Нажи-Йуьртан кӀошт


Нажи-Йуьртан кӀошт[4]Российн Федерацин Нохчийн Республикин йукъара административан-мехкан дакъа а, муниципалан кхоллам (муниципалан кӀошт) а.

Муниципалан кӀошт
Нажи-Йуьртан кӀошт
43°05′45″ къ. ш. 46°22′35″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
ЙукъайодуНохчийчоь Нохчийчоь
Цунна йукъайоду22 муниципалан кхоллам
Адм. центрНажи-Йурт
КӀоштан администрацин кортаМузуруев Асланбек Гапайевич
КӀоштан кхеташонан председательСелимханов Султан Абдуллаевич
Истори а, географи а
Кхоллар1923
Латта

628,81 км²

  • (3,89 %, 12-гӀа меттиг)
Сахьтан асаMSK (UTC+3)
Бахархой
Бахархой

61 466[3] стаг (2020)

  • (4,16 % %, 10-гӀа меттиг)
Луьсталла97,9 стаг/км² (12-гӀа меттиг)
Къаьмнийн хӀоттамнохчий
Динан хӀоттамбусулба-суннийш
Официалан меттанашнохчийн оьрсийн
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код+7 87148
Автомобилан код20, 95
Официалан сайт
Нажи-Йуьртан кӀошт картин тӀехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Административан йукъ — Нажи-Йурт.

Географи

Муниципалан кӀошт лаьтта Нохчийчоьнан малхбален декъехь, ломан кӀажошкара лаьмнашка дехьадовларан зонехь . Доза ду малхбалехь а, къилбехахь а — ДегӀастанца, къилбаседехьГуьмсан кӀоштаца, малхбузехьВеданан а, Курчалойн а кӀошташца.

КӀоштан лаьттан майда ю — 628,81[5] км².

Климат барамера, йочанийн юккъера барам хуьлу шарахь 500 мм гергга.

Истори

Нажи-Йуьртан кӀошт кхоьллира Нохчийн областан кхочушдаран комитетан Сацамца Веданан гуонан хиллачу 2-гӀачу декъах 1923 шеран 30 мартехь.

1925 шеран 14 сентябрехь Нажи-Йуьртан гуонан цӀе хийцира Йаьссин аьлла, оццу шеран 3 октябрехь Йаьссин гуонан кхин цӀе тиллира Сесанан аьлла. 1926 шеран 8 мартехь Сесанан гуонан цӀе юха а хийцира Нажи-Йуьртан гуо аьлла.

ССРС Лакхара Советан Президиуман омарца 1944 шеран 7 мартехь, нохчий махкаха баьхначу заманахь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхира, Нажи-Йуьртан кӀоштан цӀе хийцира Ӏандалалан аьлла, дӀайелира ДегӀастанан АССР йукъа.

1957 шеран 9 январехь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттош, Ӏандалалан кӀошт юхаерзийра республикин йукъа. Оццу шеран 10 апрелехь цуьнан цӀе хийцина шира цӀе юхаерзийра, Нажи-Йуьртан кӀошт аьлла[6].

Бахархой

Бахархойн дукхалла
2002[7]20062009[8]2010[9]2012[10]2013[11]2014[12]
40 54238 26646 39149 44551 15052 34653 821
2015[13]2016[14]2017[15]2018[16]2019[17]2020[3]
54 98056 29657 76259 16460 45861 466


Къоман хӀоттам

2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран хаамашца[18]:

КъамБарам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
нохчий48 38497,85 %
оьрсий3440,70 %
жӀай2290,46 %
кхин берш3700,75 %
ца гайтина я ца аьлла1180,24 %
берриш49 445100,00 %

КӀоштахь беха дукха нохчийн тайпанийн векалш, уггаре дукханаш царех — Ӏалларой, Беной, Билтой, Гендаргной, ГӀордалой, Зандакъой, Сесаной, ЦӀонтарой, Шоной, Энганой.

Муниципалан-мехкан хӀоттам

1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
Нажи-Йуьртан кӀоштан муниципалан кхолламаш

Нажи-Йуьртан кӀоштана йукъабоьду 22 муниципалан кхоллам йуьртан меттиг статусца[19]

