Дешин буьрка (France Football)

«Дешин буьрка» (фр. Ballon d'Or) — хӀора шеран футболан совгӀат, кхин а девза Европера шеран уггаре дика футболистан (инг. European Footballer of the Year) цӀарца. Ло хӀора шарахь дика лаьррачу футболистан. СовгӀат кхоьллина France Football журналан коьртачу редакторо Ано Габриэла, цуо дийхира шен белхан накъосташка Европера шеран уггаре дикачу ловзархочун кхаж тасар 1956 шарахь. Дуьххьара совгӀат даьккхинарг хилира «Блэкпул» йукъара Стэнли Мэтьюз[1]. [2][3]

Дешин буьрка
Мохк
Тайпаспортан совгӀат[d]
Хьан лоFrance Football[d]
Статистика
Кхолларан терахь1956
Сайтfrancefootball.fr/…(Франц.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Йуьхьанца журналистийн Европехь клубашкахь ловзу европин ловзархошна бен кхаж таса йиш йацара, цундела Марадона Диего а, Пеле а санна футболисташна и совгӀат ца далалора[4]. 1995 шарахь бакъонаш хийцаелира: хӀинца совгӀат даккха таро йара муьлххачу къоман футболистан, нагахь иза европин клубехь ловзуш велахь. Европера воцу дуьххьарлера совгӀат даьккхина футболист оццу шарахь хилира «Миланан» ловзархо Веа Джордж[5]. 2007 шарахь бакъонаш йуха а хийцаелира: хӀинца «Дешин буьрка» яккха таро йара муьлххачу къоман, дуьненан муьлххачу клубан ловзархочун. Иза бахьнехь толамхо билгалвоккху журналистийн барам а тӀетуьйхира: Европин 52 журналистех, дерриг дуьненан 96 журналист хилира, цара билгалвоккху пхиъ уггаре дика шеран футболист[6].

2010 шарахь совгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА шеран ловзархо» а цхьаьнатуьйхира «ФИФА Дешин буьрка» цӀе а туьллуш. Дуьххьара оцу совгӀатан да хилира Месси Лионель[7]. 2016 шеран сентябрехь ФИФАс сацийра накъосталла France Football журналца «Дешин буьрканца» йолчу агӀора. Оцу хенахь дуьйна совгӀатах йуха а «Дешин буьрка» олу, иза France Football журнало ло[8]. ТӀаьххьара совгӀат даьккхинарг ву Месси Лионель[9].

«Дешин буьрка» совгӀат уггаре дукха, кхузза, делира веа футболистан: Кройф Йоханан, Платини Мишелан, ван Бастен Маркон, Криштиану Роналдун (Платини бен вац и совгӀат кхаа шарахь тӀекӀел, 1983 – 1985 шерашкахь, и совгӀат даьккхинарг[1]). СовгӀаташ «Дешин буьрка» а, «ФИФА Дешин буьрка» а уггаре дукха даьккхинарг, ялхазза, Месси Лионель[10] ву. Цул сов, Мессин бен ца дела и совгӀат деазза тӀекӀела, 2009 – 2012 шерашкахь.

1997 шарахь «Дешин буьрка» йаьккхира Роналдос, иза дуьххьарлера бразилихо хилира и совгӀат даьккхина[5]. Уггаре дукха совгӀат даьккхина немцойн футболисташа: Германера пхеа ловзархочо йаьккхина ворхӀ «Дешин буьрка». Кевнахойх Яшин Лев бен вац и совгӀат даьккхинарг; иза хилира 1963 шарахь.

2020 шарахь исторехь дуьххьара «Дешин буьрка» ца елира цхьанне а, хӀунда аьлча пандеми COVID-19 бахьнехь совцийнера берриг баккхий дуьненайукъара къийсамаш, царна йукъахь ЕВРО-2020, ткъа цхьа могӀа къаьмнийн хьалхеяккхарш совцийнера я чекхйаьккхинера хеназа[11].

Толамхойн исписка

Месси Лионель — тӀаьххьара «Дешин буьрка» йаьккхинарг.
ШоМохкЛовзархоКлубБилгалдахаршПозици
Дешин буьрка France Football (1956—2009)
1956  ИнгалсМэтьюз Стэнли БлэкпулФорвард
1957  ИспаниДи Стефано Альфредо Реал Мадрид[1957]ТӀелатархо
1958  ФранциКопа Раймон Реал МадридТӀелатархо
1959  ИспаниДи Стефано Альфредо Реал МадридТӀелатархо
1960  ИспаниСуарес Луис БарселонаАхтурсло
1961  ИталиСивори Омар Ювентус[1961]ТӀелатархо
1962  ЧехословакиМасопуст Йозеф Дукла (Прага)Ахтурсло
1963  ССРСЯшин Лев Динамо (Москох)Кевнахо
1964  ШотландиЛоу Денис Манчестер ЮнайтедТӀелатархо
1965  ПортугалиЭйсебио Бенфика (Лиссабон)ТӀелатархо
1966  ИнгалсЧарльтон Бобби Манчестер ЮнайтедАхтурсло,

