ГӀалгӀайчоь
Респу́блика ГӀалгӀа́йчоь (гӀалгӀ. ГӀалгӏай Мохк; йоцца цӀе: ГӀалгӀайчоь гӀалгӀ. ГӀалгӏайче) — Российн Федерацин субъект, Российн Федерацин йукъара республика[2]. Къилбаседа-Кавказан федералан гуонан йукъайоьду, Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа ду.
Республика (пачхьалкх) | |
ГӀалгӀайчоь | |
---|---|
гӀалгӀ. ГӀалгӀайче | |
Гимн Ингушетии[d] | |
43°12′ къ. ш. 45°00′ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Адм. центр | МагIас |
Корта | Махмуд-Али Макшарипович Калиматов[d] |
Истори а, географи а | |
Кхоллар | 1992 шеран 4 июнь |
Латта |
|
Сахьтан аса | MSD[d], Европа/Москох[d][1], UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой |
|
Идентификаторан терахьаш | |
Код ISO 3166-2 | RU-IN |
Официалан сайт(оьр.) | |
Медиафайлаш Викилармехь |
Арахьара аудиофайлаш | |
---|---|
Республика ГӀалгӀайчоьнан хӀост (Инс.) Файл:Гимн Республики ГӀалгӀайчоь.ogg | |
Республика ГӀалгӀайчоьнан Шатлакхан илли (Инг.) |
Коьрта шахьар — МагӀас гӀала.
Малхбузехьа доза ду Къилбаседа ХӀирийчоьнца, малхбалехьа — Нохчийн Республикица, къилбехьа — Республика Гуьржийчоьнан Мцхета-Мтианети, мехкаца, циггахь ду Российн Федерацин Российн пачхьалкхан дозанан дакъа.
Кхоьллина 1992 шеран 4 июнехь.
Майданца Российн Федерацин уггаре жима регион, Федералан маьӀна долу гӀаланаш ца лаьрчи.
Этимологи
Республикин цӀе схьайолу нохчийн а, гӀалгӀайн а меттанашкара къоман гӀалгӀай цӀарах (ткъа оьрсийн цӀе схьайаьлла гӀалгӀайн Ангушт эвлан тӀе гуьржийн суффикса -ети тоьхна, тӀаккха нисло «гӀалгӀай беха меттиг»). И этноним йаьржина XVIII бӀешарахь. Къомо шайх ГӀалгӀай олу (ГӀалгӏай)[3]. Цхьацца талламчаша боху гӏалгӏай дешан маьӀна «гӀаланашйархо/бӀаьвнийн бахархой» ду, и версии юзуш, кхечу талламхоша термин гӀалгӀа йоьхку шумерийн меттара Шумеран бахархой билгалбохучу этнонимца[4][5]. Иштта хьахайо ойла делаллера шира гӀалгӀайн делан Гела йа Гала цӀе а[6].
Физикин-географин амал
Географи
ГӀалгӀайчоь лаьтта Йоккха Кавказан дукъан (цуьнан юккъерачу декъехь) къилбаседа басешкахь а, цунах кхетначу кегийра даккъаш тӀехь а, Теркан, Соьлжин, Тархийн. Къилбаседера къилбехьа йахйелла 144 км, малхбузера малхбалехьа — 72 км.
Рельеф
Къилбаседа кӀошташкахь рельеф буц-аренийн ю, къилбехахь — ламанийн, иза лаьтта атагӀиша а, чӀажаша а декъна даккъех. Къилбаседа кӀошташкахь лаьтта Соьлжин а, Ӏалханчуртан атагӀин дакъа, юккъерачу кӀошташкахь — Соьлжа а, Ӏаьсса а эркийн тогӀенаш ю, республикин къилба декъехь Кавказан лаьмнаш ду.
Уггаре лекха лам — Шан-лам (4451 м). Ламанан ГӀалгӀайчоьнан кхин лекха лаьмнаш: ЦӀен-лам (3171 м), Цхьорой-лам (3000 м)[7]. ГӀалгӀайчуьра Кавказан лаьмний дохалла — 150 км.
