Чаплин, Чарльз

Ча́рльз Спе́нсер (Ча́рли) Ча́плин (англ. Charles Spencer «Charlie» Chaplin; 1889 шеран 16 апрель1977 шеран 25 декабрь) — америкин а, ингалсан а киноактёр, сценарист, композитор, режиссёр.

Ча́рльз Спе́нсер (Ча́рли) Ча́плин
Charles Spencer «Charlie» Chaplin
Чарли Чаплин
Чарли Чаплин
Бакъ цӀеинг. Charles Spencer Chaplin
ГӀуллакхан тайпакинорежиссёр, композитор, киноактёр, сценарист, кинопродюсер, комик, монтажёр, автобиограф, театральный актёр, кинокомпозитор, Актёр
Вина терахь1889 шеран 16 апрель({{padleft:1889|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:16|2|0}})
Вина меттигЛондон, Ингалс
Кхелхина терахь1977 шеран 25 декабрь({{padleft:1977|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (88 шо)
Кхелхина меттигВеве, Швейцари
Корматаллаартист
ГражданаллаИнгалс, Швейцари
ДаЧарльз Спенсер Чаплин
НанаХанна Чаплин
Зуда
  • Милдред Харрис (1918-1920)
  • Лита Грей (1924-1927)
  • Полетт Годдар (1936-1942)
  • Уна О’Нил (1943-1977)
Бераш12
СовгӀаташ
Куьг таӀорКуьг таӀор
Ча́рльз Спе́нсер (Ча́рли) Ча́плин Викилармехь

Биографи

Бералла (1889—1909)

Чарли Чаплин винера 1889 шеран 16 апрелехь Лондонехь. Цуьна да а, нана а мюзик-холлан артисташ бара. Нана, Ханна Чаплин, йара хелха йолуш а, эшараш локхуш а тайп-тайпана театрашках. Да, Чарльз Чаплин-вокхаверг, вара 1880-гӀу шерашкахь Лондонера мюзик-холашкахь гӀарваьлла эшархо. Масийттаза иза гастролешка ваханера Европе а, Нью-Йорке а. Цо локхуш йолу эшаршан йуккъехь цхьаераш цо ша йазйина йара. Амма иза мала волавелира. 1901 шеран 9 майхь 37 шо кхаьчча волуш иза велира[1].

Чарли дуьххьара сцени тӀе велира 1894 шарахь, пхи шо кхаьчна волуш, мюзик-холл программехь ше ненан меттан. Легашан цамгар бахьнехь тӀаьххьаре цуьна ненан аз дайра. Чарлис эшар локхуш дукха чогӀа хазахетта нах цунна ахчанаш кхисса буьйлабелира. Эшар локхучур сецна иза ахча гулда волавелир. Гулдин велча югӀа а сцени тӀе хьала а ваьлла цо эшар чекхйаьккхира. Иза йара Чарлин хьалхара концерт а, цуьнан ненан тӀаьххьарниг а.

Майра веллачул тӀехьа Чарлин нана чӀогӀа цомгуш хилира. Ханна Чаплин а, цуьна ши кӀант а къинхьегамхойн цӀачу кхечира. Ши къант, Сидий, Чарлий дӀавелира боберийн а, къен бохкучу нехан школе. Цера дийзира шайна рицкъ даккха. 1896 шарахь цера нана кхетам чуьра ялла психиатрин больнице дӀайигира.

1898 шарахь Чаплин «БархӀ Ланкаширера кӀант» аьлла берийн хелхара тобана йукъавахара[2]. 1900 шо дӀадолалуш оцу тобанас «Золушка» аьлла пантомимехь дакъалецира. 1901 шарахь Чаплин оцу тобана йукъара дӀавелира.

Чаплин наггахь бе школе ца воьдура. Дукха хьолехь цо меъ-меънехь болх бора, амма цхьанхьа ца хьелура хенан жима хилар бахьнехь.

1903 шарахь, иза 14 шо кхаьчна волуш хенахь, цунна театрехь болх карийра. Цуьна хьалхара роль йара Билли хьадалча «Шерлок Холмс» аьлла пьесехь. Цу хенахь Чаплин деша хууш вацара. Шега и роль йеша аларна кхоьруш вара иза. Роль Ӏамош цунна цуьна вашас гӀодира.

Масийтта шарахь цо варьетехь болхбира. 16 шо кхаьчна дуьна цо шена чӀондар Ӏамо лууш хӀора дийнахь 4-16 сахьтехь болхбора, шена бойзучаргара урокаш оьцуш.

1908 шеран 21 февралехь цунна йелира меттиг Фред Карно театран предприятехь. Оцо кича скетчаш а, пантомимаш латтайора дукха мюзик-холашна. Кестта Чаплин оцу театрехь цхьайолу хӀотторашкахь хьалхара артист хилира (оцу хӀотторашках цхьаераш цо кхоно экране йаьккхира).

Америкехь даьккхина дуьххьара шераш (1910—1913)

1910 шеран сентябрь дуьйна 1912 шеран июнь кхаччалца Чаплин Карно труппица Америкехь гастролешкахь вара. 1912 шарахь уьш 5 баттан Англе йухабогӀу, амма 2 октябрехь йуха а Америке дӀабахара. Чаплинан дагадеара Америкехь саца. Чаплин кхоно Стэн Лорел аьлла псевдонимца вевзина волу Артур Стенлица цхьана чохь Ӏаш вара.

Мак Сеннет кинопродюсерна Чаплинс бешболу болх хазахетта цо иза шен «Кистоун» киностуди кхайкхинера. 1913 шеран 23 сентябрехь Чаплинс «Кистоунца» контракт йазйинера хӀора къирнах 150 доллар алапан[3].

Цкъа хьалха къоначу актеран халадара кинематографан тӀедилларшца тарвала. Чаплинс дакъалецна хьалхара фильм якхинчула тӀехь Сеннетс аьллера Чаплин балха эцара шен гӀалат дара[4].

Мак Сеннетс халонца Чаплине кхидӀа болхба йишйелира. Амма кхоно къона актер дакъалоцу фильмаш са йала йолайелира. ТӀаьххьаре Чаплин киностудийн тоьлла артист хилира. Чаплин сценарист а, режиссер а болх беш йолу Мэйбл Норман куьйга кӀел вахара. Амма Чаплин вараш шен фильмаш ша йа лууш. Кино йоккхучу хенахь цера девнаш дуьйлура. Амма цера йукъаметтигаш ца телхира[5].

Кхерстанча васт схьайалар, Чаплин гӀарвалар (1914—1918)

Чарли Чаплин а, Джеки Куган а «Жима кӀант» фильмехь

Цкъа хьалха Чаплин Сеннетс йоккхуш йолу фильмий хатӀ лело гӀертара. Амма и хатӀ йитчи бе иза гӀар ца волу. Кестта иза гӀарваьлла киноактер хилира. Чаплин шен экранан васт шарйа волавелира. Дуьххьара цуьна персонаж тӀехьаьжна къух тервара. Амма тӀехь-тӀехьа жим-жималца цуьна дикалла а, лиризм а совйолура.

Кхерстанча дуьххьара гучуволу 1914 шеран 7 февралехь премьера хилла «Берийн машений сихалла» комедехь. И васт муха схьаялла Чаплинс дуьйцура[6]:

Суна ца хаьара муха грим йа йеза. Со сайн куцан резавацар. Костюмерны чуьвоьдуш суна цӀеххьана дагадеара шуьра, кхозуш хеча тӀейоха, чӀогӀа йаккхи мачаш а, котелок а, кера Ӏаса эца а. Суна леара сан бедарш цхьана ца йогӀуш хила: дукха шуьйра хеча а, готта костюм а, жима котелок а, йаккхи мачаша а. Суна ца хаьара со жима хила веза, йа воккху хила веза. Амма суна дагадеара со Сеннетна дукха жима хетар. Цун дела аса сайна жима мекхаш тӀелатийра. Суна хетара и мекхаш бахьнехь со воккху хетар ву, ама цара са мимика къайла йоккхур йац аьлла. Кечлуш хенахь суна ца хаьар хӀун амал хила йеза оцу вастан тӀехьа, амма со кеч ма велла сан костюмс а, гримс а схьаэлира сога хила йеза васт. Со павильончу веача сан персонаж кхоллайелира.

Кхерстанча дукха хууш а, цхьана ца йогӀу амалаш йолуша а вара. Шен цӀенга хьаьжна а воцуш, цуьна амалаш эхӀ-аьлла йу, джентельменан бедар а, дикалла а йу. Оцу вастахь дукха дакъанаш Чаплинел хьалха пайда эцнера кхоьчу комикаш. ӀасантӀе а вазвелла дӀахӀоттар Чаплинс шен дегара хьаийцира — иза гинера цун цхьана цӀера суртан тӀехь. «Верстина» Арбаклс лелайора шен вастаца йогӀуш йолу жима котелок а, нана йоккху хеча а. Честер Конклинс ша комедийш йоккхуш лелайора фрак, Форд Стерлингс лелайора 47-гӀа барам болу мачаш, Мак Суэйнс леладора жима мекхаш. Амма и массо хӀума цхьанатоьхча а, шегара цхьацца хӀуманаш тӀетоьхча а (Чаплинс аьрру мача аьтто кога тӀеюхура, аьтто мача аьрру кога тӀеюхура), цуьнга кхоллайелира шатайпа Кхерстанчи васт.

Жим-жимма кино йаккхар массо агӀонаш шена Ӏамча, Чаплинан кхачаме ца хетара актер болх бе ша беш ца хилча. Цо Сеннетегара шена бакъо йаьккхира ша кино йаккха. Кестта Чаплин кхийтира Сеннетан ша болх мел бо ша паргӀат хира воци. Цундела иза «Кистоунера» балхара дӀаволу.

1914 шарахь Чаплинс йаьккхира шен дуьххьара фильм «ДогӀан къела нисвелларг» ша артист, режиссер, сценарист а волуш. Цуьна алап сиха тӀекхеташ дара: 1914 шарахь «Кистоун» студехь цо кӀирнах доккхура 150 доллар, 1915 шарахь «Эссеней филм» студехь цуьна алап дара 1250 доллар хӀора кӀиранх, цул сов 10 эзар доллар контрактех, 1916-17 шарашкахь «Мьючуэл филм» студехь — 10 эзар доллар хӀора къирнах, цул совнах 150 эзар доллар контрактех. 1917 шарахь Чаплинс чӀагам бинера «Ферст Нэшнл» студица цхьан миллион долларан. Цу хенахь иза массарелла веза актер вара.

United Artists студехь бина болх (1919—1939)

Цхьа хан ялча Чаплинан шен кхолларалехь паргӀато йазна. 1919 шарахь цо хьайиллина «Юнайтед Артистс» студи. И хьайоллуш цунна гӀо деш бара Мэри Пикфорд, Дуглас Фэрбенкс, Дэвид Гриффит. Царна лаьара кинопрокатчикий а, финансистий а куьйга кӀелара бовла. Студи йиллиначултӀехь Чаплине йиш хилира шена ма луа фильмаш. Чаплинс болх бира «Юнайтед Артистс» студехь ша 1950-гӀа шарашкахь Амеркира дӀаваггӀалц.

Массо а Чаплинс шен студехь йахна фильмаш йуьззина метраж йолуш йара. Хьалхарниг йара «Парижанка» аьлларг (1923 шо). Иза Чаплинан кхолларалин тайпаналин йоцу психологически драма йара. Оцу фильмехь Чаплин ша цкъай бен гучуцавелира камео ролехь. «Парижанка» башха хаза а ца хийтира хьовсархошна. Амма критикаш а, кинематографисташ а реза хилира цунна[7].

Цул тӀаьха цо йаьккхира «Дешин хорша» а (1925 шо), «Цирк» а (1928 шо).

1921 шарахь «Олимпик» лайнер тӀехь Чаплин Европе вахара[8]. Иза вогӀи хиъча Лондонехь а, Парижехь а дукха нах гулло. Лондоне иза веача дуьххара кхаа дийнахь цуьнга деара 73 эзар кехат. Берлинехь тӀом чекхбеллачул тӀехь цуьна фильмаш гойтуш йацара, цундела иза цхьанна а ца войзар. ШозлугӀа Чаплин веара Европе 1931 шарахь цуьна керла «Йокху гӀалин серло» аьлла фильман премьера йолуш. КхозлугӀа иза веара Европе 1936 шарахь шен «Керла зама» аьлла фильм гайта.

1922 шо кхаччалца Чаплине шен цӀа дацара — иза вехара гостиницашкахь, аренде лаьцна цӀеношкахь, клубашкахь. 1922 шарахь Чаплинс шена цӀено дира Беверли-Хиллс аьлла Калифорнехь йолу гӀаличохь. Оцу цӀеночохь 40 чоь йара, кинозал а, орган а.

Кино чохь аз дуьххьара 1927 шарахь йукъаделира, амма кхиа итт шарахь Чаплинс аз доцу фильмаш йоккхура. Чаплинс дуьххьара аз долуш йаьккхина фильм йара 1940 шарахь йаьккхина «Сийлахь-воккху диктатор». Иза йара тӀаьххьара фильм чохь Кхерстанча а волуш.

Америкехь хьийзам болабар

Америкехь маккартизм йолаелча Чаплин америкин дуьхьал болх беш ву аьлла бехкева болабелира. Иза къайлах коммунист ву аьлла шекбойлера. ФБР куьйгалхо Эдгар Гувер омра йинера Чаплинах лаьцна досье гулйеш беш болу болх чӀагӀбе аьлла. И досье гулдеш болх 1930-гӀа шарашкахь болабина бара. Цул совнах Гувер гӀертара Чаплин Америкера араваккха. ФБРс Чаплин хьийзавар совделир Чаплинс 1942 шарахь шозлугӀа фронт хьаялларгахьа кампани йиначулатӀехь. 1940-гӀа шараш чекхдолуш хенахь конгрессменаш бара Чаплин конгрессе кхайкха гӀерташ. Амма цара иза ца дира, схьахетарехь, цо шайх лаьцна цхьа кхардам баккхарна кхоьруш[9].

1952 шарахь Чаплинс йаьккхина «Рампина серло» аьлла фильм. Иза йара кхолларалах а, кхолларалин болх бечу стагахь а лаьцна. 1952 шеран 17 сентябрехь Чаплин Лондоне вахара шен керла фильм премьерина. Гуверс иза йуха ца ваийтина, цуьна цӀе Оруэлл спискехь йу аьлла[10].

ТӀаккха Чаплин Швейцарехь йолу Веве аьлла гӀалахь Ӏа волавелира.

Политика бахьнехь хьийзавар

Чаплин а, Ганди а, Лондон, 1931 шо

Хьлахара дуьненан тӀом болу хенахь Америкин эдалан дехарца пачхьалкхан облигациш йаржош дакъа лоцуш вара. И бахьнехь иза а, Мэри Пикфорд а, Дуглас Фэрбенкс а леррина гулйина митингашкахь бистхуьлура.

