Кавказан раса

Кавказан ра́са (кхин а олу евразийн[1][2] йа Европин) — Сийлахь-Йаккхий географин къайленаш елларан мур кхачале Европехь, Хьалхарчу Азехь, Къилбаседа Африкехь, маьӀ-маьӀӀехь Йуккъерчу Азехь, Къилбаседа а, Йуккъерчу а ХӀиндехь йаьржина йолу раса; тӀаьхьа — йерриг нах бехачу континенташкахь. ЧӀогӀа шуьйра кавказан раса охьахиира Къилбаседа Америкехь а, Къилба Америкехь а, Къилба Африкехь а, Австралехь а[3]. Дуьнен тӀехь уггар йоккха раса йу (дуьненан 40% гергга бахархой)[4].

Амале сипташ

Амале сипташ йукъадогӀу, уггар хьалха, ортогнатан юьхь, иза хаъал хьалхайолу анасизан экъанехь. Месаш нийса йа хьийзина, дукхах дерг кӀеда (масала къилбаседахойн), бӀаьргаш шуьйра ду, мара йуккъера барамера йа чӀогӀа боккха лекха дукъ долуш, балдаш дуткъа йа барамехь стомма, чӀогӀа йа йуккъера барамехь йуьхь йа дегӀан тӀаьхь чо бахбаларан. Шуьйра тӀара а, ког а. ЦӀуокан бос, месаш а, бӀаьргаш а бес-бесара: къилбаседа тобан чӀогӀа сирла, ткъа къилбан а, малхбален а популяцийн чӀогӀа Ӏаьржа[5].

Бухара тобанаш

Европера сирлачу аматерниш географин бекъабалар.
1 % кӀезиг,
1 — 19 %,
20 — 49 %,
50 — 79 %,
80 — 100 %

Ширачу типологин классификацин йукъайогӀу нордийн, йуккъерахӀордан, динаран, фалийн, альпийн, малхбален-балтийн, лаппоноидан, кхин а бухара тобанаш (йоьзна авторан классификацех).


Европера историн хьалхарчу муьрехь, хила тарло, кхин а бухара расаш хилла хилар. Иштта, тӀаьххьара ша банле Къилбаседа Африкехь баьхна мехтоидаш, уьш тера бу лакхарчу палеолитан муьрерчу европин кроманоидех.

Малхбузен, Йуккъера, Къилба Европехь а, Къилбаседан Африкехь а:

  • Нордидаш
  • Альпийн тайпа
  • Фалийн тайпа
  • Балкана-кавказан раса
  • Динаран тайпа
  • ЙуккъерахӀордан раса
  • Ориенталан раса
  • Борребю
  • Брюнн
  • Понтийн бухара тайпа

Малхбален Европехь а, Азехь а:

  • Нордидаш
  • КӀайнхӀордан-балтийн раса
  • Малхбален-балтий тайпа
  • Балкана-кавказан раса
  • Каспийн бухара тайпа
  • Понтийн бухара тайпа
  • Динаран тайпа
  • Эрмлойн тайпа
  • Ориенталан раса
  • Альпийн тайпа
  • Кавказийн тайпа
  • Памира-ферганан раса


Схьабовлар

Кавказан раса таханлерачу вариантехь хилла йаьлла голоценал тӀаьхьа[6].

Уггар тарлуш долу хетарг ду, йоккхачу кавказан расин коьрта масса схьайаьлла ареал, цхьайолу къилба-малхбузен Азин, ткъа иштта Къилба Европин а, къилбаседа Африкин кӀошташ, шуьйрачу областан йукъахь хилар. Кавказоидин дайн ареал, хила тарлуш йу, цхьайолу Хьалхарчу Азин ломан кӀажойн амал йолу областаш а, ткъа иштта, маьӀ-маьӀӀехь ЙуккъерахӀордан йисттера йекъа кӀошташ. Кхузара кавказоидийн дайн аьтту бара баржа массо а агӀонашка, тӀехь-тӀехьа дӀалоцуш йерриг Европа а, къилбаседа Африка а[7].

Европин бахархойн сийна бӀаьргаш шуьйра баьржина бара мезолитан муьрерчу таллархойн-лахьорхойн а, амма цӀуокан сирлачу пигментацех жоп луш йолу ген, чӀагӀъелира 100%-ан декъехь борзан бӀешарахь[8].

Кавказоидашна йукъахь къаьста ши га — къилбаседан а, къилбан а. Царна йукъара башхаллаш хьакхало коьртаниг цӀоукан пигментацех, бӀаьргех, месех. Оцу шина генна йукъахь деха йуккъера меттиг йолу къаьмнаш. Советийн этнограф а, историн Ӏилманийн доктор а волчу Н. Н. Чебоксаровс 30-гӀачу шерашкахь йийцира шен ойла, къилбан кавказоидаш, йукъара варианташ а, къилбаседан кавказоидаш йуьхьанца дуьйна таьӀна-пигмент йолу бахархойн тӀаьххьарчу депигментацин жамӀ гойту. Къилбан кавказоидаш лаьтта схьабовларан тайпана уллехь, къилбаседачарал[9].

Терминийн истори

Кавказан раса

Кавказан раса (лат. Varietas Caucasia) — термин кховдийна немцойн антрополого Блуменбах Фридриха XVIII бӀешарахь. Блуменбах царна йукъатоьхна Европин къаьмнаш (финнаш, мажарой, туркой боцурш), ткъа иштта къилбан а, хьалхарчу а Азин, къилбаседа а, къилбаседа-малхбален а Африкин бахархой[10]. ЦӀе схьайаьлла, Блуменбаха Кавказ адам схьадаьлла меттиг лорундела[11][12][13][14].

Таханлерачу Ӏилманан хета адам Кавказера схьадаьлла бохуш йолу Блуменбахан гипотеза («эстетикан» бух тӀехь йолу) харц, хӀунда аьлча, адам тайпана Homo, ткъа иштта таханлерачу тайпана Homo sapiens схьадалар Африка хета.

Тахана термин Caucasian ингалсан маттахь чӀагӀделла официалан термин хилла кавказоидаш билгалбеш (масала, лелайо раса билгалйоккхуш IAFD хаамийн базехь).

Европеоидаш

Ӏилманан термин «европеоид» (инг. Europoid[15], нем. Europide[16]) кхоьллина шина дашах «европа» а, суффикс «-оид» а, цуьнан маьӀна «тера» бохург ду.

ЙуккъерахӀордан раса

XIX бӀешарахь иэдарах лардархьама немцойн талламхочо Ф. Мюллера кховдийра кхин термин — йуккъерахӀордан раса (нем. Mittelländische Rasse), хӀунда аьлча, цунна йукъара къаьмнаш кхаьчнера шайн кхиарехь лакхарчу тӀегӀане Дуьненайукъара хӀордан бердашца. И термин оцу хенахь тӀеийцира дукхаха болчу этнологаша (Пешель, Гельвальд, кхечара а), XIX бӀешо чекхдолуш аратеттира Ӏилманан белхашкахь Блуменбаха термин[12], амма хӀинца оцу маьӀнехь лелайо кхин а йоккхачу хӀиндо-йуккъерахӀордан расан доккха декъан маьӀнехь[17].


Билгалдахарш

Хьажоргаш