Сахьтан аса
ГӀалгӀайчоь лаьтта сахьтан асанехь МСК (москохан хан). UTC хан дӀасататтар хуьлу +3:00[8]. |
Климат
Климат континенталан, лекха лаьмнийн; йоьзна хӀордан сизал локхаллех. Январан йуккъера температураш — +3 …+10 °C, июлан — +21…+23 °C. Атмосферин йочанаш — шарахь 1200 мм гергга[9].
Гидрографи
Йуьззина йа дакхошкахь Республика ГӀалгӀайчоьнан махкахь йолу гидрографин объекташ, цхьаьнаэшшара екъна йац, дикка къаьсташ йу шен физикин-географин хьолашца, иза доьзна ду ГӀалгӀайчоьнан рельеф чолхе хиларца — республикин цхьа дакъа дӀалоцу лаьмнаша а, гунаша а, ткъа цхьа дакъа — аренаша а, чутаӀенаша. Рельефо билгалйоккху ГӀалгӀайчоьнан Ӏаламан областаш — къилбехьара къилбаседехьа уьш хийцало лекха ламанан тӀера бай-аренан тӀекхаччалц. Республикин хинан ресурсаш жигара лелайо адаман бахамехь, ткъа иштта гидротехникица тойо — ГӀалгӀайчоьнан къилбаседехьа йу кхиина хиш дохку система.
РФ Пачхьалкхан хинан реестрца ГӀалгӀайчоьнан дерриг эркаш йукъадогӀу Каспий-хӀордан шина эркан йукъан Теркан а, Ийдалан а эркан майданан (терхьийн код — 02), иза йукъайоьду Малхбузен-Каспийн майданан гуонан (терхьийн код — 07). ГӀалгӀайчоьнан правительствон хаамашца, республикин махкахь ю юккъера а, кегийра а эркийн 720 майда, дерриг эркийн цхьаьнатоьхна дохалла 1350 километр сов хуьлу, хӀора квадратан майданна юккъера барам 590 м эркан маша кхочу. И гидрографин гайтам бу РФ Къилбаседа-Кавказан федералан гуонан масштабехь уггаре лакхарчех цхьаъ [10].
- Эркаш
Къилбаседа-Малхбален Кавказан уггаре доккха эрк ду Терк, амма, ГӀалгӀайчухула эрк чекхдолу къилбехьахула жимачу декъехь Къилбаседа ХӀирийчоьнан дозанца (охьадогӀу къилбехьара къилбаседехьа; ЖӀайрахьан кӀошт). ГӀалгӀайчоьнан корта эркаш — Теркан га Соьлжа (коьрта хинан бахаман объект; охьадогӀу малхбузера малхбалехьа; Несаран а, Соьлжин кӀошташ, ткъа иштта гӀалин гуонаш МагӀасан, Несаран, Эльдархан-ГӀалин), Соьлжин га — Ӏаьс-хи (охьадогӀу къилбехьара къилбаседехьа; Соьлжин а, ЖӀайрахьан а кӀошта)[11][10]. ОхьадогӀу кхин а эркаш: Марта, Армхи, Ачалкха, ГӀулой-хи, ХӀутта, ЧемалгӀа, ГӀалми. Эркийн йукъара майда йу 3073 км²[12].
- Чухчариш
- Ляжгера чухчари
- Фуртоугера чухчари
- Эка-чӀожера чухчари
- Шоанин чухчари
Пайден маьӀданаш
Латта а, лаьттан кийра а, кхин Ӏаламан ресурсаш а лелайо, Ӏалашйо Республика ГӀалгӀайчохь шена чохь дехачу къаьмнийн дахаран бух а, гӀуллакх а санна, иза йаздина Республика ГӀалгӀайчоьнан Конституцин 10 йаззамехь[13]. Кхин а, тӀеэцна республикин закон «Лаьттан кийранах лаьцна» (1996 шеран 8 февралехь), цуо билгалдоху, республикин лаьттан кийра геологин талларехь, лелорехь, Ӏалашбарехь кхоллало йукъаметтигаш лело коьрта хьесапаш, ткъа кхин а ламанан маьӀда даккхарехь а, цуьнца йоьзна кечдаран промышленностан а даххаш хӀаллакдар. Кхоьллина Республика ГӀалгӀайчуьра Ӏаламан ресурсийн Комитет, цуо шен бакъонийн дозанашкахь урхалла до ГӀалгӀайчоьнан пачхьалкхан лаьттан кийранан фондана. Билгалдаьккхина маьӀда доллу меттигехь болх бан бакъонан лицензи йаларан низам[14].
