Кхазакхстан

Кхаза́кхстан (кхазакх. Қазақстан [qɑzɑqˈstɑn] ), официалан Респу́блика Кхаза́кхстан (кхазакх. Қазақстан Республикасы), (аббревиатура РК) — Евразин центрера пачхьалкх, доккхаха долу дакъа цуьнан Азин йукъахь ду, жимах дерг — Европехь. Бахархой, пачхьалкхан статистикин комитето 2020 шеран 1 апрелехь мах хадорца, хилира 18 690 200 стаг[2].

Республика Кхазакхстан
кхазакх. Қазақстан Республикасы
кхазакх. лат. Qazaqstan Respublikasy
Кхазакхстанан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Маьрша йаьлла терахьаш1991 шеран 16 декабрь (ССРС)
Официалан меттанашКазахийн мотт[5][6][…], оьрсийн мотт[7][8]
Коьрта гӀалаАстана
Йаккхий гӀаланашАлма-Ата, Астана, Шымкент, Акхтоьбе, КхарагӀанда, Тараз, Павлодар, Усть-Каменогорск, Семей
Урхаллин тайпаПрезидентан республика[комм. 1][1]
ПрезидентТокхаев Къасым-Жомарт
Премьер-министрСмаилов Аьлихан
Латта
 • Шадерг2 724 902[комм. 2] км² (9-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле2,8
Бахархой
 • Мах хадор 18 690 200[2] стаг
ДЧС (НЭТ)
 • Шадерг (2019) 534,271 млрд[3] долл. (41-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 28 514[3] долл.
ДЧС (номинал)
 • Берриг (2019) 164,207 млрд[3] долл. (54-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 8763[3] долл.
АДКИ 0,817[4] (чӀогӀа лакхара; 50-гӀа меттиг)
Ахчатенге ()
(KZT, код 398)
Интернет-доменаш.kz, .қаз[d][9]
Код ISOKZ
Код МОКKAZ
Телефонан код+7[10]
Сахьтан асаUTC+5:00[d]
Автомобилийн некъашаьтту агӀора[d][11]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Мехкан майда — 2 724 902 км², кӀеззига жима йу Аргентинал. Дуьненахь мехкан майдан барамца 9-гӀа меттигехь ю, 2-гӀа меттигехь йу ЛПД йукъахь (Россел тӀехьа), 42-гӀа — ДЧС чухоамца, 64-гӀа — бахархойн барамца.

Коьрта шахьар — Астана. Уггаре йоккха гӀала 1,8 миллион вахархочуьнца — Алма-Ата. Пачхьалкхан мотт — кхазакхийн. Махкахь пачхьалкхачуьнца цхьаьна могӀара лелон официалан мотт — оьрсийн[12].

Лаьтта Каспий-хӀордан, Лахара ИйдалтӀиен, Уралан, Сибрехан, Цийчоьнан, Йуккъера Азин йукъахь. Доза ду къилбаседехь а, малхбузехь а Российца (дозан дохалла — 7548,1 км), малхбалехь — Цийчоьнца (1782,8 км), къилбехь — ГӀиргӀазойчоьнца (1241,6 км), Узбекистанца (2351,4 км), Туркменица (426 км). Латтан тӀехула долчу дозан дохаллин барам — 13392,6 км[13]. Мохк малхбалера малхбузехьа бахбелла 2963 км, ткъа къилбаседера къилбехьа — 1652 км. Туьркийн кхеташон уггаре йоккха пачхьалкх йу. Континентан чоьхьара Каспий-хӀорд а, Арал-хӀорд а бу дозанашца. ХӀорд тӀе араволийла йац, иштта башхалла йолчу мехкашлахь дуьненахь уггаре боккха мохк бу.

Административан-мехкийн агӀора йекъало 14 областан а, республикин маьӀнин 3 шахьран а: Астана, Алма-Ата, Шымкент. Цул сов, башха статус йолуш шахьар ю, Байконур, иза 2050 шо кхаччалц аренде эцна йу Российс, оцу муьранна цуьнца йолчу йукъаметтигашкахь цунна йелла Российн Федерацин федералан маьӀнин шахьаран статус; Российс аренде эцна латтанийн майда йу 111 913 км² (4,1 % мехкан латта). Экономикин-географин агӀора Кхазакхстан йекъало Йуккъера, Малхбузен, Малхбален, Къилбаседа, Къилба регионашна.

Кхазакхстанан мохк историн агӀора дӀалаьцна кхерста этносаша цхьацца заманашкахь имперешна йукъахь хилла. Ширачу заманахь кхузахь кхирстина скифаш. Туьркех бевлла кхерстарш баьхна махкахь цуьнан историн доккхаха долчу декъехь. АхеменидгӀеран пачхьалкх кхочура таханлерачу мехкан къилбан декъера латташка вайн эрал хьалхара IV бӀешо кхачале. XIII бӀешарахь йара Монголийн империн Чингисхананан Ӏедал бухахь. XVI бӀешарахь кхазакхаш кхоллабелира, кхаа жузе (цхьацца мехкашкахь деха дайн геннаш) йекъайелла, ша тоба санна. Российн импери чуяржа йолаелира Кхазакхийн арешка XVIII бӀешарахь, ткъа XIX бӀешерашна йуккъехь урхалла деш йу ала мегар дара ерриг Кхазакхстанан а. 1917 шеран Октябран революцил тӀаьхьа а, цул тӀаьхьара гражданийн тӀемашкахь а Кхазакхстанан мехкан масийттаза хийцамаш бира. 1936 шарахь кхоьллира, Советийн Союзан йукъахь Кхазакхийн Советийн Социалистийн Республика.

Кхазакхстан йара, 1991 шарахь Советийн Союз юхуш маршо кхайкхийна, тӀаьххьара союзан республика. Республикин дуьххьарлера президент хилира Назарбаев Нурсултан. 2019 шеран мартехь цуо дарж дитира, ткъа Сенатан председатела Токхаев Къасым-Жомарта дӀалецира цхьаьна хенан дарж, тӀаьхьа туьйлира 2019 шеран 9 июнера харжамашкахь[14]. Human Rights Watch и другие правозащитные организации регулярно описывают ситуацию с правами человека в Казакстане как плохую[15][16][17].

Йукъара хаамаш

Дуьхьанца кхоьллина Оренбург коьрта шахьар йолуш ГӀиргӀазойн АССР аьлла РСФСР йукъахь 1920 шеран 26 августехь. 1925 шеран февралехь Оренбурган область ГӀиргӀазойн АССР йукъара ара а йаьккхина дӀаелира РСФСРн, ткъа коьрта шахьар дӀайаьхьира Кхызыл-Орда (1925), тӀаьхьа Алма-Ата (1929).

1924—1925 шерашкахь Йуккъерачу Азин къоман-пачхьалкхан межа яр бахьнехь дерриг кхазакхийн латташ цхьаьнакхийтира. 1925 шарахь ГӀиргӀазойн АССР цӀе хийцира Кхазакхийн АССР аьлла. 1930 шеран 20 июлехь цунна йукъара РСФСР куьйгакӀела дӀаелира Кхара-Калпакийн автономин область, 1936 шарахь дӀаелла йолу Узбекийн ССР йукъа.

1936 шеран 5 декабрехь Кхазакхийн АССРн союзан республикин статус йелира.

1990 шеран 25 октябрехь Кхазакхийн ССР Лакхарчу Совето тӀеийцира Республикин пачхьалкхан суверенитетех долу деклараци.

8 декабрехь Белоруссин, Российн, Украинин паччахьаша куьг яздира ССРС йохаран беловежскан барт тӀехь.

1991 шеран 10 декабрехь пачхьалкхан цӀе «Кхазакхийн Советийн Социалистийн Республика» хийцира «Республика Кхазакхстан»[18] аьлла. Амма, 1978 шеран кхазакхийн конституцехь «Кхазакхийн Советийн Социалистийн Республика» цӀе йисира 1993 шеран 28 январехь Республика Кхазакхстанан Конституци тӀеэццалц[19][20].

1991 шеран 16 декабрехь Кхазакхстан тӀаьххьара союзан республикех кхайкхийра шен маршох[21]. И акт 1990 шеран 3 апрелан «ССРС йукъара союзан республика арайаларан долу гӀуллакхийн низамех» цӀе йолчу ССРС законаца догӀуш дацара, хӀунда аьлчи Кхазакхийн ССРхь ССР Союз йукъара арайаларх йолу референдум ца йира.

21 декабрехь Кхазакхийн ССРн Президента Н. Назарбаевс куьг яздира ССРС йохайаран беловежскан бартан динчу алма-атан протокол тӀехь а, Лааме Пачхьалкхийн ДоттагӀалла (ЛПД) Ӏалашонех а, принципех а долу Алма-Атан деклараци тӀехь а.

23 декабрехь Кхазакхийн ССР Лакхара Совето ратификации йира беловежскан бартан протоколца цхьаьна[22].

ХӀинцалера административан йекъайалар

ЦхьалгӀа дарж

Казахстанан 14 область а, 2 республикин маьӀна долу гӀаланаш а ю[23].Цул совнах йу, республикин муьтӀахь йолу гӀала Байконур, иза 2050 шо кхаччалц. Российн Федерацин арендехь йу и хан чекхйаллалц гӀалин йу Российн Федеральни маьӀна долу статус[24].

ХӀостГӀала/ОбластьАдминистративан центрмайда,
км²
бахархой, стаг.,
01.04.2012[25]
Луьсталла, стаг./км²ДЧС 01.01.2008
млн тенге
Официалан цӀе кхазакхийнОфициалан цӀе нохчийнРоссихь лелош йолу цӀерш
Республикин маьӀна долу гӀаланаш
1 ГӀалаАстанаАстанаАстана710752 2621046,36
2 ГӀалаАлматыАлматы[23]Алма-Ата3321 455 2714368,45
Российн Федерацис 2050 шо кхаччалц аренде эцна а, и хан чекхйаллалц Российн Федерацин федеральни маьӀна долу гӀалин статус а, республикин маьӀна а долу гӀала. Х[24]
3 ГӀалаБайқоңырБайконырБайконур*5737 912662,00
Областаш
4 Акмолан областьКөкшетауКоькшетауКокшетау146 219731 5265,008772
5Акхтоьбен областьАқтөбеАкхтоьбе[26]Актобе300 629788 5942,6266917
6 Алматан областьТалдықорғанТалдыкорганТалдыкорган223 9111 918 1098,5318841
7 Атыраунан областьАтырауАтырауАтырау118 631546 0574,58161271
8 Малхбален-Кхазакхстанан областьӨскеменУсть-КаменогорскУсть-Каменогорск283 2261 395 0124,9335920
9 Жамбилан областьТаразТаразТараз144 2641 059 3907,328999
10Малхбузен-Кхазакхстанан областьОралУральскУральск151 339613 5604,0577162
11 Карагандан областьҚарағандыКарагандаКараганда427 9821 359 0773,1762529
12 Костанайн областьҚостанайКостанайКостанай196 001879 5114,4920860
13 Кызылордан областьҚызылордаКызылордаКызылорда226 019716 8073,1568683
14 Мангистаунан областьАқтауАктауАктау165 642551 9393,29116674
15 Павлодаран областьПавлодарПавлодарПавлодар124 755747 5845,9948010
16 Къилбаседа-Кхазакхстанан областьПетропавлПетропавловскПетропавловск97 993582 5605,964354
17 Къилба-Кхазакхстанан областьШымкентШымкентШымкент117 2492 636 95022,3612572
Массо2 724 90216 675 3926,12

* - город Байконур, арендуемый Российской Федерацией, имеет особый статус; органы статистики Казахстана учитывают этот город в составе Кызылординской области в качестве города областного подчинения, бахархой города приводится только для граждан Казахстана.

ШолгӀа дарж

Административан йекъайаларан шолгӀа даржехь йу 160 эвланийн кӀошт, 15 гӀаланийн кӀошт а 38 гӀала а.

КхолгӀа дарж

КхолгӀа даржехь йу 46 гӀала, 241 эвла[27] кхин 2453 эвлийн гуош а.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Йукъара

Правительство

Карташ


Цитатийн гӀалат: Тобан «комм.» йолуш йолу тегашца <ref> йогӀуш йолу тег <references group="комм."/> ца карийна