Сидней-гӀалара оперин театр

Сидней-гӀалара оперин хӀусам (ингалсан маттахь Sydney Opera House) — Австралехь, Сидней шахьарехь лаьтташ йолу оперин театр ю. Дуьненахь уггар а евзуш йолу гӀишлойх цхьаъ ю. Австралехь уггар гӀараяьлла меттиг ю иза, пачхьалкхан символ а ю. Континентан коьрта туристийн сийлаллаш юкъахь коьртачех цхьаъ ю. ХӀора шарахь цхьа эзар ворхӀ бӀе хӀоттор хуьлу театрехь[4]. Цаьрга хьажа миллион сов адам оьху (2006-чу шеран хаамашца). Ткъа гӀишлога хьажа 8[5]-10 миллион гергга стаг вогӀу, царна юкъахь туристаш а, гӀалин бахархой а хуьлу[6]. Ши бӀе эзар (200000) адам экскурсилелорхошца боьлху театре.

Сийлахь меттиг
Сидней-гӀалара оперин театр
33°51′25″ къ. ш. 151°12′54″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьтта меттигСидней[d]
Архитектурин хатӀэкспрессионизм[d]
АрхитекторЙёрн Утзон[d][3], Питер Холл[d][3]
Йиллина терахь1973
Локхалла67 метр
Сайтsydneyoperahouse.com(ингалс.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Сидней-гӀалара оперин театр австралихойн а, дуьненан а исбаьхьаллин хазна санна лоруш ю. Шен хатӀехь дуьненахь цхьаъ бен йац иза. Цуьнан тхов гатанан чкъурийн тайпа бу. Театр кхаа шарахь хьалайотта Ӏалашо яра, ткъа проектан мах ворхӀ миллион австралихойн доллар бара. Амма гӀишло яр хьеделира, и ечу хенахь бӀе миллион гергга харжаш йира[7].

Схьайиллина 1973-чу шарахь эсаран-беттан (октябран) 20-чу дийнахь. Схьаелларан хашлехь дакъа лецира Австралин зуда-паччахь йолу ӀӀ-чу Элизабетас.

2007-чу шеран асаран-беттан (июнан) 28-чохь дуьненайукъара хазанаш лардечу ЮНЕСКО-н тептаре яьккхинера иза. Ишта статус йолуш ХХ-чу бӀешеран 70-шерашкахь хьалайоьттина цхьаъ бен йоцу гӀишло ю.

Хьостанаш