Республика ГӀалгӀайчоьнан латтанаш Ӏаьржа, хьена ду. Климат континенталан ю. Ӏаламан-климатан хьолаш дика ду йуьртан бахам кхиорна. Йуьртабахаман латтанаш дӀалоцу 60 % мохк, царех ах латта охана ду[14].
Минералан-аьргаллин база лаьтта мехкдаьтта долу меттигех (теллина промышленностан мехкдаьттан резерв ю 11 млн тонн гергга, прогнозан резерв — 60 млн тонн сов), Ӏаламан газ, мармар, доломиташ, кир-маьӀда-лахьорч, лакхара дикаллин кибирчиган сацкъар-латта, «Боржомин» тайпана термалан дарбанан а, минералан а хиш[9][15] долу меттигех, цӀена ламанан шовданийн хиш. ГӀалгӀайчоьнан лаьттах дохкуш геологашна карийна наггахьлера металлаш. Дагардина минералан аьргаллин тайпанийн балансан резерван юккъера барам, 100—150 шо[14] ду.
Мехкдаьтта а, газ а, ладаме пайден маьӀданаш ду, республикин йагорган-энергетикин комплексан бух бу. Республика ГӀалгӀайчохь мехкдаьтта доккху 1915 шарахь дуьйна, оцу хенахь карийра мехкдаьтта Маьлхбикан кӀоштахь. 1950—60-гӀа шерашкахь мехкдаьтта даккхар цӀеххьана тӀекхийтира лакхара сурсаталлин мехкдаьтта кардар бахьнехь. Мехкдаьтта а, газ а лахаран-талламан, мехкдаьтта доллу меттиг кечйаран белхаш дӀахьо ПУП «ГО Ингушнефтегазпром»[14].
Республикин махкахула чекхйолу магистралан мехкдаьттан биргӀа Бакох-Новороссийск Махьмад-ХитӀера мехкдаьтта тотту станцехула (ММТС), ГӀалгӀайн махкара биргӀан йохалла 12,7 км, d = 700 мм. ММТС чухула мехкдаьтта таттаран барам бу 3 млн тонн[14] гергга.
Флора
Ораматаш: къилбаседехь — хьуьнан а, хьун-аренан а, къилбехьа лаьмнийн (1800 метр локхалле кхачар)[16] — шуьйра гӀа долу хьаннаш, лакхахь ду лаьмнийн цанаш. Лаьмнийн басешкахь башха, цигахь бен йоцу микроклимат йолуш йу. Къилбаседа Кавказехь дукха меттигаш йац лулахь оццул дукха ораматийн тайпанаш долуш[17]. Ламанан кӀажошкахь (2200 метр кхаччалц) йаьржина йу шуьйра гӀа долу а, баганан а дитташ долу хьийкъина хьаннаш[18].
Хьаннийн фондан лаьттан йерриг майда 84,4 эзар гектар йу, цунна йукъахь, хьаннийн орамаш долуш — 75,6 эзар гектар[19]. Ийна шуьйра гӀа долу хьаннаша (поп, наж) дӀалоцу 140 эзар гектар майда[9]. Йерриг дечиган резерв ю 11 млн м³[20].
Кавказан карта | Кавказан лаьмнаш ГӀалгӀайчохь | ГӀалгӀайчоьнан физикин карта |
ГӀалгӀайчоьнан ламанан пейзаж | Ӏаьс-хин чӀаж | Буц-аренан пейзаж, Керла Редант эвла | ЦӀен-ламанан дукъ | Армхи эркан тогӀи |
Фауна
ГӀалгӀайчохь еха 60 гергга тайпана декха дийнаташ, 150 тайпана олхазарш, 24 тайпана амфибеш, 8 кепара рептилеш. Уьш ерриш лулахь йеха лаьмнашкахь а аренашкахь а[17]. Текхаргаш а, цоьстурш а йу. Олхазарш — дарта, акха бедаш а, гӀезаш а, эркийн тогӀенашкахь — кавказан акха котам, ламанан цанашкахь — тилла гӀиргӀа, кавказан ламанан москал, кавказан сарсал. Лаьмнашкахь меттигаш ю тӀулгийн а, хьаннийн а салораш, боьра ча, нал, лу, хьуьнан цициг, безоаран бож, лайн цӀокъ, кхин а дийнаташ дехаш меттигаш[9][17]. 2008 шарахь хӀоттийна ГӀалгӀайчоьнан ЦӀен жайна[21]. Она содержит 136 видов исчезающих животных и 89 видов растений, которые находятся под охраной[17].
Истори
Вайн эрал 2000 шо хьалха
Гайтина мур ширагуьржийн хроникаш чохь буйцуш кобанхоша олу кавкасионаш а, дзурдзукаш а. Уьш охьаховшаран доза — Ӏаьндийн дукъ тӀера маолхбалехь адыгийн тайпанаш дехачу меттиге кхаччалц ду — догӀу дозанца кобанан оьздангалла лелочаьрца. Антикин хьосташкахь (Самосатан Лукиан, Элиан Клавдий) кобанан оьздангаллин тайпанех олу «махли» (махлийхой, махалаш)[22].
Дзурдзукети
Вайн эрал хьалхара I эз. шеран шолгӀачу эхехь кобанан тайпанаша кхоьллина йоккха политикин тайпанийн цхьанакхетар, иза йевза антикин хьосташца Малх (Махли, Махелони) цӀарца, гуьржийн хьосташца — Дзурдзукети[23]. Иза йара дикка онда пачхьалкх оцу заманна[24]. Дзурдзукетис терго йора коьрта кавказан дехьаволийла — Текан чӀаж, ширагуьржийн пачхьалкхаца[25] йара луьста политикин уьйранаш. Леонти Мровелин хаамашца гуьржийн хьалхара паччахьех Фарнавазех «Кавкасан тӀаьхьенах, дзурдзукийн тайпанах» зуда йара, церан кӀант хилира Саурмаг[26][27] (гӀалгӀ. «саьрмак» — «саьрмак»[28]). Иза велира гуьржийн Ӏарш тӀе да веллачул тӀаьхьа, ткъа гуьржийн эриставашна ша виен лаьий хиина, ненаца къайлавелира ненаца шен ненан вежарий болчохь Дзурдзукетехь[29]. Антикин йаздархочун Лукианан хаамашца хаьа цхьаьна политикин йукъараллин урхаллин шира кобанхойн — Адирмах, иза абхазийн талламхочо Гумбас Г. Д. гӀалгӀайн меттан гӀоьнца этимологи «Маьлхан ницкъ берг»[30].
Вайн эрал II шеран йуьххьехь тӀемца Къилбаседа Кавказ селевкидан паччахь Антиох III чувар бахьнехь кобанан тайпанийн политикин барт бохийна[24]. Иза бохар бахьнехь хьосташкахь лелочура совцу кобананйукъара цӀераш, кхин дӀа — вайн эрал хьалхарчу I бӀешарахь — I бӀешарахь кобанхойн тӀехьенаш хьосташкахь йевза цхьацца тайпанийн йа этномехкан тобанийн цӀерашца: «хамекиташ», «сьербаш», «двалаш», «троглодиташ», «санараш/цанараш», «хонаш», «масах/машах», «исадикаш», «гаргарейш», «гелаш», кхин а[22].
Юккъера бешершка
IX бешарахь таханлера Джерахан кIоштахь йина керст динан килс Тхаба-Ерд. Цу килсан архитектура Эрмалойчура е, Гуьржийчура схьа йу[31][32].
Вайн эрал I эзар шо хьалха дуьйна ГӀалгӀай хӀинца бехачу махкахь йаьржинера шен цӀе Кобан эвланах схьайаьлла йолу Кобанан оьздангалла, цигахь карийна ширачу заманара археологин иэсах[33].
