Яшин, Лев Иванович

Я́шин Лев Ива́нович (1929 шеран 21 октябрь[2][3][…] йа 1929 шеран 22 октябрь, Москох, РСФСР, ССРС[2][6]1990 шеран 20 март[4][5], Москох, РСФСР, ССРС) — советийн футболист, кевнахо, левзина москохан «Динамохь» а, ССРС гулйина командехь а. 1956 шеран Олимпийн чемпион, 1960 шеран Европин чемпион, 5-за ССРС чемпион, ССРС хьакъ долу спортан говзанча (1957). Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо (1990). Полковник, ССКП декъахо 1958 шарахь дуьйна[7].

Футбол
Яшин Лев
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀеЯшин Лев Иванович
Харц цӀеӀаьржа гезиг[1]
Вина терахь1929 шеран 21 октябрь({{padleft:1929|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})[2][3][…] йа 1929 шеран 22 октябрь({{padleft:1929|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь1990 шеран 20 март({{padleft:1990|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})[4][5] (60 шо)
Кхелхина меттиг
Гражданалла
Локхалла189 см
Позицикевнахо
Кегийрхойн клубаш
1945ССРС байракх Красный Октябрь (Тушино)
1949—1950ССРС байракх Динамо (Москох)
Клубан карьера[* 1]
1950—1971Байракх ССРС Динамо (Москох)326 (–240)
Тренеран карьера
Байракх ССРС ССРС-2
1971—1975Байракх ССРС Динамо (Москох)ком. хьаьк.
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийн ловзарш
ДешиМельбурн 1956футбол
Европин чемпионаташ
ДешиФранци 1960
ДетиИспани 1964
Правительствон совгӀаташ
Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо
Ленинан Орден Ленинан Орден Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден
Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина»
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 1 тӀегӀан мидал Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 2 тӀегӀан мидал Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 3 тӀегӀан мидал
Кхечу мехкийн спортан
Детин Олимпийн орден
Сийлахь спортан цӀераш
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

XX бӀешеран уггаре дика кевнахо ФИФАн[8], МФФИИС[9], World Soccer, France Football[10], Placar[11] Venerdì[12], Guerin Sportivo[13], Planète Foot[14], Voetbal International[15] версешца. Исторехь цхьаъ бен воцу «Дешин буьрка» йелла кевнахо. Дуьненан футболехь лору араваларан а, йерриг гӀуданан майданахь а ловзар шуьйра карадерзина дуьххьарлерачех цхьа кевнахо.

Биографи

Жималла

Яшин Лев Иванович вина 1929 шеран 22 октябрехь Москохан, Богородскан кӀоштахь. Леван да, Иван Петрович, лакхара квалификацин слесарь[16], болхбеш вара дуьхьалонан авиацин заводехь Тушинехь шардархочун даржехь, нана, Анна Митрофановна, къахьоьгуш йара «Красный богатырь» заводехь. ЯшингӀар бехара Анна Митрофановнин боккхачу доьзалехь, цуьнан вежаршца а, йижаршца № 15 йолчу цӀа чохь Миллионан урамехь. Оцу цӀийнан кертахь меттигера бераш, царна йукъахь Яшин Лев а, гуттаренна а ловзура футболех, ловзарш хуьлура бӀаьста а, аьхка а, гурахь а муьлххачу хенан-хӀоттамехь, Ӏаржйаллалц. Оцу кертарчу ловзаршкахь Лев Ивановичан кхечира хьал кевнахочун зиеделларг[17]. Ӏай кертахь бераша шешша ша бойтура буьрканан хоккейх ловза. Футбол а, хоккей а йоцуш, бераш ловзура лаптах, залк тӀера лыжашца чукхийсалора, ткъа залкан меттана божалш дара. Яшина иштта дагалоьцу и берийн ловзарш: «Лаьттах детталора, лазадора, йахара йаккхий Ӏаьрждаргаш, амма Ӏемара чӀогӀа когаш тӀехь латта, локхаллех ца кхера, шен дегӀан доладан». Лев Ивановичан хетара, царех тера физикин балхо дика кечво баккхийчеран спортан, ткъа лакхара лигин ловзархойн лакхара травматизм цуо йоьхкура, «уьш бераллехь кӀезиг идарх, кхийсабаларх, летарх, футболех ловзарх, канкеш тӀехь хехкабаларх, дитташ тӀе бийларх»[18].

