ЭгӀашбатой
ЭгӀашбатой[1] — Нохчмахкахойн тукхумара нохчийн тайпа[2].
Къена тайпа | |
ЭгӀашбатой | |
---|---|
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | Нохчмахкахой |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | Нохчимахкахойн лер |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Гергарло | ГӀордалой, Энганой |
Таханлера дӀасакхалхар | |
Росси: хууш дац Нохчийчоь: хууш дац ДегӀаста: хууш дац | |
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Нохч-Мохк |
Тайпа Q1a гаплобанера ду, Энганой а, ГӀордалой а санна[3][4][5].
Географи
ЭгӀашбетан доза ду: къилбехьа Эрсанца, малхбалехьа Курчалца (Гуьмс-хица), къилбаседехьа Гуница, малзбузехьа ЦӀен-Веданца (Хул-Хуло хица)[1].
Топонимаш
- Гуьмсен къилба-малхбузехь хьалха лаьттина кӀотар ЭгӀашбатойн-Отар, ткъа Гуьмс-Хин аьрру бердаца Аьрсаной-корта дукъ тӀехь лаьттина ЭгӀашбатой эвла[6].
- 1859 шарахь ГӀойтӀан къилба декъах олура ЭгӀашбатойн ГӀойтӀа[7].
- Сиржа-Эвлахь йу ЭгӀашбатойн йукъ.
- XӀX бӀешарахь Хул-Хулон аьтту бердаца лаьттина ЭгӀашбатой эвла йа Мимазай.
- ЭгӀаштхойн лам – Тевзанан къилбехьа.
Истори
Цхьаьна версица тайпа схьадаьлла шина вешех, историн мехкара Нашхара кхелхина болу ЭгIашах а, Бетех а тайпана ЦӀесий хилла болу[1]. Ткъа церан дай Сайд-Ӏали Шамин кӀентан кӀентан кӀента, Нашха йиллинчу Пахруддинан тӀаьхьенах лору. Уьш цигара ЦӀеса баьхкина, тӀаккха ЭгӀашбета баьхкина.
ЭгӀашбатой схьабовларх лаьцна йаздина 1868 шарахь инарла А.П.Ипполитовс, Ахшипатой (ЭгӀашбатой) фамилино лору шайн схьадовлар фиренгейх, аьлчи а европахойх[8].
XIX бӀешарахь Соьлжа-ГӀалахь Кировн цӀарах парк лаьттинчохь, хӀинца Нохчийн Республикин резиденци лаьттачох хилла ЭгӀашбатойн-Юрт, иза йохийна инарла Ермоловс. Дийна бисина бахархой кхелхина Йоккха АтагӀа а, ГӀойтӀа а. Цара ехкира керла кӀотарш а, эвланаш а, кхоллайелира ЭгIашбатойн ГIойтIа Гелин ГIойтIан уллехь, адам тӀе а кхетта уьш вовшах кхийтира.
Мамакхин-Юрт лаьттара хӀинцалерачу Ипподромни олучу Соьлжа-ГӀалин кӀоштахь. Соьлжа-ГӀалахь гӀап йугӀуш иза кхалхийра хӀинцалерачу меттиге. Мамакхи а, Хьанакхай а тайпана эгӀашбатойх а вара, ши ваша а вара.
Хьанакхайн йурт лаьттара Соьлжа-ГӀалин хьехархойн училище лаьттинчохь[9].
Баржар
ЭгӀашбатой охьахевшина Нохчийчоьнан ярташка а, гӀаланашка: БердакӀел, Гал-ГӀала[1], ГӀойтӀа[1][1], Жима АтагӀа, Йоккха АтагӀа, Новр-ГӀала, Сиржа-Эвла[10], Соьлжа-ГӀала, ТӀехьа-Марта, Хьалха-Марта, Цоци-Эвла, Чечана, ЧӀулга-Юрт, Шела[1], Шелковски.
Билгалдахарш
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |