УЕФА

Евро́пин футбо́лан ассоциа́цийн барт (инг. Union of European Football Associations, дацдина UEFA, нохчийн транслитерацица УЕФА) — Европин а, цхьайолу Азин малхбузен регионийн а футболан урхаллин спортан кхоллам. Цуо цхьаьнатуху европин мехкийн къоман футболан ассоциацеш, дӀахьо йерриг европин футболан клубийн а, гулйина командин а къийсамаш, ткъа иштта рекламех, клубашна а, шена чуьра къоман ассоциацешна а йукъара матчаш гайтарна йаьлла са йоькъу.

УЕФА
УЕФАн карта
Дакъалла55 къоман ассоциаци
Штаб-квартираШвейцарин байракх Ньон
Организацин тайпаСпортан федераци
Официалан меттанашИнгалсан
Французийн
Немцойн
Куьйгалхой
ПрезидентСловенин байракх Чеферин Александер
Инарлин секретарьЖелтойчоьнан байракх Теодоридис Теодор (ханна)
Кхоьллар
Кхоьллина терахь1954 шеран 15 июнь
Хьалхара организациФИФА
Схьаевлла организацешЭрмалойчоьнан футболан федераци[d], Белоруссин футболан федераци[d], Боснин а, Герцоговинин а футболан барт[d], Украинин футболан ассоциаци[d], Косовон футболан федераци[d], Ирландин футболан ассоциаци[d], Финляндин футболан ассоциаци[d], Албанин футболан ассоциаци[d], Исландин футболан ассоциаци[d], Уэльсан футболан ассоциаци[d], Чехин футболан ассоциаци[d], Македонин футболан федераци[d], Нидерландийн паччахьан футболан барт[d], Сербин футболан барт[d], Швейцарин футболан барт[d], Лихтенштейнан футболан барт[d], Ӏаьржаламанчоьнан футболан барт[d], Словенин футболан барт[d], Францин футболан федераци[d], Италин футболан федераци[d], Немцойн футболан барт[d], Шведийн футболан барт[d], Желтойн футболан федераци[d], Австрин футболан барт[d], Данин футболан барт[d], Португалин футболан федераци[d], Андоррин футболан федераци[d], Паччахьан Испанин футболан федераци[d], Хорватин футболан барт[d], Норвегин футболан ассоциаци[d], Туркойчоьнан футболан федераци[d], Литван футболан федераци[d], Люксембурган футболан федераци[d], Эстонин футболан ассоциаци[d], Сан-Маринон футболан федераци[d], Малтин футболан ассоциаци[d], Гуьржийн футболан федераци[d], Болгарин футболан барт[d], Польшин футболан барт[d], Мажарчоьнан футболан федераци[d], Исраилан футболан ассоциаци[d], Шотландин футболан ассоциаци[d], Гибралтаран футболан ассоциаци[d], Азербайджанан футболан федерацийн ассоциаци, Кипран футболан федераци[d], Фарерийн гӀайренийн футболан федераци[d], Латвин футболан федераци[d], Молдавин футболан федераци[d], Ирландин футболан ассоциаци[d], Словакин футболан барт[d], Румынин футболан федераци[d], Кхазакхстанан футболан федераци[d], Российн футболан барт[d], Бельгин паччахьан футболан ассоциаци[d], Ингалсан футболан ассоциаци[d]
uefa.com
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

УЕФА — Дьуьненайукъара футболан федерацин (ФИФА) йукъайогӀу йалх континентийн конфедерацех цхьаъ йу, цу тӀе царех УЕФА уггаре Ӏаткъаме а, хьал долуш а йу. Берриш аьлча санна дуьненан уггаре чӀогӀа футболисташ ловзуш бу Европехь, цигахь уггаре даккхий алапаш хиларна, Ингалсехь, Францехь, Италехь, Испанехь, Германехь[1] муххале а. Кхин а УЕФАхь йу дукхаха йолу чӀогӀа дуьненан къаьмнийн гулйина командаш, цундела дуьненан хьалхейаккхарехь оцу конфедерацина алсама меттигаш ло: иштта, 2006 шеран дуьненан чемпионатехь левзина 32 командех УЕФАра 14 йара.

УЕФА кхоьллина 1954 шеран 15 июнехь Базелехь (Швейцари) Францин, Италин, Бельгин футболан федерацеш йолийна консультацеш чекхъевлча. Йуьхьанца УЕФА йукъахь бара 25 мохк, хӀинца 55 бу. 1959 шо кхаччалц УЕФА штаб-квартира йара Парижехь, иза дӀакхалхийра Берне. 1995 шарахь дуьйна иза йу швейцарера Ньонехь. Хьалхара УЕФА инарлин секретарь хилла Делоне Анри, ткъа президент — Шварц Эббе.

УЕФАн сих-сиха девнаш хуьлура къаьмнийн ассоциацийн хьашташ кхочушдеш йолу Еврокомиссица. 1990-гӀа шерашкахь барт ца хуьлара телетрансляцин бакъонаш а, трансферан регламент а тӀехь (Босмана бакъо).