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабелира 11 шо долу Яшин Подольскан уллехь — гергарчаьргахь волуш, цаьрга дас-нанас кӀант аьхкенна садаӀа вахийтинера. Октябрехь Иван Петрович болх беш волу тӀеман завод, кхалхийра Ульяновскан герга; берриг доьзал а цига дехьабелира, шен шийтта шо кхачар Лёвас даздира, заводан черхаш тӀехь йолу шалонаш яссаеш[17]. Оцу заводе иза балха а вахара, 1943 шеран бӀаьста слесарь болх Ӏамо. 16 шо долуш Яшин Леван Даймехкан хьалхара совгӀат делира — «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран мидал»[16].

Спортан карьера

ЯшингӀар Москоха йухабирзира 1944 шарахь. Лев, заводехь болх беш, йерриг мукъа хан шена дукха дезачу ловзарна дӀалора, иза кевнахо вара Тушинон гулйина командин. 18 шо долуш цуьнга эскаре кхайкхира. Эскарехь вара Москохахь, кхузахь иза вайра Москохан футболан клубан «Динамон» тренеран А. И. Чернышёвн, цуьнга кхайкхира клубан кегийрхойн команде. Ткъа 1949 шеран бӀаьста Яшинах хилира коьрта командин кхоалгӀа кевнахо — Хомич Алексейн а, Саная Вальтеран а дублёр.[19] Оцу хенахь дуьйна Яшин Лев цхьаьна клубехь левзина 1971 шарахь шен футболан карьера дӀайаллалц.

Шен спортан карьерин йуьххьехь Яшин кхин а ловзура экъанан хоккейх (1950 - 1953 шерашкахь). 1953 шарахь цуо хоккейх ловзаран ССРС Кад баьккхира, ССРС чемпионатан борзанан совгӀатхо хилира, хоккейхь а кевнахочун позицехь вара иза. 1954 шеран дуьненан чемпионатан хьалха ССРС хоккейн гулйина командин йукъа кандидат вара, амма цхьаьна футболан тӀеверза сацам бира.

1950-гӀа шераш долалуш «Динамон» коьрта кевнахо вара Хомич Алексей, цунах хьовсархоша олура «ЦӀоькъа лом». 1953 шарахь бен Яшина хьалхара меттиг дӀа ца лецира «Динамон» кевнашкахь.

Шен клубаца цхьаьна Яшин Лева пхоьазза (1954, 1955, 1957, 1959, 1963 шерашкахь) ССРС чемпион хилира, кхузза футболех ловзаран ССРС Кад баьккхира.

1954 шарахь дуьйна Яшин кевнахо ву ССРС гулйина команда, цунна йукъахь левзина 78 матчехь. Гулйина командица цхьаьна 1956 шарахь Яшин туьйлира Олимпийн ловзаршкахь Мельбурнехь, 1960 шеран Европин кедехь.

1959 шарахь левзира[20] кхаа доттагӀаллин матчашкахь[21], «Торпедон» йукъахь.

Гулйина командин йукъахь иза кхузза левзина футболех ловзаран дуьненан чемпионатан финалан тӀегӀанехь: 1958 шарахь Швецехь, 1962 шарахь Чилехь, 1966 шарахь Ингалсехь. Дуьненан чемпионаташкара уггаре боккха кхиам — 1966 шеран чемпионатехь йоьалгӀа меттиг. Яшин кхин а испискехь вара 1970 шеран Мексикерачу дуьненан чемпионатехь кхоалгӀа кевнахо аьлла, амма ша левзина вац цигахь.

Нетто Игорь а, Лев Яшин а

1963 шеран 23 октябрехь Лондонехь, «Уэмбли» стадион тӀехь, Лев Яшин левзира дуьненан гулйина командехь гулйина Ингалсан командин дуьхьала гӀарайаьллачу «БӀешеран матчехь», иза лерина йара ингалсан футболан бӀешо кхачарна (матч 2:1 чоьтаца йаьккхира ингалсхоша; делахь а Яшина цхьан буьрка чу ца йахийтира, шолгӀачу таймехь кевнашкахь иза хийцина югославо Шошкич Милутина шозза йаьккхира буьрка шен кевнаш чуьра)[22]. Дерриг дуьненахь Яшинах олура йа «Ӏаьржа пантера» (цуьнан Ӏаьржа кевнахочун духар а, тӀахъаьлла хилар а, пелхьо санна кхийсавалар бахьнехь), йа «Ӏаьржа гезг» (цуьнан деха, массанхьа кхочу куьйгаш бахьнехь)[23].