ГӀалгӀайчоьнан лаьмнашкахь йугӀу циклопин гӀишлош а, маьлха кешнаш а Эгикхалехь, Лаймиехь, Дошхьаклехь, кхин дӀа а[34]. Кобанан оьздангалла лело антропологин векалш хилла кавказан тайпана[35], кхин а, цхьа могӀа талламхойн ойланашца, хилла нехаметтан[36][37][38]. XӀV—XVIII йин йолу гӀишлош а, гӀаланаш а дика схьакхечи таханлер дийне[39], дукха хьолахь иза ГӀалгӀайчохь тӀом ца хилар бахьан ду[40].
XV—XVIII бӀешераш
XV бӀешарахь Нохчийчухула а, ДегӀастанахула а чудан доладелира ислам, амма чеккхенца иза чӀагӀ ца делира XIX бӀешарахь бен; и хан кхаччалц цӀуйн гӀиллакхаш а, Ӏадаташ лелара. Лаьмнашкахь йеха гӀалгӀайн йукъараллаш, юхаерза юьйлаелира аренашка XVI—XVII бӀешерашкахь[6]. Аренашка кхалхар, коьртаниг, чекхделира XIX бӀешеран хьалхарчу декъехь.
Российн империн йукъахь
1810 шеран 22 августехь Ангушт эвлахь гӏалгӏайн йалх тайпанан векалша куьг йаздира Йалх гӏалгӏайн фамилеш Российн байӀат дарах акт[41].
Оццу шарахь гӀазакхаша йуьйгӀира Несарин гӀап[35]. Иза масийттаза юха а йира, чӀагӀ а йира — 1817 а, 1832 а шерашкахь.
ГӀалгӀаша дакъалецира Кавказан тӀамехь Российн агӀора а, имам Шемалан агӀора а[42]. Цхьана хенахь лаьттира Шамилан исламан пачхьалкхан шиъ вилайат — Аьрштин а, Галашкин[43] а.
1858 шеран майхь-июнехь ГӀалгӀайчохь иккхира Несарин гӀаттам. Цуьнан бахьна хилира Кавказан тӀеман Ӏедалан сацам, цуьнца гӀалгӀайн кегийра кӀотарийн меттана йаккхий нах беха меттигаш кхолла гӀертара[44] ГӀаттам охьатаӀийра[44].
1858 шера ГӀалгӀайчоь йукъайахна Российн империн[45][46][47].
1860 шарахь Къилбаседа Кавказан тӀеман урхалла хӀаллакйира император Александр II-гӀачун омарца Къилбаседа Кавказан малхбален декъехь, кхоьллира йукъахь Нохчийн, Ичкерин, ГӀалгӀайн, Ламанан гуонаш долу Теркан область.
1871 шарахь ГӀалгӀайн гуо цхьаьнатоьхна ХӀирийн гуонаца БуритӀен гуо цӀе а тиллина.
1888 шарахь тӀеман-гӀазакхийн урхалла долийна ГӀалгӀайчоьнан махкахь, иза дӀатоьхна Соьлжин гӀазакхийн урхаллех. 1909 шеран 10 июлехь кхоьллина Несарин гуо, цуьнан ставка хилла БуритӀехь[6].
Ламанан республика
Россехь Октябран социалистийн революци хиллачул тӀаьхьа, 1917 шеран ноябрехь кхайкхийра маьрша Ламанан республика, цуо цхьаьнатуьйхира Къилбаседа Кавказан дукха къаьмнаш.
Инарла Деникинан эскарша ДегӀастана схьайаьккхинчул тӀаьхьа, Ламанан республикин правительствос шеш дӀасахецар кхайкхийна кхелхира Тиблиси. Ламанан республика дӀаелира.
Гражданийн тӀом
Пятигорскехь хилла Теркан къаьмнийн II-гӀа гуламо (1918 шеран 1—18 март) къобал дира советийн Ӏедал, кхоьллира Теркан советийн республика РСФСР йукъахь[48] (июлера декабрь кхаччалц Теркан советийн республика Къилбаседа-Кавказан Советийн Республикин йукъахь йара). Цуьнан йара шен Конституци а, лакхара меженаш а — Терканхалкъан кхеташо а, ХККх а.
1919 шеран февралера 1920 шеран март кхаччалц аренан ГӀалгӀайчоь дӀалаьцна йара инарла А. И. Деникинан Российн Къилбан ТӀеман ницкъаша[49]. 1920 шеран мартехь ГӀалгӀайчуьра советийн Ӏедал меттахӀоттийра.
Социалан сфера
Социалан-экономикин гайтамаш
Россехь уггаре лакхара тӀегӀан белхазалла а, къоьлла а — 55 % сов. Республикера базин хьаштийн гайтамаш — махкахь уггаре лахарчарех, бахархойн барам сиха тӀекхетар бахьнехь а, гӀаланаш кхиина ца хиларна а[50]. Белхан меттигаш цахиларна ГӀалгӀайчохь болх бан таро йац 44 % бахархойн.
ГӀалгӀайчоь дӀатесна буо-бераш доцу, дерриш доьзалашкахь дика дӀатардина йолу цхьаъ бен йоцу регион йу. Кхин а ГӀалгӀайчоь Российн цхьаъ бен йоцу буо-берийн цӀенош а, къеначеран цӀенош доцу субъект йу, гӀалгӀайн йукъараллехь церан хьашт доцун дела[51].
МогушаллаӀалашйар
Российн субъекташна йукъахь ГӀалгӀайчохь уггаре алсама бераш дуьненан тӀедовлу. Бахархошна дарбанан-профилактикин гӀо до республикин 73 дарбанан хьукматашкахь — дарбанан цӀеношкахь, диспансершкахь, поликлиникашкахь, кхин дӀа а. ТӀаьхьарчу заманахь ца тоьу говза белхалой а, медицинин гӀирс а. 2008 шарахь кхайкхийра МагӀасехь Республикин дукха агӀонийн дарбанан цӀа, поликлиникица цхьаьна, Перинаталан центр а йийр йу аьлла[52].
Республикин ЖӀайрахьан кӀоштахь йу дарбанан-могушаллатойаран комплекс «ЖӀайрахь», цунна чуйогӀу курорт «Армхин маьлхан тогӀе». Комплекс йина 1999 шарахь[53].
Дешар а, Ӏилма а
- Лакхара
Республикин коьрта лакхара дешаран меттиг — ГӀалгӀайчоьнан пачхьалкхан университет (ГӀалПУ), дӀайиллина 1994 шарахь. ГӀалПУ — Российн университетех уггаре къоначех цхьаъ; цигахь доьшу 10 эзар гергга студенто[54]. ГӀалПУн исс факультет йу: агроинженерин, медицинин, хьехархойн, физикин-математикин, филологин, финансийн-экономикин, химин-биологин, экономикин, юридически, ткъа кхин а 43 кафедра а йу[55].
- Йуккъера
Бахархой сихха тӀекхетар бахьнехь, ГӀалгӀайчоьнан бахархойн кхоалгӀа дакъа бераш ду. Республикехь болх беш йу 106 ишкол; уьш тоьуш йац, хаало ишколан меттигийн къоьлла, меттигаш ца тоар. Ишколан компьютеризацин пачхьалкхан программица, республике эцна 400 сов компьютер, модернизаци йина 80 ишколан[56].
Несарехь, Эльдархан-ГӀалахь, Малхабекехь болх беш йу ишкол-лицей, ишколаш-гимназеш, Ламанан кадетийн корпус, гуманитаран-техникин а,медицинин а колледжаш[56].
Спорт
Спорт кхиорах жоп луш ю республикин физикин оьздангаллин а, спортан а министралла[57]. 1996 шеран 21 майхь тӀеэцна Республика ГӀалгӀайчоьнан «Физикин оьздангаллех а, спортах а лаьцна» цӀе йолу закон.
ГӀалгӀайчохь йара шайн футболан клуб «Ангушт», амма хӀинца профессионалан футболан йукъара йаьлла. ГӀалгӀайн спортхоша йаьхна дзюдох а, боксех а латарехь российн хьалхейаккхарш[58]. 2002 шарахь дуьйна республико ахча спорте хьажор кхузза совдаьлла, кхаьчна 25 млн сов соьме[59].
Йина ворхӀ физикин оьздангаллин могашалла тайаран комплекс, йиъ спортан ишкол. Хьалхе йу спортан ницкъан тайпанийн — желтойн-руман латаран, паргӀата кепара латаран, малхбален латарийн, боксан, дзюдон, еза атлетикин[60].
1988 шеран Сеулера Олимпиадехь, штангисто Арсамаков Исраила дешин мидал йаьккхира; Олимпийн чемпионаш кхин а бу Манкиев Назир (латар), Рахьим Чахкиев (бокс), цара шайн мидалш йаьхна 2008 шеран Пекинан Олимпиадехь. 2016 шарахь, Халмурзиев Хьасана дешин мидал йаьккхира Олимпиадехь Рио-де-Жанейрохь. Евлоев Ваха паргӀата кепара охьатохарх латарехь Европин чемпион ву[60]. Пхоьазза боксех латаран дуьненан чемпион хилла Котиев Ахьмад — хӀинца республикин физикин оьздангаллин а, спортан а министр. ГӀалгӀайх хьалхарчех, Кхазакхстанан дзюдох латарех, чемпиони а, ССРС борзанан совгӀатхо а ву, Леймоев Ӏалихан Мусанан воӀ. 2010 шарахь Сингапурехь хиллачу аьхкенан жимахойн Олимпийн ловзаршкахь Аджигов Руслана еира Российн хьалхара дешин мидал, туьйлира желтойн-руман латарехь 85 кг кхаччалц йолчу возаллин категорехь, иштта хилира дуьххьарлера российн чемпион, хьалхарчу жимахойн Олимпийн ловзаршкахь[61].
ТӀаьхьарчу шерашкахь республикехь гӀарайолуш йу ийна тӀеман говзаллаш. Иштта, ГӀалгӀайчохь болх беш йу масех ийна вовшахлатаран спортан клуб, масала, «Калой» (Несара гӀала), «Нарт» (Сипсо-ГӀала), «ТӀемло», кхин а. ДӀахьо республикин йиллина чемпионаташ[62][63].
Цул сов, 2012 шарахь дуьйна ГӀалгӀайчохь хӀора шарахь дӀахьо дуьненайукъара ийна вовшехлатарех турнир «ТӀом лаьмнашкахь» (Mixfight), цигахь дакъалоцу меттигера спортхоша а, Российн регионийн а, дуьненан а гӀарабевллачу латархоша а[64].
Хьаамин гIирсаш
- ПКъТРК «ГӀалгӀайчоь» — Республика ГӀалгӀайчоьнан дуьххьарлера а, цхьаъ бен доцу а долара спутникан телеканал;
- ПТРК «ГӀалгӀайчоь» — Республика ГӀалгӀайчуьра ЕПТРКан филиал;
- «Nebiset» — берриг доьзалан музыкин-самукъадаккхаран телеканал.
Радиостанцеш
- ГӀалгӀайн къоман радиостанци «Ангушт». Болх бо 2010 шеран августехь дуьйна 104,0 FM тулгӀенехь. Радио Ангуштан коьрта Ӏалашо — синмехаллин-эхь-бехкан а, къоман-патриоташ кхиор а.
- ГӀалгӀайн къоман радиостанци «ГӀалгӀайчоь». дӀакхайкхош ю 2014 шеран 31 июлехь дуьйна 88,0 FM тулгӀенехь. Йукъатоьхна йаккхийчех йолу радиостанцийн кевнан — «TuneIn»[en][65].
- Хаамийн-самукъадаккхаран радиостанци «Radio Republic». Самукъадоккху республикин бахархойн 102,4 FM тулгӀенехь.
- РООРИ (RK6QWA) — ГӀалгӀайчоьнан регионан йукъараллин кхолламан радиомарзахойн коллективан йоцатулгӀенан радиостанци[66].
Зорбанан арахецарш
- Дерриг къоман газет «Серло» (арадолу 1923 шарахь дуьйна);
- Республикин йукъараллин-политикин газет «ГӀалгӀайчоь»;
- КӀоштан йукъараллин-политикин газет «Къинхьегаман байракх»[67][68];
- КӀоштан йукъараллин-политикин газет «Халкъан дош»[69];
- ГӀалин йукъараллин-политикин газет «Несаран аз»;
- Журнал «Литературин ГӀалгӀайчоь»;
- Журнал «Стелаӏад».
- Комикс «Саьрмак».
