Терроризм

Терроризм — хадданза террор латторан политика йу[1][2][3]. Дешан шуьйрачу маьӀнехь, терроризм- политикийн а, динийн а Ӏалонаш дуьхьа хуъушехь ницкъбаран кеп йу. Терроризман юридикан агӀо йоллушехь, таханлерачу дийнахь цуьнан тайп-тайпа маьӀна до[4]. Амма дешна наха ойланашкахь цхьатерра бу, терроризм- иза нуьцкъалчу некъаца политикийн а, идеологийн а, экономикийн а, динийн а Ӏалашонашка  кхачар хилар.

Терроризм
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

«Ницкъбар» а, «кхерор» а «терроризман» (лат. terror — кхерар а, Ӏадор а) синонимаш йу[5]. «Террорхо» а, «терроризм» а терминаш кхоллаелла Французийн карчаман «Терроран зама» олучу муьрехь[6]. Оцу терминах шуьйра пайда эца болабелла 20-чу бӀешеран 70-чу шерашкахь Къилбаседа Ирландехь а, Баскийн пачхьалкхашкахь а, ПалестӀинехь а конфликташ иккхинчу хенахь.

1960-чу шерийн чаккхенгахь кхоллаелла терроризман ша-тайпа кеп — дуьненайукъара терроризм.

Хьостанаш