Мичиг-Хи

Мичиг-Хи (оьрс. Мичик) — Нохчийн Республикера эрк, Гумсан аьтту га.

Мичиг-Хи
оьрс. Мичик
Сурт
Амал
Дохалла36 км
Бассейн200 км²
ДӀаэхар
ХьостНажи-Йуьртан лаьмнийн къилбаседа-малхбуза басера шовданаш
 • Эрк долу меттигНажи-Йуьртан кӀошт
 • Локхалла936 м
 • Координаташ43°06′22″ къ. ш. 46°16′10″ м. д.HGЯO
ХикхочеГумс
 • Эрк чекхдолу меттигКурчалойн кӀоштара Иласхан-Йуртан гергахь
 • Локхалла93 м
 • Координаташ43°17′04″ къ. ш. 46°04′23″ м. д.HGЯO
Хин охьане21,4 м/км
Эрк долу меттиг
Хин системаГумс → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд
Пачхьалкх
РегионНохчийчоь
Код  ПХР чохь07020001312108200006272[1]
Мичиг-Хи (Нохчийчоь)
— хьост, — хикхоче

Географи

Схьадолу Нажи-Йуьртан лаьмнийн къилбаседа-малхбуза басера шовданашкара. ОхьадогӀу Нажи-Йуьртан, Курчалойн кӀошташкахула, Ӏаларан малхбуза дозанца, РегӀан дукъ малхбузехьа а дуьсуш. Оцу хин цӀарах гӀумкаша нохчех олу «мичиг1ыш» - Мичиг тӀехь беха нах[2]. Эркан дохалла — 36 км, бассейнан майда 200 км²[3].

Топонимаш

  • Шина Мичиган йукъ – ГӀансолчохь[4].
  • Мичиган чоь – Майртупан къилба йисттехь[5].
  • Шихикхиетие – Мичиг а, Гумс а цхьаьнакхета меттиг, Иласхан-Йуртан къилба йисттехь. [6].
  • Шина Мишка йукъе – Ӏаларой-Эвлан къилбехьара меттиг, кхузахь Мишка галдаьккхина Мичиг ду[7].

Гидрологи

Эркан амалехь ду йовхачу хенахь дестар, Ӏай лакъар. Уггаре дукха хи дойу догӀанаш оьхучу заманахь. Аьхка догӀанаша хи дестор, наггахь кхераме хуьлу.

Геннаш

Эркан шиъ доккха га ду — аьрри агӀора ГӀансол, аьтту агӀора Жима Мичиг.

Истори

Тарло, цӀе схьаяьлла хилар гӀебартойн маттара гӀебарт.-чергаз. мышкъыш, мышкъышхэр, я гӀумкийнгӀум. мычыгъышла «нохчий» бохучу дашах. Хила тарло нохчийн мичиг-хи — «мичара ду хи» бохучу дешнех а.

Хьалхо и меттиг хилла аренан нохчийн ладаме йукъ, цигахь хуьлуш хилла мехк-кхелан берриг гуламаш.

Эрк Ӏамор а, хин бахаман маьӀна а

Стационаран гидрологин талламаш эрк тӀаьхь ца бина.

Эрк тӀиера эвланаш

Мичиг-Хин тӀаьхь лаьтта эвланаш: ГӀансолчу, Ӏаларой-Эвла, Ахьмад-Йурт, БӀачи-Йурт, Иласхан-Йурт - аьрру бердаца, Ойсхаран къилбехьа[8].

Билгалдахарш

Хьажоргаш

  • Лист карты K-38-33 Новогрозненский. Масштаб: 1 : 100 000. Указать дату выпуска/состояния местности.K-38