Холокост

Холоко́ст (инг. holocaust схьадаьлла, желт.-шира. ὁλοκαύστος — «дерриг дагорарах»):

Холокост
Йуьхьиган терахь1941[3]
Чаккхенан терахь1945
МеттигНацистийн Германи, цуо оккупаци йина мехкаш а
ДекъашхойНСДАП, СС, СД, айнзацтобанан декъахой, вермахтан тӀеман гӀуллакххой, коллаборационисташ, кхин дерг.
Мотив«арийхойн» идей, расан антисемитизм[1][2]
Зуламийн кепашгеноцид, этносийн цӀано
Кхелхинарш
  • 6 000 000 стаг[4]
Бехке верг (берш)Адольф Гитлер, Геринг Герман, шортта кхин
Суьдан процессНюрнберган процесс, тӀаьхьара Нюрнберган процессаш а, кхин а.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
  • Шуьйрачу маьӀнехь[9] — нацисташа тайп-тайпана этносийн а, социалан а тобанийн векалш хьийзабар а, массашкахь хӀаллак бар а (советийн тӀеман йийсархой, полякаш, жуьгтий, цыгонаш, гомосексуалан божарий, масонаш, толур боцу цомгашнаш а, заьӀап нах а, кхин берш) нацистийн Германехь (хьажа Нацистийн расин политика а, Фашистийн пачхьалкхан террор а) йолучу муьрехь[10][11][12].

Дешан этимологи

Ингалса маттара дош «holocaust» схьаэцна латинан Библера (цунна чохь леладо латинан кепара holocaustum, цхьаьна holocau(s)toma а, holocaustosis а), Цу чохь иза долу желтойн, кхин а библин кепара ὁλόκαυ(σ)τος, ὁλόκαυ(σ)τον «дийнна багор», «берриг багор, берриг багорах бохам баьлларш», ὁλοκαύτωμα «берриг багорах бохам баьлларш», ὁλοκαύτωσις «берриг багорах бохам баьккхинарш»; оьрсийн маттахь лелийна «олокауст» а, «олокаустум» а («Геннадийн библи», 1499) кепахь, Кургановн «Письмовникехь» (XVIII бӀешо) лелийна кеп голокость маьӀница «бохам баьлларш, беррриг багор».

Дуьххьара и дош (holocaustum кепара) лелийна ингалсан хронисто Девайзесера Ричарда XII бӀешеран шолгӀачу декъехь жуьгтий бохорах йаздечу хенахь, и доладелла Лондонехь Ричарда Лоьман Дего таж туьллучу хенахь Вестминстерехь 1189 шеран 3 сентябрехь[13].

Диллинчу ингалсан зорбанехь термин «holocaust» гегргара хӀинцалера маьӀнин леладо 1910-гӀа шерашкахь (йуьхьанца Ӏусманан империс Эрмалойн геноцидан а, Россехь Гражданийн тӀом болуш жуьгтий бохор а) , ткъа хӀинцалерачу маьӀница, нацисташа жуьгтий хӀаллак бар — 1942 шерера. Шуьйра даьржина 1950-гӀа шерашкахь Нобелан дуьненан совгӀатан лауреатан йаздархочун Эли Визелан жайнаш бахьнехь. Советийн зорбанехь йукъадолу, 1980-гӀа шеран йуьххьера, йуьхьанца кепехь «холокауст», тӀаьхьа кхӀинцалера кепара, тер аду ингалсан лерах.ХӀинцалерачу ингалсан доккха элпаца (Holocaust) дош нацисташа жуьгтий хӀаллак баран маьӀнехь леладо, ткъа жима элпаца (holocaust) — кхечу меттигашкахь. Нохчийн маттахь дош «холокост» кхетам билгалбоккхуш, долара цӀе йоцучохь, йаздо жима элпаца[6], ткъа жуьгтийн геноцидан — доккхачу элпаца[14][15][16][17][18][19]. Нохчийн маттахь термин «холокост» (жима элпаца) кхетадо иштта муьлхха геноцидан акт[6]. Цхьацца хьосташа хуьлийта, и термин факт хилла леладо нисса билгалдоккхуш Дуьненан шолгӀа тӀом болуш жуьгташна геноцид, билгалдоккхуш историн хилам - йаздо доккхачу элпаца[20].

Шен идентификацин агӀор Германи гар

Берлинера Холокостах бохам баьллачеран мемориал, Германи

Тайп-тайпана немцойн хенан тобанийн башхаллаш йу Холокост тӀеэцаран маххадоран. Массарел доккхаха долу чкъор, цара лелайо шайца «дийна иэс», шеш немцой лоруш, нацистех «дӀакъаьсташ», лорура уьш политикин бандиташ. ШолгӀа чкъор, дай-нанойн ойланна йемаллийца хьоьжуш, гӀерта хӀотто Холокост историн контексте, немцойн нацизман анализ йан харц синхаамаш кхоьллина санна. Эхь-бехкан маххадорах девлча («уьш — зуламхой, тхо — кхи ду»), вусту ша нацизмах зен даьлларг лору. Цу тӀе «къоман историн ламаст меттана йу универсалан (адамашна йукъара) норманаш». КхоалгӀачу дайшка бевлча кхуллу зуламхой кхега керла «генеалоги»: «уьш вайн дедайш бара, хӀаъ, уьш кхи нах бара, амма оцу хеннахь уьш — немцой бара, цигара схьа „тхо“»[21].

Историкан Л. П. Репинин хетарехь, «иштта йора реконцептуализаци немцойн идентиллин, шок йеш йолу историн зиеделларг „йуха догӀу“ къоман исторе»[21].

Хьажа иштта

  • Бераш а, Холокост а
  • Жуьгтий битар
  • ТӀемах бевддачеран гӀуллакхийн комитет

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш