Хаьржина йаззам
Башкирийчоьнан карта
Башкирийчоьнан карта

Башкирийчоь (башк. Башҡортостан Республикаһы, йоца цӀерш: Башкортоста́н, Башки́ри, кхин лелош йу аббревиатура РБ) — Российн субъект, республика (пачхьалкх). Ийдалйистан федералан гуо, Уралан экономикин кӀоштан дакъа. Коьрта гӀала — Уфа.

Кхоьллина 1917 шеран 15 ноябрехь [28 ноябрехь] къоман-территорин автономи Башкурдистан аьлла, 1919 шеран 20 мартехь, центран Советийн Ӏедало Башкирийн Правительствоца биначу бартаца, цӀе йара Башкирийн АССР цул совнах таханлерчу Россехь дуьххьара къоман автономин республика йу. 1990 шеран 11 октябрехь дуьйна Башкирийн Советийн Социалистийн Республика — Башкортостан йара, 1992 шеран 25 февралехь дуьйна Республика Башкортостан аьлла цӀе йу. Российн республикашна йуккъахь бахархойн барамца хьалхарчу меттигехь йу.

Башкирийчоь цӀе йолу историко-географин мехкан дакъа ду. Дозанаш ду Пермийн мехкаца, Свердловскан а, Челябинскан а, Оренбурган а областашца, ГӀезалойчоьца а, Удмуртица а.

↪ кхин дӀа ›››


Дика йаззам
Мухьаммад
Мухьаммад

Мухьа́ммад (Ӏаьр. ٌمُحَمَّد‎‎; 22 апрель 570, Макка8 июнь 632, Мадинат, Хьиджаз) — иза АллахӀан пайхамар а, элча а ву, ислам дин даржо а, дӏакхачо а массо адамашка а, жинашка а ваийтина. И ваийтина Ӏаламаш АллахӀ цхьаъ варе а, Цунна Ӏибадат даре а йухадерзо. Цуьнан гӀуллакх массо пайхамарийн а, элчанийн а гӀуллакх хилла, царах тӀаьххьарниг а ву иза. АллахӀа доссийна цуьнга Джибрил маликехула Сийлахь долу Къуръан.

↪ кхин дlа ›››


Хаьржина могӀамаш а, кеш а
ТӀаьххьара хаьржина могӀам:
Пачхьалкхийн могӀам
Пачхьалкхийн могӀам
Пачхьалкхийн могӀам.
ТӀаьххьара хаьржина ков:
Нохчийн мохк
Нохчийн мохк
Нохчийчоь
Архив • Харжам • Хьажар


Хаий шуна хӀара?
Вайнах махкахбахар
Вайнах махкахбахар

Вайнах махкахбахар йа (нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар) (операци «Чечевица») — 1944 шеран 23 февралехь долина 9 март кхаччалц Нохч-ГӀалгӀайн а, ДегӀастанан а АССР-шкара вайнах Йуккъера Азе а, Кхазакхстане а бахийтар.


↪ кхин дlа ›››


Дийнахь хилларг — 27 май
Крыловн хӀоллам
Крыловн хӀоллам
  • 1606 — Харц Дмитрийн а, Мнишек Маринийн а дуьхьала москохахойн гӀаттам.
  • 1703 — йоьгӀна Петропавловскан гӀап, Петарбухан хьалхара гӀишло.
  • 1855 — Аьхкенан бешахь дӀабиллина И. А. Крыловн хӀоллам (сурт тӀехь).
  • 1923 — Лагаш Андрес а, Леонар Ренес а толам баьккхина дуьххьарчу «Ле-Манан 24 сахьт» машенах хахкарехь.
  • 1937Сан-Францискохь дина даьлла Дешийн ТӀай.
  • 1941немцойн асанан кема «Бисмарк» хӀаллакдаро сацийна хин тӀехулара флотан тӀелатаран жигаралла.
  • 1949Москохахь дӀакъевлина режиссёран Таиров Александран Камеран театр.
  • 1953 — Кемеровн стиглахь шиъ кема тӀеттӀакхетар.


Таханлера сурт


КӀиран болх
Шена нохчийн маттахь йазйан хуучо кхоллийша цхьанхьа хӀумнах лаце йаззам, ишта чулацаман йоцо коьрта цӀе йолуш кхолла, масалла:




Гергара проекташ