Ди Стефано, Альфредо

Альфре́до Ди Сте́фано Лаулье́ (испан. Alfredo Di Stéfano Laulhé, испанхойн лиер: [alˈfɾeðo ði esˈtefano]; 1926 шеран 4 июлехь, Буэнос-Айресехь2014 шеран 7 июлехь, Мадридехь) — аргентинин, испанин футболист, тӀелатархо. Ловзархочун карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа тренер болх бира. Левзира «Ривер Плейт», «Уракан», «Мильонариос», «Реал Мадрид», «Эспаньол» клубашкахь. Аргентинин гулйина командин йукъахь левзира 6 матчехь, туьйхира 6 гол, Колумбин гулйина командин йукъахь левзира 4 матчехь, Испанин гулйина командин йукъахь левзира 31 матчехь, туьйхира 23 гол.

Футбол
Ди Стефано Альфредо
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀеДи Стефано Лаулье Альфредо
Харц цӀеСирла месаш йолу Пха
(La saeta rubia)
[1]
Вина терахь1926 шеран 4 июль({{padleft:1926|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:4|2|0}})
Вина меттигБуэнос-Айрес, Аргентина
Кхелхина терахь2014 шеран 7 июль({{padleft:2014|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (88 шо)
Кхелхина меттигМадрид, Испани
ГражданаллаАргентинин байрак Аргентина
Испанин байракх Испани
Локхалла178 см
ПозицитӀелатархо
Кегийрхойн клубаш
1943—1944Аргентинин байракх (1812—1985) Ривер Плейт
Клубан карьера[* 1]
1944—1949Аргентинин байракх (1812—1985) Ривер Плейт66 (49)
1946 Аргентинин байракх (1812—1985) Уракан24 (11)
1949—1953Колумбин байракх Мильонариос102 (90)
1953—1964Байракх Испанин (1945—1977) Реал Мадрид282 (216)
1965—1966Байракх Испанин (1945—1977) Эспаньол47 (11)
1944—1966Йерриг карьерехь521 (377)
Къоман гулйина команда[* 2]
1947Аргентинин байракх (1812—1985) Аргентина6 (6)
1951—1952Колумбин байракх Колумби4 (0)
1957—1961Байракх Испанин (1945—1977) Испани31 (23)
Тренеран карьера
1967Байракх Испанин (1945—1977) Эльче
1969—1970Аргентинин байракх (1812—1985) Бока Хуниорс
1970—1974Байракх Испанин (1945—1977) Валенсия
1974Португалин байракх Спортинг
1975—1976Байракх Испанин (1945—1977) Райо Вальекано
1976—1977Байракх Испанин (1945—1977) Кастельон
1979—1980Испанин байракх Валенсия
1981—1982Аргентинин байракх (1812—1985) Ривер Плейт
1982—1984Испанин байракх Реал Мадрид
1985Аргентинин байрак Бока Хуниорс
1986—1988Испанин байракх Валенсия
1990—1991Испанин байракх Реал Мадрид
СовгӀаташ а, мидалш а
Къилба Америкин чемпионат
ДешиГуаякиль 1947
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Футболист волуш шозза хилла Аргентинин чемпион, кхузза Колумбин чемпион, борхӀазза толамхо хилла Испанин чемпионатан. Ди Стефанос цкъацца баьккхира Колумбин кад, Испанин кад, Континенташна йукъара кад. Шозза баьккхина Дуьненан Жима кад, пхоьазза тоьлла Европин чемпионийн кедехь. Тренер волуш Альфредос шозза йаьккхина Аргентинин чемпионат, цкъа Испанин чемпионат, цкъа Испанин Суперкад, цкъа УЕФА Кедаш баьхначеран кад.

Ди Стефано цкъа хилла Аргентинин чемпионатан уггаре дика бомбардир, шозза хилла Колумбин чемпионатан уггаре дика бомбардир, пхоьазза йаьккхина Испанин чемпионатан уггаре дика бомбардиран титул, шозза хилла Европин чемпионийн кедан уггаре дика бомбардир. Шозза даьккхира Европин уггаре дика футболистан совгӀат, Дешин буьрка, доьазза хилла Испанин уггаре дика спортхо.

