ЖӀайхой

(ЖӀай тӀера хьажжина кхуза)

ЖӀайхой (жӀай. магIарулал[24]) — Кавказан орамера къаьмнех цхьаъ, гена заманара дуьйна деха Ломан ДегӀастахь, ткъа иштта Малхбузан Гуьржийчохь[25] а, Къилбаседа Азербайджанехь а, таханлерачу ДегӀастанан уггаре доккха къам[26].

ЖӀайхой
Шен цӀемагӀарулал
Дукхалла а, ареал а
Дукхалла
  • гергга 1 000 000 стаг

 Росси
912 090(2010)[1][2]

 Азербайджан
49 800 (2009)[13]
по неофициальным данным — 260 000[14]

 Гуьржийчоь
1 996 (2002)[16]

 Туркойчоь
53 000[18]

 Украина
1 496 (2001)[19]

 Узбекистан
  1 200 (2016)[20]

 Кхазакхстан
1 206 (2009)[21][22]
Хаам
МоттжӀайхойн мотт
Динислам суннийш
Йукъабоьдукавказан доьзал,
къилбаседакавказан доьзал,
нах-дегӀастанан тоба,
жӀайхойн-Ӏаьндийн-цезийн га,
жӀайхойн-Ӏаьндийн бухара га
Гергара къаьмнашӀаьндий, дидой, чамалинхой, хваршинаш, годоберинаш, каратинаш, гунзибхой
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Барам а, охьаховшар а

Дуьнен тӀиера жӀайхойн барам: берриш 1 млн: Россехь — 850 эз., Азербайджанехь — 50 эз., Туркойчохь — 50 эз.[27]

2010 шарахь бахархой багарбаран терхьашца жӀайхойн дакъа кӀошташкахула[5]:

КӀоштан цӀеРегионан цӀе% жӀайхойн
Ӏахвахойн кӀоштДегӀаста99,4 %
ЦӀунтӀан кӀоштДегӀаста99,4 %
Харгабин кӀоштДегӀаста99,3 %
ЦӀумадан кӀоштДегӀаста98,9 %
Шемалан кӀоштДегӀаста98,7 %
Гумбетан кӀоштДегӀаста98,6 %
КӀляратӀан кӀоштДегӀаста98,4 %
Ботлихан кӀоштДегӀаста97,5 %
Унсоколон кӀоштДегӀаста97,5 %
Хунзахан кӀоштДегӀаста97,5 %
ЧӀарадан кӀоштДегӀаста97,3 %
ГӀунибан кӀоштДегӀаста96,3 %
Казбековн кӀоштДегӀаста85,9 %
Кизилюртан кӀоштДегӀаста83,4 %
Кизилюрт гӀалаДегӀаста72,1 %
Шаройн кӀоштНохчийчоь54,4 %
ГӀизларан кӀоштДегӀаста46,6 %
Южно-Сухокумск гӀалаДегӀаста46,1 %
Шури-ГӀалаДегӀаста45,79 %
Тарумовкан кӀоштДегӀаста35,8 %
Хаси-Эвлан кӀоштДегӀаста31,4 %
Хаси-Эвл гӀалаДегӀаста30,6 %
ХӀинжа-гӀалаДегӀаста26,7 %
Шури-ГӀалин кӀоштДегӀаста23,5 %
Левашин кӀоштДегӀаста22,4 %
Ӏовхойн кӀоштДегӀаста21,9 %
Бабаюртан кӀоштДегӀаста20,3 %
ГӀизлар гӀалаДегӀаста20,1 %
Кумторкалан кӀоштДегӀаста18,4 %
Каспийск гӀалаДегӀаста14,7 %
Черноземельскан кӀоштГӀалмакхойчоь7,2 %