Чаплинс «Керла зама» аьлла фильм йаккхича ФБРс иза тидаме ийцира.

Чаплинс «Сийлахь-воккху диктатор» фильм йоккхуш хенахь Чаплинега олура цуьна фильм цензурехь чекхъера йац. Цуьнга олура и фильм ма йаккха, иза цкъаа Америкехь йа Англехь гойтура йац.

Германи СССРн тӀекхеттачултӀехь эдил Чаплин хьийзочура сецира, амма хьовсархойгара кхерамаш туьйсуш кехаташ аьха доладелира. Цхьа долчу кехаташчохь йаздора «Диктатор» гойтуш хенахь зал чу садукъдо газ йолуш бомбанаш кхуьссур йу аьлла а, экранах герз даьттарду аьлла а. Чаплин барт ба гӀиртира портан грузчики профсоюзан хьаькимца кинотеатраш ларйаран.

«Диктатор» фильм араялча «Дейли ньюс» аьлла нью-йоркера газетас йаздора, «Чаплинс хьовсархошна „коммунистин пӀелг“ Ӏуьттура» аьлла. Нацистан пропагандас Чаплин жуьгти ву олура. Америкен дуьхьул бешболу балхан комиссис Чаплине балхан таллар долийра. Оцу таллар йукъахь цхьа дакъа дара Чаплине къам къастадар.

«Месье Верду» аьлла фильм йоккхуш хенахь Чаплин Вашингтоне кхайкхира Америкин дуьхьал беш болу балхан таллар до Комиссис, амма кхоно кхайкхар дӀадекхир. Голливудера 19 стаг дӀакхийкхинера. Царехь шай бакъонаш йица болабелларш цхьана шеран набахте чубуьхкира Комисси ца ларарна. Чаплинс дуьйцура, Комиссехь велархьамма иза Комисси йолчу Кхерстанча дохарехь ва лууш вара. И бахьнехь Комиссис шен кхайкхар дӀадекхир[11].

Чаплин цкъа а ца хилла Америкен гражданин. «Месье Верду» фильм цензурас чекх ца йолитара[12]. Иза чекх йалийтир кхи цхьаъ монтаж йиначул тӀехь. «Месье Верду» гойтуш хенахь цунна дуьхьалонаш йора. Газеташкахь Чаплинан дуьхьал хӀумнаш йазйора. Коммунист ву аьлла Чаплинан бехк биллар совнах[13], цунна бехк буьллура иза Америке гражданин вац аьлла.

«Католикин легион» боху тобана фильман бойкот йира, кинотеатраш «Месье Верду» гайта реза ца хуьлура. Газеташкахь «Католикин легион» йина пикеташи сурташ тӀедеттар. Цергахь долу плакаташ тӀехь йазйина хуьлура «Чаплин — цӀечера некъахо!», «Неха стаг араваккха вайн пачхьалкхан!», «Чаплин дукха хьевелла вайгахь!», «Чаплин Россие дӀахьажаве!». Амма и фильм Оскар совгӀатан халхатеттинера «Тоьлла сценари» категорехь.

1952 шарахь Чаплинан лиира Англе вагӀа. Цо дийхира иммиграцин белхалошка йухава бакъо лушйолу виза. Иммиграцин гӀуллакхош шайн таллар йолайира. Иза масийтта беттан йахйелира. Амма тӀаьххаре а виза йелира цара. Амма Чаплин Америке дӀавогӀучу хенахь Чаплинега хаитира иза Америке йухава ца магитиний. Нагахь санна цунна пачхьалкхан чу ва лаахь, цуьна иммиграци департамент комиссин цхьацца политикин бехкдаран жоп дала дезарду. Цул совнахь цунна цхьацца телхинхилар бехк биллина бара. Чаплинан и хьовзам боккхуш дакъа лецир Америке хирволу президент Ричард Никсон.

Чаплин Америкера дӀаваханчул тӀехь Америкера налоган департамент Европехь Чаплинс гайтина йолу «Рампин серло» фильман тӀера 1955 шо кхаччалц налог йаьккхина. Америкен налоган департаментс Чаплин Америкин гуттарлера вахархо лоруш вара. Чаплин йиш ца хилира америкен суде дехар да шен бакъонаш ларйа.

ТӀаьххьара белхаш

Сийлахь «Оскар» Чаплине луш ву Джек Леммон (1972 шо)

Швейцарехь Чаплинс йазйира эшар шен аздоцу фильмашна, «Дешин хорша» фильман аз дира.

1954 шарахь цунна делира Халкъашна йуккъера Машеран совгӀат.

Ша йаьккхина «Паччахь Нью-Йоркехь» аьлла фильмехь (1957 шо) и ша левзира коьрта роль.

1962 шарахь Чаплинс шен мемуараш арахийцира. Оцу мемуарашца «Чаплин» аьлла исбаьхьаллин фильм йаьккхира (1992 шо).