Альфредо вара XX бӀешерана кхоалгӀа футболист ФИФА футболан Комиссин версица[2][3]. МФФИИС хеттаршца йоккху йоьалгӀа меттиг XX бӀешеран уггаре дика дуьненан футболисташна йукъахь. Йоккху йалхолгӀа меттиг XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна йукъахь World Soccer журналан версица. Йоккху йоьалгӀа меттиг XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна йукъахь France Football версица[4]. Йоккху кхоалгӀа меттиг XX бӀешеран уггаре дика ловзархошна йукъахь Guerin Sportivo версица[5]. Йоккху йалхолгӀа меттиг футболан исторехь уггаре дика ловзархошна йукъахь Placar версица[6]. Дуьненан уггаре дика ловзархойн испискан йукъавоьду Planète Foot [7] а, Voetbal International[8] а версица. 1954 – 2003 шерийн муьрера Испанин уггаре дика ловзархо ву УЕФАн версица.

2000 шарахь дуьйна Ди Стефано вара «Реал Мадрид» клубан сийлахь президентан даржехь. Ткъа 2008 шарахь дуьйна года УЕФАн сийлахь президент.

Хилла ФИФА Сийлаллин залан дуьххьарлера декъахо[9]. Ди Стефанон цӀарах йина хӀонс Испанин уггаре дика ловзархочун[10]. «Реалан» резерван команда йолу «Реал Мадрид Кастилья» клубан стадионан Альфредо Ди Стефанон цӀе йелла[11]. Дийна а волуш Сантьяго Бернабеу стадионан уллехь цунна хӀоттийра иэс[12].

Биографи

Хьалхара шераш

Ди Стефано винчу шарахь шен ненаца

Ди Стефано Альфредо вина 1926 шеран 4 июлехь Буэнос-Айресан портан кӀоштахь йолчу Барракас куьпахь[13]. Цуьнан схьавалар ду европахойн мухажирийн ийначу доьзалера: цуьнан деда Мигель (Италехь цуьнан цӀе йоккхура Микеле[14]) был родом с Капри[15] олий. Мигелан да, Альфредон дедеда, дон Феличионе инарла хилла эскарехь Гарибальди Джузеппен эскарехь[16][17]. Хаза ду, Феличионен зуда а, иштта йина Ди Стефано фамилица, схьайалар Сицилера[18] доллушехь. Микеле, шен даймохк битина , охьахиира Буэнос-Айресан Ла-Бока кӀоштахь, болх бора, Парана чухула сурсаташ Парагвай кхоьхьуш. Микеле 17 шо долуш вахара хьалха Къилбаседа, цул тӀаьхьа Къилба Америке дестечуьнца дов а даьлла, Феличионен[18] шолгӀачу зудчунца. Ди Стефанон денана, Тереза Кьоцца, схьайалар Генуяр долуш йара. Церан доьзалехь ворхӀ бер дара: Феликс, Анибаль, Эктор, Альфредо, Луиза, Хуана, Освальдо[16][18].

Ди Стефано (аьтту агӀора йисттехь) «Прогресс йолчеран барт» командин ловзархошца цхьаьна

1940 шарахь доьзал йуха а кхелхира; хӀинца дӀатарбелира Лос-Кардалесера фермехь. Оцу хенахь Альфредн дийзира ишкол йитина дуьххьара болх бан, шен ден гӀодеш, иза вара картол кхиош, юхкуш, ткъа кхин а накхарш лелош[19][20]. Ша Ди Стефанос дукхаха дерг гӀо дора арахь, тӀехьожура 80 белхалочунна[16][18]. И болх чӀогӀа хала а, дукха ницкъ дӀабоккхуш а боллушехь, Альфредос ца йитира футбол. ХӀора кӀиранан дийнахь иза шен вешийца Тулиоца[21] ловзура поселкан «Прогресс йолчеран барт» (испан. Unión Progresista) командин матчашкахь Камапана лигехь, ткъа кхин хьажа воьдура «Ривер Плейтан» матчашка, цуьнан хьажархо вара ворхӀ шо долуш дуьйна[22], ткъа цуьнан дена, Ла-Бомбонера кӀоштахь вина волу, йезара клуб «Бока Хуниорс»[20].

