Евровизион-2018

Эшаран къовсам «Евровизион-2018» (инг. Eurovision Song Contest 2018, фр. Concours Eurovision de la chanson 2018, порт. Festival Eurovisão Da Canção 2018) — дуьххьара Португалин коьрта шахьрахь Лиссабон гӀалахь чекхбаьлла 63Кеп:NbhyгӀа эшаран къовсам «Евровизион». Иза Португалехь хилира Киевхь, Украинехь хиллачу хьалхарчу шеран къовсамехь Собрал Салвадоран «Amar pelos dois» эшарца баьккхина толам бахьнехь. Къовсаман хьалхара а, шолгӀа а ахфиналаш хилира 8 а, 10 а майхь, финал — 2018 шеран 12 майхь. Туьйлира Исраилан векал Барзилай Нета «Toy» эшарца.

Евровизион-2018
Логотип
All aboard! (Дерриш кеман тӀедовла!)
Терхьаш
1-ра ахфинал2018 8 май
2-гӀа ахфинал2018 10 май
Финал2018 12 май
ДӀаяхьар
ДӀаяхьаран меттигПортугали Лиссабон, Португали, Алтис-Арена
Кхочушдаран
супервайзер
Юн Ула Санн
Коьртаниг гойтуш верг RTP
Декъашхой
Дерриш бераш43
ЮхабирзинаршРосси Росси
ЖамӀаш
Кхаж тасаран системаХӀора мехко ло ши комплект 12 а, 10 а, 8—1 балл 10 эшарна: хьалхара — говзанчийн жюригара, шолгӀа — телехьовсархошкара.
Толаман эшар«Toy» (Исраил Исраил)
Евровизион
2018
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ДӀаяхьаран меттиг

Къовсам дӀабахьаран меттиг — Лиссабон гӀала

«Евровизион-2017» эшарца «Amar pelos dois» Собрал Салвадора баьккхина толам бахьнехь, конкурс тӀеийцира толамхочун мехко — Португалис. Къовсам дӀабаьхьира «Португалин радиос а, телевизиона а» (RTP)[1]. «Евровизион» къовсаман кхочушдаран супервайзеро Санн Юн Улас толамхочун пресс-конференцехь португалин гайтархочуьнга элира кандидаташ харжаран процесс дӀахьо, хьалха ма-баххьара[1]. 2017 шеран 15 майхь RTP тӀечӀагӀдира, къовсам дӀабахьаран меттиг хир ю Лиссабон, амма чеккхенца сацам тӀаьхьа бийр бу[2].

Оьздангалла долаяккхарна бехкеяр

Толамхо Нета «Toy» йиш лекхна яьлча емалчааша бехке йира иза японин оьздангаллин элементаш долаяхарна. Бехкеллаш кхайкхийра социалан машанашкахь, цуьнан гайтам «сийсаза беш» бу аьлла кхайкхийра. Эшар локхуш цуо лелийра кимоно а, кур а, ткъа кхин а цуьнан гайтамехь лелийра Манэки-нэко[3][4][5].

Хьажа кхин а

  • Берийн Евровизион — 2018
  • Евровизион Ази 2018
  • Къона музыкантийн къовсам «Евровизион-2018»
  • Тюрквизион-2018

Билгалдахарш

Хьажоргаш