Америкин Цхьанакхетта Штаташкахь Гражданийн тӀом (инг. American Civil War) — 1861—1865 шерашкахь Америкин Цхьанакхетта Штаташкахь хилла тӀом. Иштта а «Къилбаседан а, Къилбан а юккъахь тӀом» олу цунах.
АЦШ гражданийн тӀом |
---|
|
Терахь | 12 апрель 1861 — 9 май 1865 |
---|
Меттиг | Къилбера мохк; 1863 — Къилбаседера мохк |
---|
Бахьна | Лай бацабеш штаташан сецесси |
---|
ЖамӀ | АЦШ толам; Къилбан юхайар; Лолла дIаяккхар |
---|
|
АЦШ | Кеп:Байракх/АШК АКШ |
|
|
|
|
гӀуллакхехь хила: 2 129 000 стаг[1] | гӀуллакхехь хила: 1 082 000 стаг[1] |
|
|
360 000 вийна, 215 000 доь доцуш вайна 275 200 чевнаш хилла 181 200 йийсаре лаьцна[2] | 260 000 вийна, 195 000 доь доцуш вайна 137 000 чевнаш хилла 436 700 йийсаре лаьцна[2] |
|
|
616 222[3] велла, 410 000 доь доцуш вайна, 412 000 чевнаш хилла, ≈617 900 йийсаре лаьцна[2][4] 50 000-130 000 машаре бахархой белла.[5] |
|
|
Медиафайлаш Викилармехь |
ТӀом болабелира Къилбаседан цхьайтта штат Америкин Цхьаьнакхетта Штаташ чуьра араяла лаам болуш хиларна. Цара кхоьллира Америкин Штаташан Конфедераци, доцца аьлча Конфедераци. Америкин Цхьаьнакхетта Штаташ урхалла а, цуьнан муьтӀахь хилла штаташах Барт (инг. the Union) олура[6].
Лолла дара тӀеман коьрта бахьана. Лай бацабар даьржина дара Къилбан Штаташкахь а, Конфедераци чу йогӀуш йолу 11 штаташкахь а. Амма Къилбаседан штаташкахь лолла магийна дацар. Лолла дӀадаккха сацам бина волу Авраам Линкольн Америкин Цхьанакхетта Штаташан президент хаьржинчул тӀаьхьа, Конфедерацин штаташ Барт чуьра арайовла гӀоьртар. Бертан хетарехь, штаташан бакъо яцар дӀакъаста. Лай бацабеш пхиъ штат йисира Бертахь. Царах «дозанера штаташ» олура. Хьалхара, Бертан тӀамехь лолла дӀаяккха Ӏалашо яцар. Дерриг 1862-чу шарахь хийцаделар[7].
1861-чу шеран 12-чу апрелехь Конфедерацин ницкъаш Къилбера Каролинехь Бертан эскаран карахь йолу Форт Саммер гӀопан тӀелатарца болабелира тӀом. Деа шарахь лаьттира тӀом. Къилбан доккха зенаш дира. 1862 шо кхаччалц къилбаседанан штаташкахь дара латарш. Ткъа 1862-гӀа шарахь дуьйна къилбера штаташкахь.
ТӀаьххьара толам баьккхара Барто. Цо толам баккхарца лолла дӀаяьккхира массо а штаташкахь.
Билгалдахарш