Макродакъалгаш
Биологин ладаме дакъалгаш (биологин инертан дакъаогашна дуьхьала) — химин дакъалгаш, оьшу дийна организмашна дика гӀоранна.
Организмехь гӀора латтош долу дакъалгаш, классификаци йо тайп-тайпана хьесапашца — организмехь хиларца, иэшаран тӀегӀанца, биологин ролаца, хьесийн спецификца, кхин а.[1] Адаман а, кхечу декха дийнатийн дегӀехь долу дакъалгашка декъало:
- макродакъалгашка (процентан бӀенаш дакъош а, сов а);
- микродакъалгашка (процентан бӀеэзар тӀера эзар декъе кхаччалц);
- ультрамикродакъалгаш (поцентан миллионан дакъа а, кхин кӀезиг а)[1][2][3][4].
Цхьацца авторша доза доккху оцу тайпанашна йукъахь концентрацин кхечу хьесапашца[5][6][7]. Иногда ультрамикроэлементы не отделяют от микроэлементов[5].
Макродакъалгаш
Оцу дакъалгаш буьллу организмийн бух. Хан тоьхначу стеган организмехь ладаме барам баллар, иттаннаш гамм (хлор, магний) иттаннаш кийла кхаччалц (кислород, углерод); кхечу дешнашца, макродакъалгаш олу массо а биодакъалгех, организмехь 0,1 % дегӀан массел сов йелахь[8].
Меженийнгенийн дакъалгаш
Коьрта дакъа клеткийн массан лаьтта 4 дакъалгах[9] (гайтина уьш адаман дегӀехь латтар)[10]:
Оцу макродакъолгех олу меженийнгенийн дакъалгаш [комм. 1][8] йа макронутриенташ (инг. macronutrient)[комм. 2]. Алсама царех хӀиттина белокаш, махьарш, углеводаш, нуклеинан мусталлаш, дуккху а кхин органикин хӀуманаша. Наггахь и йиъ дакъалго билгал йоккху CHNO акронимца, иза лаьтта Менделеевн таблицера билгалонех.
Кхин макродакъалгаш
Лахахь дагардина кхин макродакъалгаш[1], уьш адаман дегӀехь хилар[10][14].
- Кальций — 1,7 %
- Фосфор — 1,25 %
- Калий — 0,25 %
- Саьнгал — 0,3 %
- Натрий — 0,2 %
- Хлор — 0,2 %
- Магний — 0,05 %
Микродакъалгаш
Билгалдахарш
- Комментареш
- Хьосташ
Литература
- Ultratrace minerals. Authors: Nielsen, Forrest H. USDA, ARS Source: Modern nutrition in health and disease / editors, Maurice E. Shils … et al.. Baltimore: Williams & Wilkins, c 1999., p. 283—303. Issue Date: 1999.
- Авцын А. П., Жаворонков А. А., Риш М. А., Строчкова Л. С. Микроэлементозы человека. — М.: Медицина, 1991. — С. 16. — 496 с. — ISBN 5-225-02128-X.
- Скальный А. В., Рудаков И. А. Биоэлементы в медицине. — Оникс 21 век, Мир, 2004. — С. 18—19. — 272 с. — ISBN 5-329-00930-8.