Франкофони (кхоллам)

Франкофо́ни (фр. La Francophonie) — дуьненан мехкийн франкометтан цхьаьна гӀуллакхдаран дуьненайукъара кхоллам. Цхьаьнатуху дуьненан тайп-тайпана пачхьалкхийн я пачхьалкхийн дакъойн векал волу 58 декъахо, ткъа иштта 26 тергонча[2]. Кхолламан юкъавахаран коьрта хьесап оцу я кхечу пачхьалкхан бахархошна французийн мотт хааран тӀегӀа ца лору (делахь а иза дика лору), ткъа лору Францица йолу иттаннаш шерашкахь а, бӀешерашкахь а хӀиттина оьздангаллин уьйранаш. Иштта, масала, Эрмалойчоь оцу кхолламан декъахо ю, ткъа Украина а, Балтикайист а ю Франкофонин декъахо. ХӀинцалерачу кепехь Франкофони ю 1970 шарахь дуьйна. Кхолламан девиз ю французийн сийлахь-баккхийчу наха аьлларг «Нийсалла, вовшен тӀедузар, дакъа кхачар» (фр. «égalité, complémentarité, solidarité»)[3].

Франкофони
Франкофони (2018)
Дакъалла58 пачхьалкх-декъахо
3 ассоци йина декъахо
26 тергонча (ерриг: 84)
Штаб-квартираПариж, Франци
Организацин тайпадуьненайукъара правительствошна йукъара кхоллам[d]
Официалан моттфранцузийн
Куьйгалхой
Кхочушдаран секретарьЛуиз Мушикивабо
Кхоьллар
1970 шо1970 шеран 20 март[1]
francophonie.org(Франц.)
francophonie.org/…(ингалс.)
francophonie.org/…(испан.)
francophonie.org/…(Ӏаьр.)
francophonie.org/…(порт.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Французийн хилла колонеш, хӀордал дехьара мехкаш, доминионаш
Французийн мотт дуьненахь
ТаьӀна-сийна: ненан мотт;
Сийна: администрацин мотт;
Айсина: оьздангаллин мотт;
баьццара: франкометтан кӀезигбарш

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Кеп:Францин хӀордал дехьара экспанси