Фермехь болх бечу хенахь Ди Стефанон дийзира мафица Ӏиттавала а: «Росариохь дӀатаръеллера америкин мафи. Уьш баьхкинера Чикагора йа Нью-Йоркера, цигахь гучу а бевлла. ТкъеитталгӀа шерашкахь, Декъа законан заманахь, цара нах бойура. Мафи йара чӀогӀа дика йина, терго латтайора массо а италихойн кӀенташна тӀаьхь. Сан «воккхачу стаган» тӀехь а йара терго. Иза декхарийлахь вара ша даьккхинчух процент такха — 5-10 песо хӀора йоьхкина картолийн вагон тӀиера. Дена такха ца лаара. Иза лелара кисана тапча а йоьллина, дӀа а вуьжура цуьнца, латтайора ишкапан схьаозочу гӀутакхан чохь. ГӀутакх схьадоьллушехь, буьйнахь тапча хуьлура. Наггахь мафис герз деттара вагонашна, амма, цара иза кхера ца вора. Да кхоьрура, тхо лачкъадарна. Цкъа тхан цӀа чу баьхкира уьш. Оха сихха хаийтира нене, иза котам тилош йара кухни чохь. Иза арайелира карахь мачете а долуш, коган кӀажанаш гучудовлуш бевдира уьш. Кхин цкъа, тхо Сан-Николасе деваша волчу доьлхуш, тхан сихха боьду цӀерпошт тӀиера охьалелха дийзира. Цигахь шеко йолуш виъ стаг вара. Цхьаъ царех тхойга веанера цӀа иэца, тха дена иза вевзира. Со цу хенахь дика кхеташ вацара, хӀун хуьлуш ду, амма хезира, тхо дӀакхаьчначул тӀаьхьа дас девешега дуьйцуш»[23].

«Ривер Плейт» а, «Уракан» а

Ди Стефанон хьалхара «футболан» документ, цуо хоуьйту иза «Ривер Плейтан» ловзархо вуй

Альфредон 17 шо долуш, Ди Стефанон нанна дуьхьала кхийтира ден доттагӀ, «Ривер Плейт» клубан хилла голкипер, Алехандро Лупасни, иза болх беш вара церан куьпахь электрик. Цуо дийхира цуьнга, футболехь аьттонаш боху шен кӀанте клубехь хьовсийтахьара аьлла. Лупаснис гӀо дира: масех де даьлча Эулалиян кехатна дуьхьала клубера телеграмма йеира, цунна тӀехь Альфредога кхойкхура гайтаме вар[18][24]. Къона футболисте хаьттича, клубе кхача гӀо хьан дира хьуна, цуо жоп делира: «Сан нанас»[25]! Къуна ловзархочуьнга хьаьжира Пеуселье Карлос, цунна гира Ди Стефанон похӀма, кхайкхира цуьнга клубан йоьалгӀачу команде. Берриг хьевсинчу 32 берех дӀаийцира шиъ, шолгӀаниг хилира Альфредон уллера доттагӀ, Сальвучи[18]. Хаза ду, Ди Стефанон да кӀант футболе вахарна дуьхьала хилар, Эулалияс халла резавира доьзалан да дуьхьало ца йарна цуьнан футболан биографина[16].