ТӀелатархо

1967  МажаройчоьАльберт Флориан ФеренцварошТӀелатархо
1968  Къилбаседа ИрландиБест Джордж Манчестер ЮнайтедАхтурсло
1969  ИталиРивера Джанни МиланАхтурсло
1970  ФРГМюллер Герд Бавария (Мюнхен)ТӀелатархо
1971  НидерландашКройф Йохан АяксТӀелатархо
1972  ФРГБеккенбауэр Франц Бавария (Мюнхен)Турсло
1973  НидерландашКройф Йохан Барселона[1973]ТӀелатархо
1974  НидерландашКройф Йохан БарселонаТӀелатархо
1975  ССРСБлохин Олег Динамо (Киев)ТӀелатархо
1976  ФРГБеккенбауэр Франц Бавария (Мюнхен)Турсло
1977  ДаниСимонсен Аллан Боруссия (Мёнхенгладбах)ТӀелатархо
1978  ИнгалсКиган Кевин ГамбургТӀелатархо
1979  ИнгалсКиган Кевин ГамбургТӀелатархо
1980  ФРГРумменигге Карл-Хайнц Бавария (Мюнхен)ТӀелатархо
1981  ФРГРумменигге Карл-Хайнц Бавария (Мюнхен)ТӀелатархо
1982  ИталиРосси Паоло ЮвентусТӀелатархо
1983  ФранциПлатини Мишель ЮвентусАхтурсло
1984  ФранциПлатини Мишель ЮвентусАхтурсло
1985  ФранциПлатини Мишель ЮвентусАхтурсло
1986  ССРСБеланов Игорь Динамо (Киев)ТӀелатархо
1987  НидерландашГуллит Рууд Милан[1987]Ахтурсло
1988  НидерландашВан Бастен Марко МиланТӀелатархо
1989  НидерландашВан Бастен Марко МиланТӀелатархо
1990  ГерманиМаттеус Лотар ИнтернационалеТурсло,

ахтурсло

1991  ФранциПапен Жан-Пьер Олимпик МарсельТӀелатархо
1992  НидерландашВан Бастен Марко МиланТӀелатархо
1993  ИталиБаджо Роберто ЮвентусФорвард
1994  БолгариСтоичков Христо БарселонаТӀелатархо
1995  ЛибериВеа Джордж Милан[1995]ТӀелатархо
1996  ГерманиЗаммер Маттиас Боруссия (Дортмунд)Турсло,

Ахтурсло

1997  БразилиРоналдо Интернационале[1997]ТӀелатархо
1998  ФранциЗийнаддин Зидан ЮвентусАхтурсло
1999  БразилиРивалдо БарселонаТӀелатархо
2000  ПортугалиФигу Луиш Реал Мадрид[2000]ТӀелета

ахтурсло

2001  ИнгалсОуэн Майкл ЛиверпульТӀелатархо
2002  БразилиРоналдо Реал Мадрид[2002]ТӀелатархо
2003  ЧехиНедвед Павел ЮвентусАхтурсло
2004  УкраинаШевченко Андрей МиланТӀелатархо
2005  БразилиРоналдиньо БарселонаАхтурсло,

ТӀелатархо

2006  ИталиКаннаваро Фабио Реал МадридТурсло
2007  БразилиКака МиланТӀелета

ахтурсло

2008  ПортугалиКриштиану Роналду Манчестер ЮнайтедТӀелатархо
2009  АргентинаМесси Лионель БарселонаТӀелатархо
2010—2015 шерашка хьажа Дешин буьрка ФИФА
Дешин буьрка France Football (2016 шарахь дуьйна)
2016  ПортугалиКриштиану Роналду Реал МадридТӀелатархо
2017  ПортугалиКриштиану Роналду Реал МадридТӀелатархо
2018  ХорватиМодрич Лука Реал МадридАхтурсло
2019  АргентинаМесси Лионель БарселонаТӀелатархо
2020ДӀадаьккхина пандеми COVID-19 бахьнехь[12]

Таблицин комментареш

1957.   Ди Стефано Альфредо Аргентинехь винехь а, 1956 шарахь цунна испанин гражданалла елира, цул т\аьхьа левзира Испанин гулйина командехь.[13]

1961.   Омар Сивори Аргентинехь винехь а, 1961 шарахь цунна италин гражданалла елира, цул т\аьхьа левзира Италин къоман гулйина командехь.[14]

1973.   Кройф Йохан «Аяксера» дехьавелира «Барселоне» 1973 шеран юккъехь.[15]

1987.   Гуллит Рууд ПСВ йукъара дехьавелира «Милан» йукъа 1987 шеран юккъехь.[16]

1995.   Веа Джордж «Пари Сен-Жермен» йукъара дехьаваьлла «Милан» йукъа 1995 шеран юккъехь.[17]

1997.   Роналдо «Барселонера» дехьаваьлла «Интернационале» 1997 шеран юккъехь.[18]

2000.   Фигу Луиш «Барселонера» дехьаваьлла «Реал Мадрид» йукъа 2000 шеран юккъехь.[19]

2002.   Роналдо «Интернационалера» «Реал Мадрид» йукъа дехьаваьлла 2002 шеран юккъехь.[20]

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Кеп:«Дешин буьрка» йаьккхинарш