УЕФА президенташ

ЦӀемохкХан
1.Эббе Шварц  Дани1954—1962
2.Густав Видеркер  Швейцари1962—1972
3.Артемио Франки  Итали1972—1983
4.Жак Жорж  Франци1983—1990
5.Леннарт Юханссон  Швеци1990—2007
6.Мишель Платини  Франци2007—2015
Анхель Мария Вильяр (д.кх.)  Испани2015—2016
7.Александер Чеферин  Словени2016—ХӀ. а.

УЕФА инарлин секретараш

2007 шеран январехь дуьйна даржах олу «инарлин секретарь»:

ЦӀеМохкХан
1.Делоне Анри  Франци1954—1955
2.Делоне Пьер  Франци1955—1960
3.Бангертер Ханс  Швейцари1960—1989
4.Айгнер Герхард  Германи1989—2003
5.Ульссон Ларс-Кристер  Швеци2003—2007
6.Тейлор Дэвид  Шотланди2007—2009
7.Инфантино Джанни  Швейцари /  Итали2009—2016
8.Теодоридис Теодор  Желтойчоь2016—хӀ. а.

Къийсамаш

Гулйина командийн

УЕФАс дӀахьо гулйина командин коьрта къовам — Европин чемпионат. Цуо шен истории дӀайолийна 1958 шарахь (хьалхара финалан турнир хилла 1960 шарахь), 1964 шо кхаччалц олуш хилла «Европин къаьмнийн кад». Кхин а УЕФАн куьйгакӀела дӀахьо Европин кегийрхойн чемпионат а, 19 шо кхачанза а, Футболех ловзаран Европин чемпионат (17 шо кхачанза жимахой) а жимахойн чемпионаташ. Зударшна йукъахь йо Европин чемпионат, 19 шо кхачанза а, 17 шо кхачанза а зудаберийн чемпионат.

2018 шарахь дуьйна дӀахьо УЕФА Къаьмнийн лига, цуьнан декхар ду доттагӀаллин матчаш хийца. Турнир хуьлу шина шарахь цкъа, командаш йоькъу масех дивизионе хьалайала а, охьайала а таро йолуш. Лакхара дивизионехь ловзу 4 тобане йекъна 12 команда, тобанийн толамхой ловзу «еаннан финалехь». Лахара дивизионийн толамхошна бакъо ло рогӀера Европин чемпионатан финалан декъехь ловза (2020 шарахь дуьйна А, В, С дивизионашкахь хӀораннехь а 16 команда йу).

Клубийн

УЕФАн куьйгакӀела дӀахьо лахара клубан къийсамаш:

  • УЕФА Чемпионийн лига (хьалха турнир евзара Чемпионийн кад санна)
  • УЕФА Европин лига (хьалха — УЕФА кад)
  • УЕФА Конференцийн лига (дуьххьара ловзор йу 2021 шарахь)
  • УЕФА Суперкад
  • УЕФА Жимахойн лига
  • УЕФА Чемпионийн лига зударшна йукъахь

Хьалха кхин а хилла:

  • Кад баьккхинчеран кад (1960—1999)
  • Интертото кад (1995—2008)

Декъахойн исписка

(Стомма зорбанца билгалъйаьхна гулйина командаш дуьненан чемпионаш хилла ассоциацеш, курсивца — Европин чемпионаш хилларш)

  • Австри
  • Азербайджан
  • Албани
  • Андорра
  • Белорусси
  • Бельги
  • Болгари
  • Босни а, Герцеговина а
  • Германи
  • Гибралтар
  • Гуьржийчоь
  • Дани
  • Желтойчоь
  • Исраил
  • Ингалс
  • Ирланди
  • Исланди
  • Испани
  • Итали
  • Кипр
  • Косово
  • Кхазакхстан
  • Къилбаседа Ирланди
  • Къилбаседа Македони
  • Латви
  • Литва
  • Лихтенштейн
  • Люксембург
  • Малта
  • Кеп:Мажаройчоь Мажаройчоь
  • Молдави
  • Нидерландаш
  • Норвеги
  • Польша
  • Португали
  • Росси[2]
  • Румыни
  • Сан-Марино
  • Серби
  • Словаки
  • Словени
  • Туркойчоь
  • Украина
  • Уэльс
  • Фарерийн гӀайренаш
  • Финлянди
  • Франци
  • Хорвати
  • Чехи[3]
  • Швейцари
  • Швеци
  • Шотланди
  • Эрмалойчоь
  • Эстони
  • Ӏаьржаламанчоь

Хилла декъашхой

  • ГДР
  • Саар
  • Серби а, Ӏаьржаламанчоь а
  • Лааман Пачхьалкхийн ДоттагӀалла
  • ССРС
  • Чехословаки
  • Югослави

Хьажа кхин а

  • УЕФА юбилейн совгӀаташ

Билгалдахарш

Хьажоргаш