Ша-шен дер

Ша-шен дер йа суицид (латинан маттера sui caedere «ша вер») — хуъушехь ша шена тоьхна хӀаллакхилар ду[1].

Ша-шен дер
Ша-шен дер (Мане Эдуардан сурт)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Суицидан бахьанаш йукъахь ду — синӀаткъаман цамгарш а (царна йукъахь депресси а, биполяран карзахалла а, аутизм спектран карзахаллаш а, шизофрени а, стеган цамгарш а, сингаттаме цамгарш а), физически цамгарш а (масала дӀа ца долу гӀелдалар), психотропан молханаш мийлар а, маларийн цамгар а[2][3][4][5].

Ша кхоа ца вар (масала тӀамехь а, къаьсттина халчу хьолехь а) турпалалла санна лоруш ду; башхо йоцу суицидах а, альтруистан суицидах а къастадо иза.

Дерригдуьненан могушалла Ӏалашйаран организацин (ВОЗ-ан) хаамашца, хӀора шовзткъе секундехь суицид ярца цхьа стаг хӀаллакхуьлу. ХӀора дийнахь дуьненахь кхо эзар адамо суицид йо. ХӀора шарахь цхьа миллион адамо суицид йо.

Ша-шен деран уггара лахара гайтамаш бу Латинан Америкехь а, Ӏаьрбойн а, цхьайолчу азиатийн а пачхьалкхашкахь. Суицидийн йуккъера барам бу Къилбаседера а Йуккъерачу а Европехь а, Къилбаседа Америкехь а, Къилба-Малхбале Азехь а, Тийначу Ӏапказан Малхбузера декъехь а (Австрали а, Канада а, ХӀинди а, Керла Зеланди а, Америкин Цхьанатоьхна Штаташ а). 2008-чу шеран ша-шен деран уггар лакхара гайтамаш бара Литвахь а, Беларусехь а, Россехь а, Шри-Ланкехь а, Кхазакхстанехь а, Мажаройчоьнах а, Японехь а, Украинехь а, Латвехь а[6].

Суицидийн бахьанаш

Билгалдоху рогӀера суицидийн бахьанаш:

  • Стеган дахарехь йолу проблемаш:
    • ямартло яр;
    • доьзалан девнаш а, дӀасакъастар а[7];
    • гергарчу стеган цамгар а[8], кхалхар а[9];
    • ша хилар а[10][11][12], тидам цатоар а, гонаха болчу наха гӀайгӀа ца бар а[13];
    • балх тӀехь а, доьшучу меттехь а аьтто цахилар[14];
    • зенаш хилар а[15], банкрот хилар а[16];
    • аьтто байна йукъараллин зеделларг (масала, цхьана тобанах йукъаравалар а, балхара дӀаваккхар а, карьера йохар а[17]), социале изоляци а[18];
    • аутинг (адаман ца луъушехь йа пурба доцуш цуьнан сексан ориентацех а, гендеран билгалдаккхарех а лаьцна къайле нахалаяккхар а);
    • хала соматични цамгар йа эрчавоккхуш сакхт[19];
    • психотропан молханаш маларца йоьзна проблемаш (цу йукъахь синӀаткъаме (психологикан));
    • къаьсттина депресси а, кхийолу синӀаткъаман цамгарш а (Дерригдуьненан могушалла Ӏалашйаран организацин хаамашца, 15 процент депресси йолчу наха суицид йо[20]).
  • Ша-шен вуьйчу хьоле ваккхар[21]:
    • Ӏалашоллин хьийзор а, эладита (сийсаздар) а, кхерор а, гӀело яр а;
    • ницкъбар а[22], еттарш а;
  • ХӀоттар а, дахарехь самукъа цадалар а, Ӏалашо цахилар а[23];
  • Динан фанатизм (бӀарзвелла тешар) а, Ӏадатан ша-шен дер а[24].
  • Сий лардархьама ша-шен дер (масала, харакири);

Тайпанаш

Ша-шен дер тайп-тайпана хуьлу. Л. З. Трегубовс а, Ю. Р. Вагинс а билгалйаьккхина цуьнан тайпанаш[25]:

  • ша-шен ирхъолла
  • садукъдар[26]
  • хи чу эккхар
  • дӀовш (талу[27][28] а, набаран молханаш а[29][30][31], наркотикан препараташ а) малар
  • ша-шен дагор
  • Ӏуттучу а, ирачу а герзаца суицид яр:
  • долучу герзан гӀоьнца
  • электричествон токаца
  • хӀаваан кеманийн пилоташ хуъушехь бина авиабохамаш[32]
  • лакхе тӀера охьакхетар
  • мацалла хьегар
  • кхераме шелдалар

Америкин Цхьанатоьхначу Штаташкахь 2005-чу шарахь ша-шен деран уггаре йаьржина кепаш йара[33]:

·       долучу герзаца йина суицид — 52,1 %

·       ша-шен ирхъолла— 22,2 %

·       дӀовш малар — 17,6 %

·       кхийолу методаш — 8,1 %

Ша-шен дер а, дин а

Дела цхьаъ веш волчу динашкахь (ислам а, керсталла а, яхӀудийн дин а) ша-шен дер къилахь лоруш ду. Делахь а, цхьацца йукъарадаккхарш хуьлу. Суицид йинчу адаман докъан ламасташ кхочуш ца до. Йукъарадаккхарш ду: синтӀаткъаме цамгар йолуш нах а, кхетам чохь ца хилла адам а, вехна хилла адам а[34]; шайн динан а, даймехкан а дуьхьа белларш а, шен ницкъ ца байта кхелхинарш а.

Сийлахьчу Къуръанехь Аннисаъ (Зударий) суратехь а, 29-чу айатехь йаздина ду:

ХӀай шаьш [Дéлах] тешнарш! Ма даа вовшийн даьхнеш шайна йукъахь харцонца, и [даьхнеш] шу вовшийн рéза долу совдéгар [даьхнеш] хилча бен . Ма дайъа шайн догӀмаш . Баккъалла а АллахӀ ву шоьца къинхéтамé.

Ортодоксан керсталлехь суицид йинчарна тӀера доӀа дан магош ду. Протестанталлехь а[35], таханлерачу католицизмехь а[36] ша-шен дер динчунна тӀера докъан ламасташ кхочушдо. Кхиболчу неха дуьхьа шен дахар дӀадалар суицид санна лара ца деза бохучу нахас даладо Ӏийсан Инжилера дешнаш:

«Шен доттагӀашна хьалхара шен са а дӀадаллал болчу безамал сов безам цхьанна а хир бац.» (Яхья 15:13)

Билгалдахарш