1967 шарахь цо шен тӀаьххьара «Гонконгера графиня» аьлла фильм шен сценарийца йаьккхира. Цу чохь коьрта ролешкахь бара Софи Лорен а, Марлен Брандо а.

Ларам а, валар а

1972 шарахь цунна шозлугӀа йелира «Оскар». И бахьнехь иза Америке веара йоцца хан йаккха — цунна кӀезиг виза бе ца йелира.

1975 шеран 4 мартехь иза рыцарь вира Елизавета II.

1977 шеран 25 декабрехь Чаплин наб ечахь велира шен цӀено чохь Вевехь. Циггара кешнашкахь дӀавоьллира иза.

Чаплин безамна Женевин Ӏаьмна йистехь хӀоттина хӀоллам.

1978 шеран 1 мартехь Чаплинан дакъ хьа а деккхина лачкъинера мах баккхарна[14]. Полицис къуй хьалецира. Цуьна дакъ йуха а дӀадоьллира 1978 шеран 17 майхь Швейцарехь Мероуз цӀе йолу кешнашкахь Корсье-Сюр-Веве гӀалахь тӀоьгӀула 1,8 м бетон йиллина йухаа иза лачкъа ца дайта.

Чаплинс йоаза зуда йалийра, цунах 12 бер диснера. Царех цхьаберш г1иртира артисташ хила, амма йевзаш артист Джеральдина Чаплин бен ца хилира.

Лархой а, ӀаткӀам а

Чаплин Ӏаламат чӀогӀа гӀарвалар бахьнехь дукха нах гӀиртира цунах тарбала. «The Сandy Kid» (1917) фильмехь Билли Уэстс схьаицира Чаплинан амалш[15]. Цхьадолу иштта лелараш бахьнехь цакхетараш нислора. Масала, «Чаплинс йаьккхина ю» аьлла «Пропеллер тӀехь волу стаг» боху 1922 шарахь Москвахь гайтина фильм прессехь йицира Алексей Ганс[16].

Ша йица мегир йу Чаплине а, цо кхоьллинчу Кхерстанчи вастан а ХХ бӀешеран хьалхара эха исбаьхьалли боламанаш тӀе. Иштта, йевзаш йу «Чаплин — йалха суртехь трагигротеск» аьлла пьеса (1924 шо, Мелхиор Фишер)[17], «Чаплиниада» аьлла «кино-поэма» (1920 шо, Иван Голль)[18].

Чаплинехь лаьцна Владимир Маяковскийс йазйира «Киноповетрие» аьлла байт (1923 шо)[19]:

Молчи, Европа, дура сквозная!
Мусьи, заткните ваше орло.
Не вы, я уверен, —
не вы, я знаю, —
Над вами смеется товарищ Ша́рло.

Кхерстанчи сурт дуьллура бойзушбола художникаш, царна йукъахь Фернан Леже а, Марк Шагал а[20]. Шагал 1927 шарахь интервью луш элира[21]:

Суна хазахийтира Германехь хилла экспрессионизман триумф, Фрацехь сюрреализм йолайалара, экрантӀехь Чарли Чаплин гучувалара. Чаплин кинохь да гӀерташ ву со сайн сурташ тӀехь да гӀертараг. Тахана иза цхьаъ бе воцу художник ву суна йукъара мотт карорболуш.

Иштта Чаплинан исбаьхьаллин мах лакхара хадора Илья Эренбургс[22]:

Шарло вайн ву, керла, ФУТУРИСТ. Амма иза куьйгалле хӀоьттинаг кхетачера а, хуучера кружокаш йацара. Иза хьалхара куьйгалле хӀоьттира динна халкъашна. <…> Вайна го — Шарло дог-ойлан артист вац, дог ирахӀоьттин комик вац, амма къовламе КОНСТРУКТОР ву, леррина массо а леларан схема хоттош йуккъерчу бӀешерен жонглер санна. Цо нийса ФОРМУЛИЦА самукъадоккху.

Чаплинца доьзна исбаьхьалли ойланех лаьцна, цуьна кхолларах а лаьцна деша мегирду Юрий Цивьянс йазбина болхтӀехь «О Чаплине в русском авангарде и о законах случайного в искусстве» (2006)[20].

Аздоцу кино меттан аздолушъерг еанехь а, Чаплин кхолларалли йоккха Ӏаткъам йара дукха комедин арстисташна. Къаьстина иза гуш йу Жак Тати боху французан артисти кхолларалехь. Цо йохучу аздолу фильмаш чохь боккху кхиамца лелайора аздоцу кинохь хуьлушйолу кепаш (масала, «Юло боху элин каникулаш»). Кхерстанчи васт къестина гуш йу советски клоун Карандаш кхолларалехь.

Ша тайпа Чапланан лархо лара мегирду Гонконгера актер а, латар говзанча а Джеки Чан. Цо лелайо шера трюкан говзалла динна самукъане ситуаций чахчаре кхоллархам.

«Бенни и Джун» фильмехь Сэм боху персонаж шен дохарца а, боларца а Чаплинах тераву. Оццу фильмехь Сэмс гойту булкашца хелхар.