1963 шарахь Яшинан делира Европин уггаре дикачу футболистан совгӀат — хӀора кӀиранан «Франс-Футбол» газетан «Дешин буьрка».

1971 шеран 27 майхь Москохахь В. И. Ленинан цӀарах Центран стадион тӀехь, 103 эзар хьажархо волуш, хилира Яшин Леван Ӏадикайаран матч. Оцу матчехь Йерригсоюзан спортйукъараллин «Динамон» клубийн гулйина команда (матчехь дакъалецира Москохара, Киевра, Тиблисера говзанчаша) левзира дуьненан «седарчийн» гулйина командин дуьхьала, царна йукъахь бара Эйсебио, Бобби Чарльтон, Герд Мюллер, кхин дуккха. Аренан тӀера араволуш, Яшина шен каранаш дӀаделира 23 шо долчу кевнахочун Пильгуй Владимиран (амма ша Пильгуйс интервью луш иза бакъ ца дира), шен меттана «Динамохь» когаметта витина[24]. Матч чекхйаьлира 2:2 чоьтаца, ткъа Пильгуйс дӀалецира «Динамон» кевнашкара меттиг тӀаьхьадогӀучу 11 шарна.

Оццу шеран 31 августехь Яшин йуха а аренан тӀевелира; хӀинца цуо лардира дуьненан «седарчийн» кевнаш Италин гулйина командин дуьхьала (уьш туьйлира 4:2 чоьтаца)[25].

Ловзаран карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа

Футболан карьера чекхйаккхале а Л. И. Яшина чекйаьккхира Пачхьалкхан центран физикин оьздангаллин институтера (ПЦФОьИ) тренерийн ишкол (1967 шарахь). Динамон командин хьаькам (1971 — 1975 шеран апрель). Къона талант йолу футболистан А. Е. Кожемякинан бохам хиллачул тӀаьхьа Лев Иванович бехкен вира «моралан-кхиоран болх лагӀбарехь». Иза болх бан дехьавелира «Динамо» йукъараллин Центран кхеташоне, цигахь вара ЦКх «Динамо» футболан а, хоккейн а декъан хьаькаман гӀовс (1975 шеран майра 1976 шеран октябрь кхаччалц). Цул тӀаьхьа хилира ССРС Спорткомитетан футболан урхаллин хьаькаман кхиоран белхах жоп луш волу гӀовс (1976 шеран октябрера 1984 шо кхаччалц), цуьнца цхьаьнахеннахь вара ССРС Футболан федерацин председателан гӀовс (1981 – 1989 шерашкахь). 1985 шарахь йухавеира шен хьомен йукъаралле, кхиоран белхан лакхара тренер вара йукъараллин ЦКх[26]. ССРС гулйина шолгӀа командин тренер а, цхьана ханна берийн командийн а.

Шовзткъеиттара ваьлчи Яшинан аьрру коган гангрена йолайелира, иза хилира жигара цигаьрка озарна облитерацин эндартериитах. 1984 шарахь ког дӀабаьккхира. Операци йинчул тӀаьхьа а цигаьрка уьйзура. Зайчик Марка дийцарехь, 1989 шарахь, ветеранийн гулйина командо Исраиле зиярат динчу хенахь, Яшинна мехаза «чӀогӀа дика протез» йира[27]. Яшин Исраилехь волчу хенахь цуьнга хьожуш вара Исраилан гулйина командин коьрта лор Росновский Марк[28].

1990 шеран 18 мартехь Яшин Леван йелира Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо цӀе. Оцу статусехь иза вехира шина дийнахь, велира шинара дийнахь, 20 мартехь. Валаран бахьна хилира облитаци йина эндартериитан гена йаьккхина хьеран рак. ДӀавоьллина Ваганьковски кешнашкахь.

Ловзаран кеп

Яшин Лев техника тоеш (1960 шо)

1950-гӀа шерийн йуьххьехь кевнахошна йукъахь яржа йолайелира, йерриг гӀуданан майданехь, арабовларан керла ловзаран кеп, иза схьаэцна кхиийра Яшина. Кевнахойн майданал арахьа ловзар карадерзийна кевнахойх хьалхарчех цхьаъ хилира Саная Вальтер, «Динамохь» Яшинан хьехархо лоруш волу, ткъа кхин а Болгарин гулйина командин ловзархо Соколов Апостол[en]. 1950-гӀа шерийн йуьххьехь кевнахо турслочун меттехь ловзар ССРС лорура шен коьрта декхар, кевнийн гура ларбар, кхочушдан ца хаар. «Динамон» а, гулйина командин а тренеран Якушин Михаилан сих-сиха дезара ССРС Спорткомитетан, Яшинан «циркех» лаьцна, нотацешка ладогӀа[29].