Беха ДегӀастанан ломан доккхаха долчу декъехь, ткъа кхин а аренашкахь (Шури-ГӀалан, Хаси-Эвлан, Кизилюртан, кхин а кӀошташкахь). ДегӀаста йоцуш, беха Нохчийчохь, ГӀалмакхойчохь, кхин РФ субъекташкахь (берриш — 912 090 ст.). ДегӀастанахь жӀайхой охьаховшаран коьрта область — ЖӀайхойн Койсу (ЖӀайхойн-ор) а, Ӏаьндийн Койсу (Ӏаьндийн-ор),Ӏаьржа-Койсу (Чеэр-ор) а эркийн майданаш. 28 % жӀайхой беха гӀаланашкахь (2002).

ЖӀайхой иштта беха Азербайджанехь (коьртаниг Белоканан, Закаталын, Кахан кӀошташкахь а, Бакохь а), цигахь 1999 шеран бахархой багарбаран жамӀашца, массеран барам 49,8 эзар стаг хилира[28]. ЖӀайхойн кегийра тобанаш еха Гуьржийчох, гулахь Кварелин муниципалитетехь, кхин а Логодехан муниципалитетехь, Тиблисехь, Туркойчохь, Кхазакхстанехь, кхечу махкашкахь а[29].

«ЧӀогӀа чолхе а, цхьаьна ца догӀуш а ду тахана, — ала дийзира 2005 ш. реза ца хиларца дегӀастанан Ӏилманчо Б. М. Атаевс, — Российн арахьара жӀайхойн диаспоран барамех лаьцна хаттар. Иза доьзна ду уггаре хьалха, уьш бехачу мехкашкахь политикин а, кхин а бахьнашца бахархой багарбарехь къам ца гайтарца. Цундела далош долу тайп-тайпанчу хьосташца жӀайхойн тӀаьхьенийн барам хетарехь гергара бен ца хаьа, масала, Туркойн Республикехь. Амма нагахь ларахь дегӀастанан малхбалеӀаморхочун А. М. Магомеддадаевн дешнаш, „таханлерачу Туркойчоьнан махкахь 1920-гӀа шерашкахь хилла 30 сов дегӀастанан эвланаш, 2/3 царех лаьтташ хилла жӀайхойх, „оцу махкахь беха дегӀастанхойн-баккхийн наха дийцарехь, тахана кхузахь беха 80 эзар сов дегӀастанхо“, тӀаккха лерича царех 53 эз. жӀайхо хуьлу»[18].

Иштта, уггаре йоккха ССРС хиллачу мехкан дозанал арахьара жӀайхойн диаспора Туркойчохь ю. Цуьнца цхьаьна, лара деза, Хункар-мохк йукъахь хиллачу Шеман а, Урданан а мехкашкахь кӀез-кӀезиг жӀайхойн мухажирийн тӀаьхьенаш хилар, уьш кӀезиг хиларна, меттигерчу Ӏаьрбийн бахархойн оьздангаллан а, меттан а боккха Ӏаткъам хилла, иштта къилбаседакавказхойн, алсама адыгийн а, нохчий а. «ДегӀастанхойн Ӏусманан импере мухажиралла» цӀе йолчу шина томан монографин авторо Магомеддадаев Амирхана тешалла до: «Къилбаседакавказан векалш, царна йукъахь дегӀастанан диаспоро а ладаме роль ловзайо Туркойчоьнан, Урданан, Шеман социалан-экономикин а, йукъараллин-политикин а, синмехаллин-этносан дахарехь… Таханлера Туркойчохь, вайн гарехь, тоьар ду, Туркойн Республикин Тансу Чиллеран правительствехь пачхьалкхан кхерамазаллин министр Мехьмет Гёльхан хилар гайтича а[30] — Кулецма эвлара мухажирийн тӀаьхьенах волу, я Ментеш Ӏабдулхьалим, 1960 шарахь Туркойчохь пачхьалкхан харцам охьатаӀийна, авиаполкан баьчча»[31].

Билгалдахарш