Ловзаран статистика

Карьера гайтар

КомандаМурОфициалан
матчаш
Официалан йоцу
матчаш
Йерриг
ЛовзаршГолашЛовзаршГолашЛовзаршГолаш
Ривер Плейт1944—1949765511108765
Уракан19462511322813
Мильонариос1949—19531121007057182157
Реал Мадрид1953—1967396307119105515412
Эспаньол1956
1964—1966
6014776721
Аргентина1947660066
Испани1957—19613123113224
Колумби1951--4040
Барселона1953—1961--3232
Валенсия1955--1111
кхин[26]1948—1965--8+6+8+6+
Йерриг карьерехь706516227+191+933+707+

Клубан карьера

КлубШоЛигаКедаш[27]Кедаш
КОНМЕБОЛ /
Еврокедаш[28]
Кхин дерш[29]ЙерригДоттагӀаллин
матчаш
Всего
ЛовзаршГолашЛовзаршГолашЛовзаршГолашЛовзаршГолашЛовзаршГолашЛовзаршГолашЛовзаршГолаш
Ривер Плейт19440000--00001010
19451000--00100010
19460010--00100010
19473028----2132292+434+33
1948231211640030174+534+22
1949129----001291+113+10
Йерриг6649216421765511108765
Уракан
(аренда)
1946241110--002511322813
Йерриг24111000002511322813
Мильонариос19491516----0015161+1+16+17+
1950292355--0034285+10+39+38+
1951343200--0034324+8+38+40+
1952241955--00292414+20+43+44+
19530000--00005+5+5+5+
Йерриг10290101000001121007057182157
Реал Мадрид1953/54282700--002827953732
1954/55302500--203225773932
1955/56302400750037291164835
1956/573031338722434310155358
1957/583019777100044369105346
1958/592823857600433416135947
1959/602312536800342311174540
1960/612321982021363016125242
1961/6223118410700412210135135
1962/63131298210024211263627
1963/6424111195003417614018
1965/66--------001010
1966/67--------001010
Йерриг2822165039584963396307119105515412
Эспаньол1955/56--------001212
1964/65247320000279443113
1965/6623441600033521356
Йерриг47117360006014776721
Йерриг карьерехь5213777053705384669487210181879668

Гулйина командашкахь ловзар

Аргентинин гулйина команда

Шен дахар

2013 шеран 5 майхь Ди Стефанос кхайкхийра ша шозлагӀа зуда йалайо костарикахо Гонсалес Джине, иза цулла а 50 шо жима йара (иза кхайкхочу хенахь Альфредон 86 шо дара, ткъа Джинен 36 шо дара). Гонсалес йара цуьнан секретарь а, адвокат а, цуьнца цхьаьна болх беш йара Marca газетехь а. уьш бевзинера 2007 шарахь, оцу хенахь журналист йолчу Гонсалесан тӀедиллинера ловзархочун биографии йазйан[30]. Ша Альфредос зуда йалорах элира: «Сан бераш дуьхьала ду керлачу зудчунна. Амма суна башхалла йац. Тхуна цхьаьна хила лаьа»[31]. Альфредон кӀентий дуьхьала бара зуда йалоран, уьш кхоьрура, керла зуда кӀела хӀума диллина еани хиларах[32]. 12 майхь Джина дӀайахара Ди Стефаногара дӀахьедина, «иштта хьолехь кхунах маре хир дац» аьлла. Цул тӀаьхьа цуо Альфредон чот тӀиера дукха ахча а эцна цхьаьна агӀора дӀайахара[33]. Джина Коста-Рике цӀайирзина кхайкхийра, дерриг хӀуманна а бехке футболистан бераш ду, цара новкъарло йо Альфредога зӀе тоха а[34]. Октябрехь Джина йухайеира Мадриде, дӀакхайкхийра: «Муха ойла йо цара, сунна ахча деза бохуш, аса сайна хӀумма а ца оьшу бохуш хилча»[35]. Оцу шеран 2 октябрехь Ди Стефано шен дегӀан доладанлуш ца хилар къобал дира, цуьнан бахаман терго дӀайелира берашка[36]. 2014 шеран 5 июлехь Ди Стефано госпитале дӀавигира ледара хьал долуш деган лазар деинчул тӀаьхьа, иза хилира Мадридан цхьаьна урамехь, «Сантьяго Бернабеун» уллехь. 88 шо долу Ди Стефано чувуьллу жигара терапийн палате, иза куьйга коман хьоле воккху. 2014 шеран 7 июлехь 89-гӀа шо долуш иза кхелха[37].