Йуьртан меттигЙукъЭвланашБахархойМайда
Айти-МехканАйти-Мохк11902[3]13,77[20]
ӀаларинӀалара52977[3]65,18[20]
БайтаркенБайтарке22633[3]16,44[20]
БуланхитӀинБуланхитӀа11657[3]11,58[20]
Беной-ВедананБеной-Ведана23358[3]29,05[20]
БенанБена96613[3]59,00[20]
ГӀалайтӀинГӀалайтӀе12371[3]18,86[20]
ГендарганинГендаргана21631[3]34,54[20]
ГилнинГилна11590[3]22,46[20]
ГӀоьрдалинГӀоьрдала4977[3]38,40[20]
ДаьттахинДаьттаха32756[3]70,47[20]
Замай-ЙуьртанЗамай-Йурт12018[3]16,72[20]
ЗандакъанЗандакъ15773[3]37,35[20]
МескитинМескита46239[3]35,65[20]
Нажи-ЙуьртанНажи-Йурт310 052[3]69,50[20]
РогӀа-КӀажинРогӀа-КӀажа41448[3]10,17[20]
СесананСесана11409[3]14,47[20]
СимсаринСимсара12103[3]12,87[20]
ЦӀоьнтаринЦӀоьнтара1366[3]18,40[20]
Шовхала-БерданШовхала-Берд31682[3]9,05[20]
ШоьнинШоьна2566[3]8,00[20]
ЭнганинЭнгана11345[3]17,00[20]

Эвланаш

Нажи-Йуьртан кӀоштахь 53 эвла йу.

Нах беха меттигаш
Нах беха меттигТайпаБахархойЙуьртан
меттиг
1 Айти-Мохк эвла 1902[3] Айти-Мехкан
2 Ӏалара эвла 1085[9] Ӏаларин
3 Ӏалхан-КӀотар эвла 898[9] Бенан
4 Байтарке эвла 1660[9] Байтаркен
5 БуланхитӀа эвла 1657[3] БуланхитӀин
6 Бас-ГӀоьрдала эвла 155[9] ГӀоьрдалин
7 Бена эвла 1216[9] Бенан
8 Беной-Ведана эвла 2391[9] Беной-Веданан
9 Бетт-Махка эвла 955[9] Мескитин
10 Бешал-Ирзе эвла 261[9] Шовхала-Бердан
11 Билта эвла 305[9] РогӀа-КӀажин
12 БулгӀат-Ирзе эвла 1059[9] Даьттахин
13 ГӀалайтӀе эвла 2371[3] ГӀалайтӀен
14 ГӀансолчу эвла 225[9] Ӏаларин
15 Гендаргана эвла 689[9] Гендарганин
16 Гилна эвла 1590[3] Гилнин
17 ГӀоьрдала эвла 586[9] ГӀоьрдалин
18 Гуьржи-Мохк эвла 826[9] Бенан
19 Даьттаха эвла 911[9] Даьттахин
20 Девлатби-Отар эвла 200[9] Шовхала-Бердан
21 Денги-Йурт эвла 475[9] Бенан
22 Замай-Йурт эвла 2018[3] Замай-Йуьртан
23 Зандакъ эвла 5773[3] Зандакъан
24 Зандакъ-Ара эвла 706[9] Гендарганин
25 Ӏиса-Йурт эвла 112[9] Ӏаларин
26 Ишхой-Отар эвла 205[9] РогӀа-КӀажин
27 Коьран-Бена эвла 368[9] Бенан
28 Лоьма-КӀорца эвла 188[9] Беной-Веданан
29 МоӀси-КӀотар эвла 48[9] ГӀоьрдалин
30 Чари-Мохк эвла 267[9] Шоьнин
31 Мескита эвла 3447[9] Мескитин
32 МехкаштӀехьа эвла 181[9] Нажи-Йуьртан
33 Керла Замай-Йурт эвла 137[9] Мескитин
34 Нажи-Йурт эвла 6744[9] Нажи-Йуьртан
35 Ӏожи-Йурт эвла 275[9] Бенан
36 Оьси-Йурт эвла 358[9] Бенан
37 Пхьача эвла 281[9] Бенан
38 РогӀа-КӀажа эвла 367[9] РогӀа-КӀажин
39 Сесана эвла 1409[3] Сесанин
40 Симсара эвла 2103[3] Симсарин
41 СоврагӀа эвла 105[9] Ӏаларин
42 СогунтӀа эвла 498[9] Мескитин
43 Стерч-Керчашка эвла 580[9] Бенан
44 Татай-Отар эвла 537[9] Байтаркен
45 ТӀуртӀи-КӀотар эвла 376[9] Ӏаларин
46 Хьашти-Мохк эвла 40[9] ГӀоьрдалин
47 Хьочи-Ара эвла 323[9] РогӀа-КӀажин
48 ЦӀоьнтара эвла 366[3] ЦӀоьнтарин
49 Чеччалхе эвла 284[9] Даьттахин
50 Чуьрча-Ирзе эвла 1061[9] Нажи-Йуьртан
51 Шовхала-Берд эвла 840[9] Шовхала-Бердан
52 Шоьна эвла 193[9] Шоьнин
53 Энгана эвла 1345[3] Энганин

КӀоштан нах бехачу меттигийн йукъара карта

Нах бехачу меттигийн бахархойн барам:
20 000 сов вахархо
10 000—15 000 вахархо
5000—10 000 вахархо
1000—5000 вахархо
500—1000 вахархо
Менее 500 вахархо

Билгалдахарш

Хьажа кхин а

Хьажоргаш