- Комикс «ГIалгIай»
Интермаша-ресурсаш
ГӀалгӀайчоьнан гӀаланаш-вежарий
2007 шеран августехь сацам бира гӀала-вежрийн статус кхолла ГӀалгӀайчоьнан а, Венесуэлин а регионашна йукъахь[73].
2015 шеран 10 майхь тӀемлойн сийнан гӀала Маьлхбик а, белоруссин гӀала Брест а хилира гӀаланаш-вежрий[74].
2015 шеран 2 сентябрехь Цийчохь куьг йаздира МагӀас а, Шаньдун провинцера цийн гӀала Дунъин а вежарий хиларан бертан [75].
2015 шеран 15 октябрехь ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьнан а коьрта шахьарша вежарийн уьйранех болчу бертан тӀехь[76].
Нумизматика
- 2020 шеран 25 февралехь Российн Банко арахийцира «ГӀалгӀайчоь Российн пачхьалкхан йукъайахана 250 шо кхачарна» иэсан мах кхо сом болу детин нахарт[77].
Хьажа кхин а
- ХӀирийн-гӀалгӀайн дов
- Республика ГӀалгӀайчоьнан Конституци
- Ингушетия.org
- Викигидера Республика ГӀалгӀайчоьнан оьздангаллин тӀаьхьенан иэсийн исписка
Билгалдахарш
Литература
- Т. Х. Муталиев. Тернистый путь народа // ГӀалгӀайчоь и ингуши / М. Д. Яндиева. — Москва: Новая Планета, 1992. — Т. II.
- М. А. Яндиев. Древние общественно-политические институты народов Северного Кавказа. — ЛКИ. — Москва, 2007. — 464 с. — ISBN 978-5-382-00285-9.
- ГӀалгӀайчоь и ингуши / М. Д. Яндиева. — Москва: Новая Планета, 2002. — Т. II.
- Казиев Шапи, Карпеев Игорь. Повседневная жизнь горцев Северного Кавказа в XIX в.
- Мориц фон Энгельгардт, Фридрих Паррот. Посещение Энгельгардтом Галга-Ингушей // Сокровищницы Востока / Йозеф фон Хаммер. — 1814. — Т. IV.
- Об утверждении государственной программы Республики Ингушетии «Охрана и защита окружающей среды» (ru) // Постановление Правительства РИ от 29 октября 2014 года № 203 / Утвердил председатель Правительства РИ А. М. Мальсагов. — 2014.
- Генко А. Н. Из культурного прошлого ингушей // Записки коллегии востоковедов при Азиатском музее : [рус.] / Под ред. В. В. Бартольда. — Ленинград : Издательство Академии наук СССР, 1930. — Т. 5. — С. 681—761. — 836 с.
- Долгиева М. Б., Картоев М. М., Кодзоев Н. Д., Матиев Т. Х. История Ингушетии : [рус.] : моногр. / Под отв. ред. Н. Д. Кодзоева. — 4-е. — Ростов н/Д. : Южный издательский дом, 2013. — 600 с. — ISBN 978-5-98864-056-1.
- Кодзоев Н. Д. О ‘добровольном вхождении’ Ингушетии в состав Российской империи : [рус.] / Научно-исторический клуб «КАВКАСИОН». — Научное издание. — Назрань : ООО «Кеп», 2020. — 64 с. — ISBN 978-5-4482.
Бакъонийн акташ
Хьажоргаш
- Викиларма: Атлас: ГӀалгӀайчоь
- Официальный сайт Республики Ингушетии. Главная страница . ТӀекхочу дата: 2017 шеран 24 январь.
- Информационный интернет-портал «Ingushetia.news-city». Законодательство Республики ГӀалгӀайчоь . ТӀекхочу дата: 2017 шеран 24 январь.
- Постпредство Республики ГӀалгӀайчоь при президенте Российской Федерации. Главная страница . ТӀекхочу дата: 2017 шеран 24 январь.
- ПЕРЕЧЕНЬ ГОСУДАРСТВЕННЫХ НАГРАД РЕСПУБЛИКИ ГӀАЛГӀАЙЧОЬ И ПООЩРЕНИЙ ГЛАВЫ РЕСПУБЛИКИ ГӀАЛГӀАЙЧОЬ
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |