Либерализм

Либерализм (латинан маттахь liberalis «маьрша») — адамийн бакъонаш хьашар а ца магдеш болу философин а, йукъараллин-политикин а болам бу[1]. Либерализмо адаман бакъо массо а хӀуманал лакхайоккху, адам йукъараллах дозуш а доцуш[2].

Халкъан коьртехь йолу бакъо, Фердинан Виктор Эжен Делакруа, 1830 шо.

Либерализмехь уггаре дозалла долу хӀума- хӀора адаман бакъонаш а, паргӀато а ю. Уьш йукъараллин а, экономикин а низаман лард санна дӀахӀоттабо цо.

Либерализм- дино а, Ӏадато а, пачхьалкхо а тоьхна дозанийн кӀелхьара вала лаам бу, иштта адаман а, йукъараллин а бакъонаш юкъайогӀу реформаш ян гӀертар ду[3].

Цу хьокъехь пачхьалкхан а, килсан а йукъараллин дахаран Ӏаткъам баран таронаш конституцица йихкина ю. Либерализман уггаре лакхара маршо санна къобал а йеш ю: дешан бакъо (гуш-хезаш къамел дар), эхь-бехкан бакъо (дин пачхьалкхан Ӏедалах къастор а, дуьненан йукъаралла а), тешамечу а, маьршачу а харжамашкахь дакъалацаран бакъо а.

Экономикин агӀорхьара либерализман принципаш ю:  стеган хӀусаман тӀецакховдар а, йохк-эцаран а, бизнесан а бакъо а[4][5][6][7][8].

Хьостанаш