаш бо. Шарахь хи дайаран йуккъера барам — 4,61 м³/с, максимум — 305 м³/с.

Геннаш

Уггаре даккхий геннаш: Хул-Хуло (аьрру), Мичиг-Хи (аьтту), Ахкие (аьтту), Хумг (аьтту), Искаьрк (аьтту).

Эрк таллар, хин бахаман маьӀна

Эрк теллина Гуьмсерачу гидрологин постехь.

Эркаца лаьтта эвланаш

Жани-Ведана, Теза-Кхаьлла, Эрсана, Курчала, Энакхаьлла, Коьран-Бена, Белта, Ялхой-Мохк, ЖугӀурта, Майртуп[5].

Билгалдахарш

Хьажоргаш