Самукъане хилларш

  • Чаплин диъ де воккха вара цо «Сийлахь-воккха диктатор» фильм чохь гайтина волу Гитлералла;
  • Чаплин гаьззо вара;
  • Чаплинс дуьххьара аьцна маше 4900 доллар доккху сиха а, йеза а Locomobile йара;
  • Чаплинан дукхаеза спорт йара бокс. «Йоккха гӀалин серло» бохуш фильмехь коьрта роль левзина йолу Вирджиния Черилл Чаплинан евзира стадионехь иза боксе хьажа вахача. «Чемпион» аьлла фильмчохь Чаплинс левзина боксеран роль;
  • Чаплинан дукха деза хелхар дара танго. «Йоккха гӀалин серло» аьлла фильмехь цо «вовшахтуьхуьр» бокс а, танго а;
  • Чаплинс шен фильмаштӀехь даьккхира 10,5 млн доллар;
  • Социальны кредитах лаьцна Клиффорд Дугласас йазйина кинжк яшча, Чаплинс шен мел йолу акциш йохкира 1928 шарахь — Йоккху депресси йолаяле.
  • Чаплинс фильмаш йоккхуш хенахь цхьаъ бен бала ца белира — «Тийна урам» аьлла фильм йоккхуш хенахь Чаплин ша лазийра.
  • Цхьана дийнахь Кхерстанчехь терниш къастош болу къиссамехь ша мила ву ца хоитуш дакъа лаьцча Чаплин финале а ца кхечира[23];
  • Чаплинан массарелла дукха везаш волу комик Бенни Хилл вара. 1991 шарахь Хилл Чаплин доьзалла болчу веъча цунна гайтира Чаплин гулйина Бенни Хилл шоу тӀехь йолу йоккха видео гулдар;
  • 1920-гӀа шарашкахь Кхерстанча Европехь войзуш вара «Шарло» цӀе йолуш;
  • Революци хилали Россиехь Чаплинс йаьккхина фильмаш хаза хеташ йацар. Цунах лаьцна «Проектор» журналехь йаздинера[24]:

Чаплин аьттехьа комически актер вац. Иза клоун ву, шена тӀараш доьттитуш верг ву. Россиехь Чаплине кхиам хуьлуьла дац. Иза таьх вон, гома ву, исбаьхьалли вац. Макс Линдер а, Пренс а, Паташон а, Андре Дид а вайн дуккха а цулла гергара бу, кхета атта а бу.

Йуьззина метраж йолу фильмаш

  • 1914 шоТиллин хедда везаш хилар (Tillie’s Punctured Romance, кхи цӀераш — For the Love of Tillie / Marie’s Millions / Tillie’s Big Romance / Tillie’s Nightmare; актёр; исторехь хьалхара йуьззина метраж йолу кинокомеди)
  • 1921 шоЖима кӀант (The Kid; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, монтажёр)
  • 1923 шоПарижанка (A Woman of Paris; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр (камео), монтажёр)
  • 1925 шоДешин хорша (The Gold Rush; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, монтажёр)
  • 1926 шоЗуда хӀорд йистехь (A Woman of the Sea; продюсер)
  • 1928 шоЦирк (The Circus; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, монтажёр)
  • 1928 шоИсбаьхьаллин нах (Show People; камео)
  • 1931 шоЙоккху гӀалин серло (City Lights; кхи цӀе — City Lights: A Comedy Romance in Pantomime; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, монтажёр, композитор)
  • 1936 шоКерла зама (Modern Times; кхи цӀе — The Masses; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, композитор)
  • 1940 шоСийлахь-воккху диктатор (The Great Dictator; кхи цӀе — The Dictator; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, композитор)
  • 1947 шоМесье Верду (Monsieur Verdoux; кхи цӀераш — A Comedy of Murders / The Ladykiller; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, композитор)
  • 1952 шоРампин серло (Limelight; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, композитор)
  • 1957 шоПаччахь Нью-Йоркехь (A King in New York; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр, композитор)
  • 1967 шоГонконгера графиня (A Countess From Hong Kong; продюсер, режиссёр, сценарист, актёр (камео), композитор)

Йоца фильмаш

«Keystone» студис йаьккхина фильмаш

Массо фильм арахецна 1914 шарахь:

ПремьераЦӀеОригиналКхи цӀераш
12 февральРицкъ доккхушMaking a LivingA Busted Johnny; Troubles; Doing His Best; Take My Picture
27 февральБерийн машений сихаллаKid Auto Races at VeniceThe Children’s Automobile Race; Kid’s Auto Race; The Pest
38 февральМэйбл Ӏаламат холча хӀоттарMabel’s Strange PredicamentHotel Mixup; Pajamas
428 февральШина догӀан йуккъахьBetween ShowersCharlie and the Umbrella; The Flirts; Between Shaves; In Wrong Thunder and Ligh
52 мартДжонни кинохьA Film JohnnieCharlie at the Studio; Charlie the Actor; Film Johnny; Million Dollar Job; Movie Nut
69 мартТанго-гӀуртTango TanglesCharlie’s Recreation; Music Hall
716 мартЦунна йеза хан йаккхарHis Favorite PastimeThe Bonehead; Charlie Is Thirsty; Charlie’s Reckless Fling; The
826 мартКъиза, къиза безамCruel, Cruel LoveLord Helpus
94 апрельТоьлла хӀусамхоThe Star BoarderThe Fatal Lantern; The Hash-House Hero; In Love with His Landlady; The Landlady’s Pet
1018 апрельМейбл машенан тӀам лаьцнаMabel at the WheelHis Daredevil Queen; A Hot Finish
1120 апрельБезаман ткъа минотTwenty Minutes of LoveCops and Watches; He Loves Her So; Love-Friend
1227 апрельКабарехь хьалецнаргCaught in a CabaretCharlie the Waiter; Faking with Society; Jazz Waiter; Prime Minister Charl
134 майДогӀан къела нисвелларгCaught in the RainAt It Again; In the Park; Who Got Stung?
147 майГӀуллакхе деA Busy DayBusy as Can Be; Lady Charlie; Militant Suffragette
151 июньБале жӀовThe Fatal MalletHit Him Again; The Pile Driver; The Rival Suitors
164 июньЦуьна доттагӀ талорхоHer Friend the BanditMabel’s Flirtation; A Thief Catcher
1711 июньНокаутThe KnockoutCounted Out; The Pugilist
1813 июньМэйбл гӀуллакхе деMabel’s Busy DayCharlie and the Sausages; Hot Dog Charlie; Hot Dogs; Love and Lunch
1920 июньМэйбл хӀусамехь йахарMabel’s Married LifeThe Squarehead; When You’re Married
209 июльСамукъадоккху газLaughing GasBusy Little Dentist; The Dentist; Down and Out; Laffing Gas; Tuning His Ivories
211 августРеквизиторThe Property ManCharlie on the Boards; Getting His Goat; Props; The Rustabout; Vamping Venus
2210 августБар цӀенкъахь йолу йуьхьThe Face on the Bar Room FloorThe Ham Actor; The Ham Artist
2313 августДӀахецарRecreationSpring Fever
2427 августМаскарара туьтмӀажигThe MasqueraderThe Female Impersonator; The Female; The Perfumed Lady; The Picnic; Putting One
2530 августЦуьна керла говзаллаHis New ProfessionThe Good for Nothing; Helping Himself
267 сентябрьКхоам цаборашThe RoundersGoing Down; The Love Thief; Oh, What a Night; Revelry; Tip, Tap, Toe; Two of a Kind
2724 сентябрьКерла кехоThe New JanitorThe Blundering Boob; The New Porter; The Porter
2810 октябрьХӀара безаман ӀазапашThose Love PangsBusted Hearts; Oh, You Girls; The Rival Mashers
2926 октябрьБода, динамит аDough and DynamiteThe Cook; The Doughnut Designer; The New Cook
3029 октябрьЭхь доцу джентльменGentlemen of NerveCharlie at the Races; Some Nerve
317 ноябрьЦуьна музыкин карьераHis Musical CareerCharlie as a Piano Mover; Musical Tramps; The Piano Movers
329 ноябрьЦуьна вовшахкхетаран меттигHis Trysting PlaceFamily Home; Family House; The Henpecked Spouse; His Trysting Places; The
331 декабрьХилла вовзарGetting AcquaintedExchange Is No Robbery; A Fair Exchange; Hello Everybody
347 декабрьЦуьна исторел хьалха дӀадаханаргHis Prehistoric PastThe Caveman; A Dream; The Hula-Hula Dance; King Charlie

«Essenay» студис йаьккхина фильмаш

ПремьераЦӀеОригиналКхи цӀераш
1.1915, 1 февральЦуьна керла болхHis New JobCharlie’s New Job
2.1915, 15 февральБуьйса дӀайаллалцA Night OutChampagne Charlie; Charlie’s Drunken Daze; Charlie’s Night Out; His Night Out
3.1915, 11 мартЧемпионThe ChampionBattling Charlie; Champion Charlie; Charlie the Champion
4.1915, 18 мартПаркехьIn the ParkCharlie in the Park; Charlie on the Spree
5.1915, 1 апрельМашенахь вадарA Jitney ElopementCharlie’s Elopement; Married in Haste
6.1915, 16 апрельКхерстанчаThe TrampCharlie on the Farm; Charlie the Hobo; Charlie the Tramp
7.1915, 29 апрельХӀорда йистехьBy the SeaCharlie by the Sea; Charlie’s Day Out
8.1915, 21 июньБолхWorkCharlie at Work; Charlie the Decorator; Only a Working Man; The Paperhanger; The Plumber
9.1915, 12 июльЗудаA WomanCharlie the Perfect Lady; The Perfect Lady
10.1915, 9 августБанкThe BankCharlie Detective; Charlie at the Bank; Charlie in the Bank
11.1915, 4 сентябрьШанхайваьккхинаргShanghaiedCharlie Shanghaied; Charlie on the Ocean; Charlie the Sailor
12.1915, 20 ноябрьМюзик-холлехь суьйреA Night in the ShowCharlie at the Show; A Night at the Show
13.1915, 18 декабрьКарменCharlie Chaplin’s Burlesque on CarmenBurlesque on Carmen
14.1916, 27 мартаПолициPoliceCharlie in the Police; Charlie the Burglar; Housebreaker
15.1916, 21 октябрь«Эссенейхь» Чаплине кхоллараллаThe Essanay-Chaplin Revue of 1916The Chaplin Revue of 1916
16.1918, 11 августКхолха цатамTriple TroubleCharlie’s Triple Trouble

«Mutual» студис йаьккхина фильмаш

ПремьераЦӀеОригиналКхи цӀераш
11916 шо, 15 майУнивермагера контролёрThe FloorwalkerShop; The Store
21916, 12 июньЦӀеяйархоThe FiremanThe Fiery Circle; A Gallant Fireman
31916, 10 июльКхерстаргThe VagabondGipsy Life
41916, 7 августСахьт даьлча буьйсанаOne A.M.Solo
51916, 4 сентябрьГрафThe CountAlmost a Gentleman
61916, 2 октябрьЙолахон туькаThe PawnshopAt the Sign of the Dollar; High and Low Finance
71916, 13 ноябрьЭкран тӀехьаBehind the ScreenThe Pride of Hollywood
81916, 4 декабрьСкетинг-рингThe RinkRolling Around; Waiter
91917 шо, 22 январьТийна урамEasy Street
101917, 16 апрельДарба лелорThe CureThe Water Cure
111917, 17 июньИммигрантThe ImmigrantBroke; Hello U.S.A.; A Modern Columbus; The New World
121917, 23 октябрьКхераме хӀумнаш лоьхургThe Adventurer

«First National» студис йаьккхина фильмаш

ПремьераЦӀеОригиналКхи цӀераш
11918 шо, 14 апрельЖӀалийн дахарA Dog’s Life
21918, 28 сентябрьОблигациThe BondCharlie Chaplin in a Liberty Loan Appeal
31918, 20 октябрьБелш тӀеShoulder Arms
41919 шо, 22 июньМалххьожу агӀоSunnyside
51919, 7 декабрьДийна таманашA Day’s PleasureA Ford Story
61921 шо, 25 сентябрьСакъоьру классThe Idle ClassVanity Fair
71922 шо, 2 апрельАлап ло деPay Day
81923 шо, 25 февральПилигримThe Pilgrim

Кхоьчу фильмашкахь наггахь гучувалар

  1. 1914 шоТалорхой лоьцу таллархо (A Thief Catcher, эпизодехь гучуволу полицейски)
  2. 1915 шоИза тавалар (His Regeneration, эпизодехь гучуволу эцархо)
  3. 1921 шоТамашена стаг (The Nut, эпизодехь гучуволу тӀехволург)
  4. 1923 шоДухкушдолу синош (Souls For Sale, камео)
  5. 1923 шоГолливуд (Hollywood, камео)

Чаплинех лаьцна фильмаш

  • «Чаплин» (1992 шо) — исбаьхьала фильм Ричард Аттенборо режиссёрс йаьккхина, Чаплин ролехь — Роберт Дауни-жимниг, Чаплин нана Ханна ролехь — Ханне кӀента йоӀ, Чаплинан йоӀ Джеральдина Чаплин.
  • «Цавойзу Чаплин» («Unknown Chaplin», 1983 шо) — Британехь йаьккхина кхо сери йолу документан фильм. Цу йукъа йахара тамаш болуш йисина Чаплинан фильмий белха материалаш, цуьна наггахь бе йоцу цӀахь йаьккхина кадраш а, цуьна фильмий монтажан тӀаьххьара версиш йукъа ца дахан дакъош.
  • «Чарли: Чаплинан дахар а, исбаьхьалла а» («Charlie: The Life and Art of Charles Chaplin», 2003) — Ричард Шикелин документальны фильм,Чаплинан дахарех а, кхоллараллех а, цуьна ХХ бӀешеран исбаьхьаллехь йолу меттигехь лецна а йаьккхина.

Билгалдахарш

Литература

  • Стефен Вейсман. Чарли Чаплин: История великого комика немого кино = Chaplin: A Life. — М.: ЭКСМО, 2010. — С. 352. — ISBN 978-5-699-40883-2
  • Лита Грей Чаплин. Моя жизнь с Чаплином: Интимные воспоминания = My Life With Chaplin. — М.: «Альпина Нон-фикшн», 2009. — С. 411. — ISBN 978-5-91671-037-3
  • Чаплин Ч. С. Моя биография. Пер. с англ. З. Гинзбург. — М.: «Вагриус», 2000. — 520 с. ISBN 5-264-00127-8.
  • Кукаркин А. В. Чарли Чаплин. 2-е изд., дораб. и доп. — М.: «Искусство», 1988. — 287 с.
  • Садуль Ж. Чарли Чаплин. Пер. с франц. — М.: «Искусство», 1981. — 209 с.

Хьажоргаш