ХӀиндистан (хӀинди हिन्दुस्तान Hindustān, урду ہندوستان Hindostān цӀе кхоллайелла гӀаж. HindūИнд + -stān дешах) — Азин къилбехьара ахгӀайре. Майда 2 млн км² герг. Къилбаседехьара доза ду Инд дельта тӀера Ганг дельта тӀекхаччалц[1]. Цкъаццкъа ХӀиндистанан ю олу ХӀинди-Ганган аренан къилбехьара акъари а лаьмнаш а[2]. ГӀайренан тӀехь ду ХӀинди дукху долу дакъа, Пакистанан а, Бангладешан а цхьадолу дакъош а ду.

ХӀиндистан
Спутник тӀера хьаьжча
Спутник тӀера хьаьжча
Амалш
Майда2 млн км²
Лаьтта меттиг
20° къ. ш. 78° м. д.HGЯO
АкваторешХӀиндин Ӏапказ, Бенгалин айма
Пачхьалкх
ХӀинди
ХӀиндистан
Историн ХӀиндистанан карта, 1814 шо

Малхбузехьа бу Ӏаьрбийн хӀорд, малхбалехьа — Бенгалин айма йу. АхгӀайренан къилба-малхбалехьара йистехь бу Шри-Ланка цӀе йолу боккха гӀайре. ХӀиндистан ахгӀайре ХӀиндин тектонин пилтан тӀехь йолучу ХӀиндин субконтинентан къилбехьара дакъа ду.

АхгӀайренан уггаре къилба меттиг — Коморин цӀе йолу мара бу.

ЦӀе

ГӀажарийш ХӀиндустан йерриге ХӀиндехь олура, цигара и дош европин меттанашка кхаьчна. XIX бӀешарахь европахойша Гималаи а, Виндхья акъаре а йукъахь йолу регионах олура ХӀиндистан, мадарра аьлча ХӀиндин материкин дакъех[3] Декан дуьхьала йолучу[4].

Билгалдахарш

Литература

  • Кришнан М. С. Геология Индии и Бирмы. М.: Иностранная литература. 1954. 424 с.

Хьажоргаш