Ди Стефанон нана, Эулалия Лаулье Жильмон (французийн лерца, Лоле́), Беарнехь вина французийн пилотан Пьерр Лаульен а, ирландхочун Дик Инесан а тӀаьхьенех йара[15][18]. Ди Стефанон ден цӀе а йара Альфредо; иза а, кӀант санна, футболист а, тӀелатархо а[18] вара, цул сов, иза вара «Ривер Плейт» клуб кхоьллинчех цхьаъ, цунна йукъахь левзира иза 1910 - 1912 шерашкахь, карьера чекйаьккхира гола лазийна[17][19]. ШолгӀа Микелен кӀантехь, Альфредон вешегахь, марехь йара Аргентинин гулйина командин голкиперан Исола Карлосан йиша. Жимаха волу Альфредо воцуш, доьзалехь кхин а ши бер дара — Тулио (вина 1928 шарахь), иштта футболех ловзуш вара, Норма (йина 1931 шарахь), иза баскетболах ловзуш йара[16][22].

Ди Стефанон доьзал. Аьтту агӀора аьрру агӀорхьа: Альфредо-жимахверг, Альфредо-воккхахверг, Норма, Эулалия, Тулио

Циггахь, Барракас кӀоштахь, Ди Стефано волавелира футболех ловза, еса аренашкахь: «Сан 4 йа 5 шо долуш со ловзура урам тӀехь, иза йара фабрикан кӀошт, машенаш цигахь кӀезиг йара, аре йара тӀулг биллина. Иштта, оцу хенахь тхо массо а цигахь ловзура. Тхо, меттигера бераш, шорта дара, хӀунда аьлча тхан кӀоштахь дехара эсала адамаш, ткъа генара схьа иштта доьзалашкахь дукха бераш хуьлура. Иштта тхо ловзура оцу куьпахь, ткъа тӀаьхьа кхин цхьа куп а йара, кӀеззиг гена»[38]. Бераш, буьрка иэца ахча доцуш, ловзура хьаьхьамчан буьрканашца[17], царе хлора шишша сентаво; кевнаш дара йа дитташ, йа пенаш тӀехь дехкина сизнаш[18]. Шен накъосташца Альфредос йира кӀоштан команда, цӀе тиллира «Цхьаьнатоьхна а, Толам боккхурш а» (испан. Unidos y Venceremos): «Сан кӀоштахь вара, соьлла а дика ловзуш, 40 сов кӀант. Цхьаъ доьшуш вара, цхьаберш балха бахара, ткъа цхьаболчаьрга шайн мача а ца иэцалора»[39]. Дуьххьарлера цӀуоканан буьрка Альфредос йаьккхира кинотеатрера лотерейхь[18]. Ди Стефанон 10 шо долуш, иза Ӏамо волавелира 17 шо долу кӀант. ТӀаьхьа Альфредос дийцира, нисса и кӀант бахьнехь хилира шех «ши ког болу» ловзархо, аьлча а цхабосса дика буьрканах тоха аьрру а, аьтту а ког[18].

ТӀаьхьа Ди Стефанон доьзал кхелхира Флорес куьпе, цигахь дас эцнера ранчо. Цигахь жима Альфредо шен керла лулахойн кӀенташца волавелира ловза кӀоштан «Магнит» (испан. Imán) командехь[19]. Оцу клубехь цунна йелира шен дуьххьарлера футболан кунья — «Минельита», «Ривер Плейт» клубан ловзархочун Минелья Хосе Мариян сийнна, иза а Ди Стефано санна сирла месаш йолуш вара[15][22].

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Кеп:«Дешин буьрка» йаьккхинарш