Жуьгтий
Жуьгтий, ЯхӀудий, Ӏебархой (ӏебар. יְהוּדִים — «йехӀудим», идиш ייִדן/אידן — «(й)идн», Ӏаьр. يَهُود — «яхӀуд», ЯхӀуде йиллина цӀе йу) — иза самхойх схьадалар долуш къам ду, ширачу Исраилан а, ЯхӀудан а пачхьалкхийн бахархойх схьадаьлла долу, дуьненан дуккха а мехкашкахь дехаш долу, амма 1948-чу шарахь дуьйна иштта йолуш йу жуьгтийн пачхьалкх Исраил. Уьш схьакъаьсташ бу жуьгтийн динна йа оцу динах схьайаьллачу культурина а, тӀаьхьалонна а тӀаьхьабазарца. Бабило йийсарбиначул тӀаьхьа уьш бекъабелла яхӀудашка а, самирихошка а. Жуьгтийн дукхалла 2018-чу шар чохь лерича 14,6—17,8 млн гергга адам ду, «Berman Jewish DataBank» ма-бохху; царах 44,9 % Исраилехь Ӏаш бу, ткъа 39 % Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь бу.
Жуьгтий | |
---|---|
| |
Шен цӀе | יהודים |
Дукхалла | 13,626[2]—13,855 млн[1] |
ДIасакхалхар | |
Дин | Иудаизм |
Йукъабоьду | Самхой[d] |
Этносин тобанаш | |
Медиафайлаш Викилармехь |
Жуьгтийн дин дуккха а хийцамашкахула чекхдаьлла историн йохаллехь, къаьсттина ЯхӀудан пачхьалкх йоьжначул тӀаьхьа а, ШолгӀа килс йохийначул тӀаьхьа а, вайн эрин хьалхарчу бӀешарахь.
Ширачу весет чохь «яхӀуди» олучу терминан бух бевзаш бац. Амма и термин йалийна йу динан хьосташкахь а, Библин тептаршкахь а. Оцу хьосташа гойту «йахӀуди» олу термин ЯӀкъуб пайхамаран кӀанте ЯхӀуде йоьрзуш хилар.
Билгалдахарш
ХӀара дуьненан къаьмнех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |