ДегӀаста

ДегӀастанан Республика (ДегӀаста[3]) — Российн Федерацин (Российн) субъект, цунна йукъара республика[4]. Къилбаседа Кавказан Федералан гуон йукъадогӀу, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду.

Республика (пачхьалкх)
ДегӀаста
оьрс. Республика Дагестан
Гимн Дагестана[d], Дагестан, ты отчизна святая[d]
43°06′00″ къ. ш. 46°53′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Адм. центрХӀинжа-ГӀала
КортаСергей Алимович Меликов[d]
Истори а, географи а
Кхоллар1991
Латта
  • 50 300 км²
Сахьтан асаMSD[d], UTC+3, Европа/Москох[d][2]
Бахархой
Бахархой
Идентификаторан терахьаш
Код ISO 3166-2RU-DA
Телефонан код872
Официалан сайт(оьр.)
ДегӀаста картин тӀехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь


ДегӀастанан физикин карта

Кхоьллина 1921 шеран 20 январехь РСФСР йукъара автономин республика санна. Республикин коьрта гӀалаХӀинжа-ГӀала.

Доза ду Азербайджанан Республикица къилбехахь, Гуьржийчоьнца къилба-малхбузехьа, ткъа иштта Нохчийн Республикица малхбузехьа, Ставрополан мехкаца къилбаседа-малхбузехьа, ГӀалмакхойчоьн Республикица къилбаседехьа.

ДегӀастанан Республикин Конституцица пачхьалкхан меттанаш ду оьрсийн а, ДегӀастананахь деха дерриг къаьмнийн а меттанаш. Царна йукъахь йоза а ду, официалан статус а йу жӀайхойн, агулийн, азербайджанийн, саьрхьойн, гӀумкийн, гӀазгӀумкийн, лаьзгийн, ногӀийн, рутулийн, табасаранийн, татийн, цахурийн, нохчийн меттанийн.

Этимологи

Таханлера ДегӀастанан мехкан, алсама долу дакъа ломан ДегӀастанан, цӀе историн литературехь тайп-тайпана йоккху, иза доьзна ду луларчу къаьмнех, йа мостагӀий тӀелетарех, цара цӀе туьллура оцу мехкан шайн маттахь цӀе.

Цхьаболчу историкаша хуьлуьйту Къилба ДегӀастанан хьалхара цӀе «Албани», иза хуьлу «Ломан мохк»[5]. Гуьржаша исторехь ДегӀастанан цӀе йоккхура кхаа тайпана: «Лекети» (йа Лакз[6], йа Легийн латташ[7]), «Хундзети» (Ломан ДегӀаста) а, «Дидоэти» (Дидой)[6][8].

«ДегӀаста» цӀе йевза XVII бӀешарахь дуьйна, цуьнан маьӀна «ломан мохк» ду (туьркийн даг — лам, гӀажарийн стан — мохк, латта)[9]. А. К. Аликберовн хетарехь «ДегӀаста» гунно-савирийн (гӀумкийн дайн) ломан пачхьалкхан цӀеран калька ду — Тавъяка (гочдо с кипчакийн (гӀумкийн) меттара «Тав» — лам, «Як» — агӀо, мохк)[10]. В. В. Бартольдца «ДегӀаста» цӀе йукъайаьлла X/XVI бӀешерашкахь[11]. «ДегӀаста» цӀе нийса йац историн маьӀнехь бен, хӀунда аьлча ДегӀастанан АССР (хӀинца ДегӀастанан Республика) йукъа ГӀизларан, НогӀийн аренаш тоьхначул тӀаьхьа, ломан регионаш 56 % бен ца хуьлу йерриг майданах[9].

Географи

Нохчийчоьнан а, ДегIастанан а доза

ДегӀаста лаьтта Кавказан къилбаседа-малхбален декъехь, Каспий-хӀордан бердаца. Республикин къилбаседан декъехь — аренаш, къилбан декъехь — Йоккха Кавказан лаьмнаш. Къилбаседера къилбехьа йахйелла 400 км гергга, малхбузера малхбалехьа — 200 км гергга. ДегӀастанан къилбаседехьа доза ду Ставрополан махкаца а, ГӀалмакхойчоьнца а, малхбузехьа Нохчий Республикица а, Гуьржийчоьнца а, къилбехьа Азербайджанца. Латта тӀехула а, Каспий-хӀорд чухула а доза ду пхеа пачхьалкхаца — Азербайджанца, Гуьржийчоьнца, Кхазакхстанца, Туркменица, Иранца. Азербайджанан дозанца — Российн къилбан йист йу (41°10' къ-с. ш.).

Гидрографи

ДегӀастанан мехкан малхбалехь Каспий-хӀордан хиш ду. Къилбан а, йуккъера а республикин дакъош дӀалоцу Йоккхачу Кавказан лаьмнаша а, ломан кӀажоша а, къилбаседехьа йолало Каспийнйистан аре.

Эркаш

Республикин йуккъерачу декъехула чекхдолу эркаш Терк а, ГӀой-хи а. ДегӀастахь ду 6255 эрк (царна йукъахь 25 км дохалла долу, 100 кв.км хи гулдаран майда йолу, 100 коьртаниг, 185 кегийра а, 5900 сов чӀогӀа кегийра а), царех уггаре даккхийнаш ду Терк, ГӀой-хи, Самур, Рубас геннашца[12]. Дерриг эркаш Каспий-хӀордан бассейнера ду, амма хӀордах кхеташ 20 бен дац.

ДегӀастанан къилбаседе климат йекъа хиларна эркашца къиен йу. Долу эркаш а аьхка леладо хи дуьллуш, тӀаккха уьш хӀордах ца кхета[13].

Уггаре дукха хи долуш ду ломан эркаш, хи чехка хиларна уьш Ӏай а гӀуора ца до, церан амалехь ду дикка алсама хи хилар а, йаккхий охьенаш а[13].

Самур ДегӀастанахь шен барамца шолгӀа эрк ду. Цуьнан майда 7,3 эз. км² йу. Хьост ду ДегӀастанан Рутулан кӀоштахь. Каспий-хӀорд чукхетачу меттигехь Самур геннашна декъа а лой дельта до. Эрк тӀаьхь а, цуьнан коьрта геннаш тӀаьхь а кхоъ ГЭС йан план йу. Самуран хиш иштта леладо йалташна хи дуьллуш: эрк чуьра долу Азербайджанан лулахь долу (Самур-Апшеронан татол) Къилба ДегӀастанан хи дуьллу татолаш (Самур-Дербентан татол)[13].

ГӀой-хи кхоллало ГӀазгӀумкийн ГӀой-хи, ЖӀайхойн ГӀой-хи, Ӏаьндийн ГӀой-хи цхьаьна а кхетий, ткъа уьш схьадовлу Йоккхачу Кавказан лаьмнашкахь. Цуьнан бассейнан майда йу 15,2 эз. км². ГӀой-хино ло ДегӀастанан йерриг гидроэнергоресурсех ах ресурсаш, кхунна тӀаьхь йу Чиркейн ГЭС, Миатлин ГЭС, Гельбахан ГЭС, Чирюртан ГЭС-1, Чирюртан ГЭС-2.

Ӏаьмнаш

Рельеф

Сари-ГӀум барханан гӀамаран оьланаш
Салтин Ӏин (Салти), ДегӀаста, 1904 шеран апрель

ДегӀастанан орографи ша кепара йу: лаьмнийн кӀажойн 245 километр аса гӀоьрта пурх долчу даккъех, цара гуо бо доккхачу Ӏадца Чоьхьара ДегӀастанан. Коьрта ши эрк арадолу лаьмнашкара — Сулак къилбаседехьа, Самур къилбехьа. Ломан ДегӀастанан Ӏаламан дозанаш ду: Лайн а, Ишхеш а даккъаш — ГӀой-хин доккхачу Ӏине кхаччалц ду, Гимрин, Хьаннийн, Кокма, Джуфудаг, Ярудаг даккъаш — ГӀой-хин а, Самуран бассейнан а йуккъехь ду, Коьрта Кавказан дукъ — шине а бассейнан къилба-малхбузехьа ду[15].

Чоьхьара ДегӀаста, шеен рогӀехь, йекъало йуккъера лаьмнийн, акъари кепара кӀошт а, альпийн, лекха лаьмнийн кӀошт а[16].

Лаьмнаша дӀалоцу 25,5 эз. км² майда, ткъа ДегӀастанан берриг мехкан йуккъера локхалла йу 960 м. Уггаре лекха лам — Базардюзю (4466 м). ДегӀастанан лаьмнаш ден породаш, цӀеххьана къаьсташ йу. Коьртаниш царех — Ӏаьржа а, саз-латта кепара а сланцаш, чӀогӀа доломит долуш а, гӀийла щелоч долуш а кира маьӀданаш, ткъа иштта гӀамаран тӀулг а. Сланцийн даккъаш ду Лайн дукъ Дукълуо-Ломаца (4285 м), Богоссан дукъ Адалла-Шухгельмеэр (4151 м) бохьца, Шалиб Дюльтыдаг (4127 м) бохьца[17].

Каспийн бердйист а, Теркан-Куман а, Теркан-ГӀойхин тогӀен а аренийн доккхаха долу дакъа лаьтта дуьненан океанан тӀегӀанал 27 м лахахь[18].

Климат

ДегӀастанан къилбаседехьарачу а, йуккъерачу а декъера климат йу барамера континенталан а, йекъа а[19].

ДегӀаста йекъна кхаа лаьттан-климатан зонашка:

  • ломан — 850 (1000) м лакхе (майда 2,12 млн.га йа 39,9 % мехках)
  • ломан кӀажошкара — 150 (200) - 850 (1000) м (майда 0,84 млн.га йа 16 % мехках)
  • аренан — −28 - 150 (200) м (2,35 млн.га йа 43,3 % мехках)[20].

Январан йуккъера температураш +4 °C чӀожашкахь, −11 °C лекха лаьмнашкахь, июлан температура +30 °C чӀажашкахь, +8 °C лекха лаьмнашкахь. Шеран йочанаш хуьлу, Ӏай 200—300 мм, аьхка 600—800 мм[21].

Вегетацин мур бу 200—240 де[22].

Сахьтан аса

МСК (москохан хан)

Дагестан лаьтта сахьтан асанехь МСК (москохан хан). UTC хан дӀасататтар хуьлу +3:00[23].

Ораматаш

ДегӀаста географин агӀора йекъало ломан кӀажошкара, ломан, лекха ломан физикин-географин асанашна, хӀоранна а царна чохь йу тайп-тайпана ораматаш. ДегӀастахь йолу 4500 гергга кепара лакхара ораматаш, царех 1100 эндемикаш[24]. Аренашкахь коьртаниг ахгӀум-аренан ораматаш йовлу. Ломан кӀажошкара асанехь (600 м лакхара) баьржина байнаш а, хьаннаш а. Субальпийн а, альпийн а байнаш тӀаьхь алсама йу овсяница, клевер, астрагал, скабиоза, горечавка, кхин а бецаш. 3200—3600 м лакхахь алсама йу кӀорсамаш а, шело ловш йолу ораматаш а[25].

Истори

Историн областаш

ДегӀаста даиман а йекъалора историн-географин областашка: ЖӀайхойн мохк, Кайтаг, ГӀумкийчоь, Табасаран.

Палеолит

ДегӀастанан махкахь нах баьхна 2 миллион шо гергга хьалха: ХӀордйистан ДегӀастара хӀуттийла Рубас-1 (2,2—2,3 млн шо хьалха)[26], Айникаб 1-2, Мухкай 1, Мухкай 2 хӀуттийлин чкъор 80 (1,8 млн шо хьалха), Мухкай 2 чкъор 129 (2,5 - 1,9 млн шо хьалха)[27][28], Гегалашур 1-3, Ругуджа[29], Урма-1[30]. Ах миллион шо сов ду Дарвагчай эрк тӀиерачу хӀуттийлан[31].

Антикалла

Кавказан Албани вайн эра долалуш. Батлер Самуэлан «Классикан а, антикан а географин атлас», XIX бӀешо.
Мемориалан комплекс «Ватан» — лерина ДегӀастахойн историн турпалаллин — Надир-шахан эскарш 1741 ш. Андалалехь эшорна, цунах хилира цхьанакхетна ницкъан а, цхьаьнатоьхна ницкъаш духар ца хиларан а ДегӀастанан къаьмнийн символ

Вайн эра долалуш таханлера ДегӀастанан дакъа дара Кавказан Албанин йукъахь.

Йуккъера бӀешераш

КӀошташ

Муниципалан кӀоштБахархойЛуьсталла, адам./км²Административан шахьар
1Агулийн кӀошт10 64714э. ТипагӀ
2Акхушан кӀошт52 46484э. Акхуша
3АхцахӀан кӀошт31 62229э. АхцахӀ
4Бабаюртан кӀошт45 07314э. Бабаюрт
5БежтӀан дакъа950017э. БежтӀа
6Ботлихан кӀошт53 40877,2э. Ботлих
7Шури-ГӀалин кӀошт72 76140гӀ. Шури-ГӀала
8Харгабин кӀошт19 22552э. Харгаби
9Гумбетан кӀошт18 48225э. Мехельта
10ГӀунибан кӀошт25 63342э. ГӀуниб
11Дахадаевн кӀошт37 43925э. Уркарах
12Дербентан кӀошт93 282113,4гӀ. Дербент
13Докузпарин кӀошт14 90633э. Усухчай
14Казбековн кӀошт41 92775э. Дылым
15Кайтаган кӀошт34 63551э. Маджалис
16Кхарабудахкентан кӀошт71 91350э. Кхарабудахкент
17Кхаякентан кӀошт55 32387э. Керла-Кхаякент
18Кизилюртан кӀошт80 450150гӀ. Кизилюрт
19ГӀизларан кӀошт65 96621гӀ. ГӀизлар
20Кулин кӀошт10 23216э. Вачи
21Кумторкалан кӀошт23 80418э. Коркмаскала
22Курахан кӀошт14 98920э. Курах
23ГӀазгӀумкийн кӀошт11 95117э. Кумух
24Левашин кӀошт68 71282э. Леваши
25Магарамкентан кӀошт61 18793э. Магарамкент
26НогӀийн кӀошт22 5393э. Терекли-Мектеб
27Рутулан кӀошт21 01811э. Рутул
28Сергокалан кӀошт31 45454э. Сергокала
29Сулейман-Сталан кӀошт56 08183э. Касумкент
30Табасаранан кӀошт54 20568э. Хучни
31Тарумовкан кӀошт31 65411э. Тарумовка
32КӀляратӀан кӀошт23 06915э. КӀляратӀа
33Унсоколон кӀошт28 71051э. Унсоколо
34Хаси-Эвлан кӀошт140 387100гӀ. Хаси-Эвл
35Хиван кӀошт19 97932э. Хив
36Хунзахан кӀошт30 70256э. Хунзах
37ЦӀумадан кӀошт22 68321э. Агвали
38ЦӀунтӀан кӀошт17 88914э. Кидеро
39ЧӀарадан кӀошт11 34011э. ЦӀуриб
40Шемалан кӀошт25 97029э. Хебда
41Ӏовхойн кӀошт27 367126э. Бони-Эвла
42Ӏахвахойн кӀошт21 32673э. Карата

ГӀаланаш

ГӀаланаш200620072008
ХIинжа-ГIала49 80149 80146 813
Шури-ГӀала209520952095
Дагестански Огни927927927
Дербент710071006963
Избербаш229222922255
Каспийск329432943294
Кизилюрт237023702370
ГӀизлар323132313231
Хаси-Эвл384838483848
Южно-Сухокумск917091709170

Билгалдахарш

Комментареш


  • 1 2 Историческая карта Грузинского царства и соседних территорий
  • [Armenia, Colchis, Iberia, Albania, Etc.jpg]
  • Происхождение Хунз.
  • 1 2 Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь / Отв. ред. P. A. Агеева. — М.: Русские словари, 1998. — С. 130. — ISBN 5-89216-029-7.
  • Хазары: Миф и история. /Редколлегия: А. К. Аликберов, Т. М. Калинина, Т. М. Мастюгина, В. В. Наумкин, Е. Э. Носенко-Штейн (редактор-составитель), В. Я. Петрухин (редактор-составитель), В. С. Флёров, Р. Я. Эмануилов. Гешарим/Иерусалим — Мосты культуры/Москва, 2010.
  • В.В. Бартольд. Сочинения. — Наука, 1965. — Т. 3. — С. 408.
  • Республика Дагестан. Архивйина 2007 шеран 28 апрелехь Архивйина 2007-04-28 — Wayback Machine
  • 1 2 3 Климат &124; Туризм в Дагестане. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 24 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 25 сентябрехь
  • Берг Л.С. Рыбы пресных вод СССР и сопредельных стран. — М.—Л., 1948. — Т. 1. — С. 254. — 466 с.
  • География ДегӀастанан. www.babochki-kavkaza.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май.
  • География и природа ДегӀастанан. www.e-dag.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май. Архивйина 2020-10-24 — Wayback Machine
  • О Дагестане. www.prd23.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май. Архивйина 2019-05-08 — Wayback Machine
  • ДАГЕСТАН • Большая российская энциклопедия - электронная версия. bigenc.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май.
  • Географическое расположение, рельеф и климат ДегӀастанан. www.dagestanrsp.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май. Архивйина 2015-09-26 — Wayback Machine
  • Диссертация: Приёмы увеличения мощности панотнозо слоя каменистый почв речных долин Приморской низменности Дагестана. Архивйина 2010 шеран 8 январехь Архивйина 2010-01-08 — Wayback Machine
  • БОЛЬШАЯ СТРАНА :: РЕСПУБЛИКА ДАГЕСТАН
  • Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху География и природа Дагестана тIетовжаран йоза йаздина дац
  • Федеральный закон от 03.06.2011 № 107-ФЗ «Об исчислении времени», статья 5 (2011 шеран 3 июнь).
  • Природа ДегӀастанан. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май.
  • Республика ДегӀаста Географическая Карта (инг.). instructionstone. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 8 май.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  • Деревянко А. П., Анойкин А. А., Казанский А. Ю., Матасова Г. Г. Новые данные по обоснованию возраста раннепалеолитического комплекса артефактов местонахождения Рубас-1 (Приморский Дагестан) // Известия Алтайского государственного университета. Выпуск № 3 (87) / том 2 / 2015.
  • Ожерельев Д. В. Культурно-хронологическое определение каменных находок из слоя 129 многослойной раннепалеолитической стоянки Мухкай II. Краткие сообщения Института археологии. Вып. 241 (2015)
  • Чепалыга А. Л., Амирханов Х. А., Садчикова Т. А., Трубихин В. М., Пирогов А. Н. Геоархеология олдувайских стоянок горного Дагестана. Бюллетень Комиссии по изучению четвертичного периода. № 72. Москва. ГЕОС. 2013. — С. 73-94.
  • По Дагестану два миллиона лет назад бродили хомо эректус. Архивйина 2013 шеран 20 декабрехь (Амирханов Хизрин интервью)
  • Амирханов Х. А., Мащенко Е. Н. Урма 1 — местонахождение раннего плейстоцена в Центральном Дагестане (1.2. Памятник Урма-1) // Stratum Plus, 2012
  • Ильская стоянка на Кубани
  • Хьост — «https:https://www.search.com.vn/wiki/index.php?lang=ce&q=ДегӀаста&oldid=10313012»
    🔥 Top keywords: Категори:Википеди:Байлахь йисина агӀонаш/бо0ТеркКоьрта агӀо.neВикипеди:ФорумГӀирс:Керла нисдаршВикипеди:Администраторийн форумВикипеди:Йукъараллин ковВикипеди:Цуьнах лаьцнаВикипеди:ГӀоШолгӀа дуьненан тӀомПалм-Бич (гуо, Флорида)Ков:Карара хилларшОкичоби (гуо, Флорида)Ахмадов, Муса МагомедовичБисултанов, Апти ДибаевичВикипедиГӀирс:ЛахарВикипеди:File Upload WizardНохчийн моттТоронто (Огайо)Бадуев, СаьӀид СулеймановичMediaWiki:Group-autoeditorРоссиСулаев, Магомет АбуевичГай Юлий ЦезарьМамакаев, Мохьмад АмаевичНохчийчоьВиравулДанвилл (Калифорни)Кеп:НБМ-Иран/docХӀиндиИнгалсан моттДуров ПавелБеркаберАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташФольклорЙоккха БританиКатегори:Short description matches Wikidata