Деларан де, Ӏовдалчеран де — дерриг дуьненан Ӏида, даздо 1 апрелехь дуккха а пачхьалкхашкахь а, мехкашкахь а.

Деларан де
МаьӀнаЗабар
Даздо1 апрелехь
Терахь1 апрель
ДаздарДукхаха дерг малхбузехь (Европа, Къилбаседа Америка), ССРС хиллачу мехкашкахь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Оцу Ӏиданехь тӀеэцна доттагӀашца, бевзачаьрца забарш яр, я царех белар. Ламаст хилла Керла Зеланди, Ирланди, Йоккха Британи, Австрали, Къилба Африка пачхьалкхашкахь а, мехкашкахь а забарш делккъалц бен ца йо, ткъа цул тӀаьхьа забаршъечуш олу «апрелан Ӏовдалш»[1].

Истори

1509 шарахь цхьаьна французийн поэто хьахийна «Poisson d’Avril» (нох. Апрелан забар), хила мега, Ӏидане хьажош[2]. Хууш ду, 1539 шарахь цхьаьна фламандийн эло забарца Ӏехийна шен лайш, цхьацца забарен белхаш делла хьалхарчу апрелехь[2]. Дуьххьара дуьххьал дӀа Ӏида хьахадаран терахь ду 1686 шо, оцу дийнахь Обри Джона хьахийна «Fools Holiday» (нох. Ӏовдалчеран Ӏида)[2]. Цул тӀаьхьа итт шо даьлчи масех лондонхо гӀоьртина нах лиебан, Тауэрехь «лоьмаш лийчо» кхойкхуш[2].

Билгалдахарш