1960-гӀа шераш долалуш керла кеп де-дене мел долу массанхьа яржа йолайелира — ССРС гулйина командин а, цуьнан кевнахочун а кхиамашца цхьаьна. Говзанчаша къобал дора, йерриг гӀуданан майданан чохь Яшин ловзар кхиаме дара цунна ловзар «деша» хаарна, турслочун хьуьнар хиларна. Цуьнга цхьаьна хенахь буьркин терго йалора, иза дӀайала накъост каравора. Кхераме меттигашкахь буьрка аратохар хьалха йукъадаьккхинчех цхьаъ ву, ткъа ширачу ишколехь иза схьа а лаьцна сацийна латто йезара[30].

Говзанчаша лорура, Яшин реакцехь а, кхоссаваларехь а Хомичал оьшуш хилар. Филатов Лев билгаладоккхура, Яшин чӀогӀа воьттина вара кевнахо хила, дехий куьйгаш дара, дика координаци йолуш вара. ТӀаккха а Яшинан аьттунаш физикин кепах дацара, цуьнан хьуьнаралла дара мостагӀчо ден дерг хаа, хьалххе буьрка атта схьаэцалурйолу меттигехь хила[29].

Доьзал

Зуда — Валентина Тимофеевна;

ЙоӀ — Ирина;ЙоӀ — Елена.

Яшинан йоьӀан кӀант — Фролов Василий (вина 1986 шеран 22 февралехь) иштта хилла футболан кевнахо: левзина «Динамон» дублехь, петарбухан «Динамо», «Зеленоград» йукъахь, 2009 шарахь левзина ваьлла, физоьздангаллин хьехархо болх бира, тӀаьхьо тренер хилира берийн футболан командин. 2012 шеран бӀаьста Российн кегийрхойн хьалхейаккхаран шина матчехь суьдхочун гӀоьнча хилира[31]. ХӀинца болх бо омскан «Иртыш» йукъахь кевнахойн тренер [32]

Спортан кхиамаш

Командин

Динамо (хоккейн клуб)

  • ССРС кад баьккхинарг: 1953
  • ССРС чемпионатан борзанан совгӀатхо: 1953

Динамо (Москох) (футболан клуб)

  • ССРС чемпион (5): 1954, 1955, 1957, 1959, 1963
  • ССРС кад баьккхинарг (3): 1953, 1967, 1970
  • ССРС чемпионатан детин совгӀатхо (5): 1956, 1958, 1962, 1967, 1970
  • ССРС чемпионатан борзанан совгӀатхо: 1960

ССРС гулйина команда

  • Олимпийн чемпион (Мельбурн, 1956)
  • Европин кад баьккхинарг (Франци, 1960)
  • Европин кад детин совгӀатхо: 1964
  • Футболех ловзаран дуьненан чемпионатан борзанан совгӀахо (4-гӀа меттиг) (Лондон, 1966)
  • ССРС къаьмнийн Спартакиадин толамхо 1956

Шен кхиамаш

  • «Дешин буьрка» йаьккхина France Football версица уггаре дика Европин футболист харжарна: 1963
  • 11-зза къобал вина уггаре дика ССРС кевнахо аьлла
  • ССРС уггаре дика шеран футболистийн испискашкахь 16-зза, царех № 1 (1955—1966, 1968) — 13-зза, № 2 (1953), № 3 (1969), л/й (1967)
  • Яшин Лев — XX бӀешеран уггаре дика кевнахо МФФИИС версица
  • Спортан хьакъ долу говзанча (1957)
  • «Шеран кевнахо» (3): 1960, 1963, 1966
  • Сийлаллин гулйина командин йукъавоьду Европин чемпионатан УЕФАн версин жамӀашца (2): 1960, 1964
  • УЕФА «Дешин юбилейн» кхаьжнаш тасаран[en] совгӀатхо: 8-гӀа меттиг
  • Нетто Игоран клубан декъахо
  • Российн уггаре дика футболист 1954—2003 шерийн муьрехь (УЕФАн 50 шо кхачаран юбилейн совгӀат)
  • Йукъатоьхна FIFA Dream Team[en] (2002)
  • World Soccer газетан версица XX бӀешеран уггаре сийлахь футболистийн испискин йукъатоьхна

СовгӀаташ

  • Социалистийн Къинхьегаман турпалхо (1990)
  • Ленинан орден (16.09.60, 1990)
  • Къинхьегаман ЦӀен Байракхан орден (1957, 1971)
  • Детин Олимпийн орден (1986)[33]
  • Дешин гӀуллакхаш дарна орден, ФИФА (1988)
  • «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал (1945)[34]

Ловзаран статистика

«Динамо» Москох йукъахь Яшинан матчаш

ШоССРС чемпионатССРС кадДерриг
ЛовзаршГолаш
чуйахийтина
ЛовзаршГолаш
чуйахийтина
ЛовзаршГолаш
чуйахийтина
19502-5?02-5
19510000
19520000
195313-1113-11
195424-2024-20
195522-16?22-16
195619-29??19-29
195712−8??12-7
19586−8??6-7
195919-15??19-15
196018−14??180
196119???190
196217???170
196327-6??27-6
196428???280
196520???200
19668-6??8-6
196720-116?26-11
196817-11??17-11
196922???220
197013-63?16-6
Ерриш326-2409?335-240

Яшин литературехь а, фольклорехь а

Файл:LIYashin Grave Vagan'kovo 2017.jpg
Ваганьковски кешнашкара Яшин Леван каш

Яшинан спортан похӀма билгалйаьккхира Высоцкий Владимира «Кевнахо» эшарехь.

Рождественский Роберта Яшинан лерина «Шераш дӀаоьху» байташ йаздина.

Евтушенко Евгенийс йаздина Яшинах «Кевнахо араволу кевнашка» байташ, иза «Сан футболиада» жайнин чуйахна. Поэта йийшира и байташ «Динамийн» гулйина командийн а, дуьненан гулйина командин (ветеранийн а, ловзуш болу футболистийн а) а матчел хьалха, 1989 шеран 10 августехь, Яшинан 60 шо даздечу хенахь Москохара Петран паркехь «Динамо» стадион тӀехь в в [35]. МогӀамашкахь Яшинан стандартан доцу ловзаран хатӀ дусту марша ойланца.

Иэс

Банк Российн иэсан нахарт Яшин Леван суьртаца. 2 сом, бераш, 2009 шо
Российн поштан марка, 2015 шо

2018 шарахь Банк Российно арахецна 100 сом мах болу Иэсан банкнота, иза лерина йу 2018 шеран футболех ловзаран дуьненан чемпионатна, цунна тӀехь виллина буьркин тӀехь кхоссавелла кевнахо, Яшин Лев.

  • 1997 шарахь «Лужники» спорткомплекс тӀехь Москохахь Яшинна иэс хӀоттийра (скульптор А. И. Рукавишников).
  • 1999 шарахь центран «Динамо» стадионехь Москохахь иэс хӀоттийна (скульптор А. И. Рукавишников).
  • 2011 шеран майхь Соьлжа-ГӀалин Косиоран ураман цӀе хийцира Яшин Леван[36] цӀарах.
Соьлжа-ГӀалара Яшин Леван урамера № 22 йолу цӀийнан тӀера аншлаг
  • 2011 шарахь Соьлжа-ГӀалахь Яшин Леван урамехь дӀайиллина иэсан хьаьрк футболистан сийнна.
  • 2013 шеран декабрехь спортан «Динамо» йукъаралло долийна Яшин Леван цӀе тиллира цхьаьна Москохан урамна. Иза лаьтта МХӀАНан дехьа Къилба-Малхбален административан гуонаннан Некрасовкин кӀоштахь[37][38].
  • 2016 шеран октябрехь Яшин Леван иэс хӀоттийра «Российн сийн аллейхь» Российн пачхьалкхан физикин оьздангаллин, спортан, кегийрхойн, туризман университетан гӀишлон чувоьдийлин дуьхьала[39].
  • Тольяттехь ду Яшин Леван урам.
  • ФИФАс совгӀат диллина — футболех ловзаран дуьненан чемпионатан финалан тӀегӀанан уггаре дика кевнахочунна.
  • «Огонёк» журнало хӀора шарахь ло Яшин Леван цӀарах «Шеран кевнахо» совгӀат.
  • 2009 шеран 28 декабрехь Российн Центран Банко кхайкхийра 2 сом мах болу, Яшин Леван лерина «Российн гӀарабевлла спортхой» серера, иэсан детин нахарт лела арахецарх. Монеташ арахецна 3 000 тиражца, кечдина 925 чоман детех, металлан цӀена барам 15,5 грамм (ах-унци). Арахецаран терахь кхайкхийна доллушехь, нахарташна тӀаьхь хӀоттийна: «2010 шо».
  • Республика Эрмалойчоьнан Центран банко 2008 шарахь арахеца долийра нахартийн сери «Футболан паччахьаш», царна йукъахь Яшин Леван иэсан нахарт. Номинал — 100 драм, дина 925 чоман детех. Аверс: йуккъехь — серин логотип. Йисташца — мехкан цӀе эрмалойн маттахь (лакхахь) — ՀԱՅԱՍՏԱՆԻ ՀԱՆՐԱՊԵՏՈՒԹՅՈՒՆ а, Ингалсан (лахахь) — REPUBLIC OF ARMENIA. Логотипан бухахь — нахартан номинал («100 ԴՐԱՄ» — 100 драм). Кхин а лахахь — арахецна шо, йуккъехь — Республика Эрмалойчоьнан хӀост. Реверс: йуккъехь — лакхахула йогӀу буьркан фонца футболистан бюст, къоман байракхьан бесара йина къегина шлейф йолуш. Лакхахь аьрру агӀонна герга фамилии а, цӀе а ингалсан маттахь. Лахарчу декъехь — ловзархочун автограф. Дозалла 28,28 г, диаметр 38,61 мм. Дизайн — Котович Роберт, нахарт зорбатоьхна Полякийн нахартин кертахь. Нахартин тираж — 200 эз. экземпляр[40].
  • 2014 шеран 21 июнехь бразилин гӀалахь Рио-де-Жанейрохь Яшин Леван иэс хӀоттийра. Монумент лаьтта хӀокху заманан говзаллин музейхь (Museu de Arte Moderna). Иэс йу Москохахь Петровн паркехь хӀоттийна иэсан жима йина копи[41].
  • Голкипер дуьххьара FIFA футболан симуляторехь ву 2018 шарахь[42].

Адресаш

Файл:Мемориальная доска. Лев Яшин.jpg
Чапаевн урамалгера цӀен тӀийра мемориалан у

1980-гӀа а, 1990-гӀа а шерашкахь цкъа дийцина ца Ӏа МиллионалгӀа урамера № 15 йолу цӀа дохоран планех, цигахь гӀараваьлла кевнахо ваьхнера бераллехь 1929 – 1941 шерашкахь. 1999 шарахь, Яшинан 70 шо кхочуш Москохан чоьхьара эскарийн гуонан эскаран баьччалло цӀенна тӀехь мемориалан у хӀоттийча, цӀа дохоран къамелаш севцира[17].

1944 – 1957 шерашкахь Яшин Лев вехира Доккха Бешан урам, 7 (цӀа ца дисина); 1957 – 1964 шерашкахь – Кутузовн проспект тӀехь, 37 (хӀинца – 33 цӀа)[43].

1964 шарахь Яшин кхелхира ГӀамарийн урамийн кӀошта[44]. 2011 шеран 22 октябрехь Чапаевн урамалгера, 18/1 адресца, Яшин Лев 1964 – 1990 шерашкахь ваьхна цӀенна тӀехь, хӀоттийна мемориалан у[8].

Мемориалан у хӀоттийна Соьлжа-ГӀалара «Ахьмад-Арена» стадион тӀехь.

Марканаш

  • Монтсерратан поштан блоко 1994 шеран футболех ловзаран дуьненан чемпионатан (АЦШ) лерина 2 доллар доьху 4 марка арахецна. Цхьанна тӀехь — Л. И. Яшинан сурт ду[45].

Кинематограф

  • и/ф «Лев Яшин. Сан сатийсаман кевнахо» (Росси, 2019)

Сочиненеш

  • Яшин Л. И. Записки вратаря. — М.: Правда, 1976. — 64 с. — (Библиотека журнала «Огонёк»).
  • Яшин Л. И. Счастье трудных побед. — М.: Физкультура и спорт, 1985. — 208 с. — (Сердца, отданные спорту).

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Кеп:«Дешин буьрка» йаьккхинарш