Нажи-Йурт

Нажи-Йурт[3]Нохчийчоьнан Нажи-Йуьртан кӀоштан административан центр.

Эвла
Нажи-Йурт
Сурт
43°05′45″ къ. ш. 46°22′35″ м. д.HGЯO
ПачхьалкхРосси
РегионНохчийчоь
КӀоштНажи-Йуьртан
Йуьртан меттигНажи-Йуьртан
Истори а, географи а
Йиллина1810
Центран локхалла510 метр
Сахьтан асаUTC+3
Бахархой
Бахархой5062[1] эзар.[2] стаг (2002)
Къаьмнийн хӀоттамнохчий
Динан хӀоттамбусулбанаш
Официалан моттНохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код+7 87141
Поштан индекс366220
ОКАТО96225828001
Картин тӀехь
Нажи-Йурт картан тӀехь
Нажи-Йурт
Нажи-Йурт картан тӀехь
Нажи-Йурт
Нажи-Йурт картан тӀехь
Нажи-Йурт

Иза йу Нажи-Йуьртан йуьртан меттиган административан центр.

Географи

Эвла йу Нохчийчоьнан малхбален дакъан тӀехь, Соьлжа-ГӀалина къилба-малхбалехьа 111 километрехь йу, ДегӀаста дозанан гена йоцуш йу, Хаси-Эвлан къилба-малхбузехьа 30 километрехь йу, Ястий хинайистехь йу[4].

Уллера нах беха меттигаш: къилбаседехьа йу — БуланхитӀа, къилбаседа-малхбузехьа йу — Бетти-Мохк, къилбаседа-малхбалехьа йу — Кешен-Эвла а, Бони-Эвла (Дагестан) а, къилбехьа йу — Билта а, МехкаштӀехьа а, къилба-малхбузехьа йу — Ишхой-Отар, малхбузехьа йу — Айти-Мохк а, СоврагӀа а, Ӏалара а, къилба-малхбалехьа йу — Чуьрча-Ирзе а, Гилна а, Зандакъ а[5].

Истори

Эвла йиллина 1810 шарахь.

1944 шеран 23 февралехь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Андалалы аьлла хийцина яра. Эвла баьхкина Дагестанера суьйлий а СССР меттигашкара оьрсийн бахархой а.1957 шеран 9 январехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийна[6] ишта меттахӀоттийна эвлан хьалхалера цӀе а. Коммунистийн харца Ӏедало баха охьахийшина болу суьйлийн дезна шаьш схьа баьхканча йуха баха.

Совет Ӏедал заманехь йуртахь латталелоран а, хьуна лелоран предпреятеш хилла. 1960-1990 шершкахь кӀоштахь тонка кхиоша хилла.

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1939[7]1959[8]1970[9]1979[10]1989[11]2002[12]2010[13]
1658194328823636438850626744
Къаьмнийн хӀоттам

2010 шарахь Йерригроссийн бахархой ларарца къаьмнийн хӀоттам[14]:

ХалкъДукхалла,
стаг
Массо бахархойх дакъа, %
нохчий5 85886,86 %
оьрсий3204,74 %
суьйлий2173,22 %
гӀумкий901,33 %
лаьзгий410,61 %
гӀазгӀумкий320,47 %
кхиберш1802,67 %
билгалцабинарш60,09 %
массо6 744100,00 %

Экономика

Нажи-Йуьртахь йу кибарчигийн завод. 1994 шарахьхиллачу ШолгӀа нохчийн тӀамехь завод йохийнера, 2006 шарахь меттахӀоттийра. Заводан арахецаран нуьцкъалла — 8 миллион кибарчигаш шарахь.[15]

Галерей

Билгалдахарш

Литература