Шайх Мансур

Шайх Мансур (Ушурма) (нох. Мансур; 17601794[7]) — тӀеман-политикин а, динан гӀуллакххо, исламан хьехамча, тӀемабаьчча, Къилбаседа Кавказан хьалхара имам[1][2][3][4][8]. 17851791 шерийн Къилбаседа Кавказан халкъан-маршонан боламан тхьамда[9]. Советийн историографехь вевза хьалхара кавказан революционер санна[10].

Шайх Мансур
Шайх Мансур
Билгала доцу сурт
Къилбаседа Кавказан 1-гӀа имам [1][2][3][4]
КогаметтанигАвко Унгаев (Майртуьпара Мохьмад (1821-1824)[5])
Нохчийн ламанхойн динан а, тӀеман-политикин а лидер
Хьалха хилларгДарж кхоьллина
Динсуннизм, накъшбадийа[d]
Вина терахь1762({{padleft:1762|4|0}})
Вина меттигАлдехь, Нохчийчоь
Кхелхина терахь1794({{padleft:1794|4|0}})
Кхелхина меттигШлиссельбурган гӀап, Российн импери
ДӀавоьллинаПреображенски лам тӀаьхь
ТайпаЭлистанжхой
ДаШаӀбаз
ЗудаЧачи
Бераш

КӀант: Яса

  • ЙоьӀрий: Рахьмат а, НиӀмат а
ДинлелорИслам суннийн новкъа, тӀарикъат Накъшбандийя[1][6][~ 1]
ЦӀебаьчча[d]
Латар
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Шейх Мансур, автор исбаьхьалча Руслан Хасханов.

Биографи

Нохчий[11][12], схьавалар элистанжхойн тайпанара[13][14][15][16]. Мансуран да — ШаӀбаз, вежарашца Ӏеламхица а, Шахьбица а, кхелхира БугӀан-йуьрта Тевзана уллерачу кӀотарара 1740 шарахь. Мансуран дайн кӀотар лаьттара хӀинца Хоттане хиллачохь[14].

XVIII бӀешо чекхдолуш Мансур волавелира шен Ӏилма нохчашна йукъахь хьеха, цуо нах дуьхьала бохура Российна.

1785 шеран 8 мартехь инарлас Петлинг хаийтира рапортца инарла-аншефан П. С. Потёмкинан, Кавказан сардална Соьлжан дехьара хьаннашкахь дин хьоьхург ваьлла. Цига хьажийра шпионаш. Царех цхьаьнна аьтту белира БугӀан-йуьртахь, шайхан коьртачу штабехь хила, цигахь теллира, бахархой БугӀан-йуьртахь гуллой а, цара кечам бойла ГӀебартачоьнан тӀела «уьш шариӀатан кӀела бало». Цунна кхин а хиира, Ушурма (шайх Мансур) хӀинцале зӀе тесний ЖӀайн Умаханца, уггаре Ӏаткъаме эланца ДегӀастана. Оцу хенахь полковника Матсена, Бури-ГӀалин гӀопан коменданто, хаийтира инарлин Потёмкинан, вевзаш волу Шайх-Мансур чувеина ГӀебарта, оцу кӀоштан ламанхой кхерамаш туьйсуш бу оьсашна. Оцу хенахь российн Ӏедал гӀоьртира саца бала гӀерташ болу гӀаттам, дуккха тӀедуьллура нохчашна дин дуьцург схавалар. 1785 шеран хьалхарчу декъехь имаман агӀончаш тӀекхеташ бара. Хьалха бара БугӀана-йуьртан гергара нохчий, цул тӀехьа ДегӀастанан ламанхой (лаьзгий, жӀай, саьрхой), гӀумкий, ламанхой ГӀебартан а, Кубанан а (чергазий).

1785 шеран аьхка гӀоьртира йуха а Ӏусманшца зӀене вала, султанега дахьийтира хьалхара кехат, хоуьйтур ша муьтӀахт бархо вуйла, дош делира йукъара мостагӀчунна ша тӀелетар вуй. Даьржара эладиташ «гӀазотан» эскаш тӀелета бохуш. Элас Потёмкина-Таврин Григорийс 1785 шеран 6 майхь омар делира шен гергарчу инарлега Потёмкин Павелин, Кавказан сардалан, шайх Мансур йийсар вие «гӀоле йу цӀий а ца Ӏанош»[14].

Иэс

Шайх Мансуран цӀа. Э. Спенсеран гравюра. (1838)
Мансуран сурт нохчийн нахарт тӀехь — шайн валютан кечлуш йолу Ичкерин
  • 1838 шарахь шен «Чергзийчу некъбар» жайнахь Эдмонд Спенсера дӀайазйина Мансуран лерина илли, иза локхура меттигера илланчаша, гайтина Мансур йерриг кавказан турпалхо санна[17].
  • Виноградов Анатолийс роман «Шайх Мансур» йазйина 1934 шарахь.
  • Йаздархочо Ионина Надеждас йукъатоьхна Шайх Мансур «100 сий долу йийсархойн» испискина»[18]
  • Шайх Мансур йукъатоьхна «Исламан 100 Сий долу адамашна» йукъатоьхна[19]

Хьажа кхин а

Билгалдахарш

Комментареш
Хьосташ

Литература

  • Шейх-Мансур // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Гешаев М. Б. Знаменитые чеченцы. — Гр.: Седа, 1999. — Vol. 1. — P. 150—175. — 620 p. — 2000 экз.
  • Дегоев В. В. Непостижимая Чечня: Шейх Мансур и его время (XVIII век). — М.: Модест Колеров, 2013. — ISBN 978-5-905040-08-5.
  • Александр Беннигсен. Народное движение на Кавказе в XVIII в. (Священная война Шейха Мансура (1785—1791 гг.). Малоизвестный период и соперничество в русско-турецких отношениях) // . — Махачкала, 1994. — 5000 экз.
  • Виноградов А. К. Шейх Мансур. — Москва: Журнально-газетное объединение, 1934, 44 с., 4 с. объявл.; 15х11 см. — (Библиотека «Огонек»; № 18 (789)).
  • Tarik Chemal Kutlu. Imam Mansur. — Istanbul: Haziran, 1987.
  • Надеждин П. П. Кавказские горы и горцы // Природа и люди на Кавказе и за Кавказом. — СПб.: Типография В. Демакова, 1869. — С. 91. — 413 с.
  • Кеп:Книга:Потто В. А.: Кавказская война

Хьажоргаш