ГӀезалой

ГӀезалой (шайха олу — гӀез. татарлар, tatarlar) — тюркийн къам[30] Россехь а, советийн хилла аренашкара мехкашкара, уггаре доккха бухара доцу къам, ареал: Российн Европин дакъа, коьртаниг Ийдалйист а, Уралйист а, кхин а Сибрех, Кхазакхстан, Йуккъера Ази, СУАР, ГӀирма, Генара Малхбале, Финлянди, Литва.

ГӀезалой
Шен цӀегӀез. татарлар
Дукхалла а, ареал а
Дукхалла
  • 6 421 500 стаг[20]

 Росси:
5 319 877 (2010 шо, ГӀирма а йоцуш)[1]

1000 (2010)[1]

 Кхазакхстан: 200 545 (2020)[3]
 Узбекистан: 195 000[4]
 Украина: 73 304[5]

 Туркмени: 62 000[6]
 ГӀиргӀазойчоь: 31 491 (2009)[7]

 Азербайджан: 25 900 (2009)

 Туркойчоь: 28 000[6]
 АЦШ: 11 000[6]
 Цийчоь: 7900[6]
 Белорусси: 8 445 (2019г.)[15]
 Таджикистан: 6 495 (2010)[16]
 Гуьржийчоь: 3000[6]
 Молдави: 2800[6]
 Литва: 2793 (2011)
 Латви: 2339 (2020)[17]
 Эстони: 2445 (2010)
 Канада: 2300 (ийначаьрца цхьаьна)[18]
 Финлянди:800[6]
 Польша:  495 (2002)

 Япон: 600—2000[19]
Хаам
МоттгӀезалойн, оьрсийн
Диндукхаха берш ислам суннийн некъан (хьанафийн мазхаб), кхин а цхьа дакъа православи[21]
Йукъабоьдутюркийн къаьмнаш
Гергара къаьмнашбашкираш, ногӀий, чувашаш, гӀирмин гӀезалой[22][23]
Этносин тобанашказанан гӀезалой, гӀезалой-мишари, кряшенаш, аштаркхнен гӀезалой, сибрехан гӀезалой, касимовра гӀезалой,[24] липкаш[25] нагӀайбакаш, тептяриш.
Схьабаларбулгараш, кыпчакаш, хазараш[26][27][28], буртасаш, цхьаццанхьа финнийн-угриш[29]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Россера барам бу 4 713 669 стаг ( 2021 шеран бахархой багарбаран жамӀашца)[31]. 1989 – 2002 шерийн муьрехь гӀезалойн барам тӀекхийтира 5,52 тӀера 5,53 миллион стаган тӀекхаччалц[32]. 2002 шерера 2010 шо кхаччалц болчу муьрехь гӀезалойн барам охьабелира 244 эзар ст. йа 4 % берриг гӀезалойх, амма гӀезалойн дакъа берриг бахархойх буьстича бисира 2002 шеран тӀегӀанехь[33]. Шайн барамца гӀезалой шолгӀа къам ду Российн Федерацехь, оьрсий дӀабевлча. Бекъало кхаа коьрта этномехкан тобанашка: ийдалан-уралан, аштаркхнен, сибрехан[34][35]. Республика ГӀезалойчохь гӀезалой бахархойх ах сов (2010 шарахь бахархой багарбарца 53,2 % йа 2 млн сов стаг) бу, ткъа Республика Башкортостанехь бахархойн доьлгӀа декъал сов (2010 шеран бахархой багарбарца 25,4 % йа 1 млн ст. сов).

ГӀезалойн мотт алтайн доьзалера Тюркийн тобанан кыпчакийн бухара тобанера мотт бу, бекъало кхаа меттан генне: мишарин (малхбузен), казанан (йуккъера),и сибрехан (малхбален).

Динаца коьртаниг бусалбанаш-суннийш бу, кхин а йу жима православинчеран тоба (кряшенаш)[21].

Истори

Этноним

Дуккха бӀешерашкара исторехь «гӀезалой» дешо этнониман, политониман, социониман, конфессиониман функцеш кара а йора, йайа а йойура.

Дуьххьара уьш хьахийна монголийн-тунгусийн-маньчжурийн тайпанашна йукъахь, VIIX бӀешерашкахь уьш кхерстара Байкалан къилба-малхбалехьа. XIII бӀешарахь монголийн-гӀезалойн толамаш бахьнехь «гӀезалой» дика бевзира Европехь. XIII—XIV бӀешерашкахь и цӀе йаьржира Евразин, Дешин Ордан йукъара кхин а къаьмнашна[36].

Этногенез

ГӀезалойн этногенезан масех теории йу. Ӏилманан литературехь уггаре дика йаздина кхааннах[37]:

  • тюркийн-гӀезалойн теори
  • булгарийн-гӀезалойн теори
  • гӀезалойн-монголийн теори.

Йехачу заманахь уггаре къобалйинарг[38] лорура булгарийн-гӀезалойн теори. ХӀинца алсама къобал йо тюркийн-гӀезалой теори[39].

Тюркийн-гӀезалойн теорица гӀезалой кхоллабалар декъа мегар ду кхаа муьре[40]:

  • Этносан коьрта компоненташ кхоллало мур (VI бӀешеран йукъ — XIII бӀешеран йукъ). ГӀезалой къоман этногенезехь билгалйоккху Ийдалан Булгарин, Хазарийн каганатан, половцийн ладаме роль. Оцу муьрехь кхоллайелла, тӀаьхьа богӀучу муьрехь цхьаьнакхетта, коьрта компоненташ. Йоккха роль йу Ийдалан Булгарин, цара исламан ламасташ, гӀалин оьздангалла, Ӏаьрбийн графикин бух тӀаьхь йоза (X бӀешерал тӀаьхьа) кхоьллира, цуо хийцира алсамо шира долу йоза — тюркийн руника, кхин а меттан бух биллина половцаш.
  • Йуккъера бӀешерийн гӀезалойн этнополитикин йукъараллин мур (XIII бӀешеран йукъ — XV бӀешеран хьалхара 25 шо)[41]. Оцу заманахь хилира, хьалхарчу муьрехь хӀоттайелле, компонентийн консолидаци, йукъара пачхьалкхехь — Дешин Ордахь; йуккъера бӀешерашкара гӀезалоша шайн гӀиллакхийн бух тӀехь, цхьаьна пачхьалкхехь вовшахтоьхна къаьмнех, шайн пачхьалкх йина ца Ӏаш, йира шайн этнополитикин идеологи, оьздангалла, шайн йукъараллин сийлаллаш. Оцу массо а хӀуманаша дешинордан элий, тӀеман-гӀуллакхан чкъор, бусалбанийн син-мехаллин гӀуллакххой этнооьздангаллин консолидаце балийра, XIV бӀешарахь кхоьллира гӀезалойн этнополитикин йукъаралла. Муьран амалехь ду, Дешин Ордахь кыпчакийн меттан бух тӀехь ширагӀезалойн мотт хӀотта болабелира, чӀагӀйелира литературин меттан норманаш. Мур чекхбелира Дешин Орда (XV бӀешо), дакъошка йекъайелла хиларна, йохарца. Кхоллайеллачу гӀезалойн ханаллашкахь кхоллайала йолайелира керла субэтносан йукъараллаш, церан йара меттигера цӀераш: казанан гӀезалой, гӀезалой-мишари, аштаркхнен гӀезалой, сибрехара гӀезалой, кхин а.
  • Оьрсийн пачхьалкх йукъахь локалан этнотобанийн консолидацин мур. Ийдалйист, Уралйист, Сибрех схьа а йаьккхина Оьрсийн пачхьалкхах схьатоьхначул тӀаьхьа гӀезалой кхалхаран процессаш чӀагӀйелира (иштта, хууш ду Окан тӀера Камел дехьара а, Самарин-Оренбурган а асане, Краснодарера Аштаркхнен а, Оренбурган а губернешка массашкахь кхалхар), чӀагӀйелира тайп-тайпана этномехкийн тобанашна йукъаметтиг. Цунна гӀодира йукъара литературин мотт, оьздангалла, динан-дешаран аре хиларо[39][42].

ГӀуллакхера гӀезалойXIVXVIII бӀешерашкара Москохан олаллера, Оьрсийн Паччахьаллера, Российн имперера гӀезалойн бахархойн этночкъоьран тоба йу. Йуьхьанца кхоллалора Дешин Ордара а, гӀезалойн ханаллашкара оьрсийн гӀуллакхе дехьабевллачу гӀезалойн феодалийн элех, цул тӀаьхьа, Казанан ханалла (1552) схьайаьккхинчул тӀаьхьа, ясакхийнчарех (шайн доллара дакъой дӀадахар бахьнехь), кхин а уьш «кхаба» дӀайеллачу гӀаланашкахь бехачарех (Каширехь, Серпуховхь, Романовхь, Юрьев-Польскехь, Боровскехь, кхин дӀа а).

ДӀахьора гуттаренна тӀеман гӀуллакх. Дакъалецира Ливонан тӀамехь (1558—1583), Российн тӀеман походашкахь, лардора дозанаш. Кхин а гӀуллакхехь бара талмажаш, йозанчаш, векалш, кхин а. ГӀуллакхехь хиларна лора латта, ахчанан а, бепиган а алапа.

ГӀуллакхера гӀезалоша лардора шайн ханашна, мурзашна, бекашна (элашна) декъадаларан спецификин система. Церан дошлойн тобанаш, уьш оьшучу хенахь тӀехӀуьттура полкашна.

XVIII бӀешеран йуьххьехь дехьабехира пачхьалкхан ахархой чкъоьре, тӀейазбира лашманийн гӀуллакхна, хӀоранна алапа а луш.

Лашманаш (Laschmann, схьадаьлла л.-нем. laschen — дӀахадо, хьекха, кечдан а, Маnn — адам а) — гӀуллакхера гӀезалой (дукхаха берш), Российн флот йан кеманашна хьун хьокхуш дакъалоцуш бара.

Царна бинера цхьацца аьттонаш махлелоран-пхьоллин белхашкахь. Масала казанан гӀалин гӀезалойн, алапанна меттана махлело бакъо йара, совдегарийн чкъоьрех боцушехь.

Генетикин талламаш

Генетикин талламаша гайтира, йукъара дай боцу гӀезалойн коьрта регионийн тобанаш (ийдалйистан, сибрехан, гӀирмин) кхоллайелла вовшех йозуш йоцуш. Цхьаьнахеннахь гучудолу чӀогӀа лакхара генетикин тайп-тайпаналла гӀезалойн регионийн тобанийн, иза гойту хӀора тобанна йукъахь масех генетикин чкъоьраш хиларо, аьлча а гӀезалойн хӀора тоба масех хьостах кхоллайалар. Амма ийдалйистера гӀезалошна (теллира беккъа казанан гӀезалой а, мишари а, кряшенаш а) йукъахь гучуделира церан генофондехь, туьркел хьалхара Малхбален Европера а, Уралйистера а (иза хетарехь ийдалан-уралан регионера финнийн-перман а, финнийн-ийдалан а популяцийн тӀаьхье хила тардалар) орамера бахархойн компонент алсама хилар, ийдалйистан гӀезалойн йу «къилба» компонент, тарло, иза Кавказера кхелхина хиларца, ткъа йуккъера-азин компонент чӀогӀа кӀезиг йу. Казанан гӀезалойн «къилба компонент» 15 % йу, Малхбален Европера а, ЛаьттайукъарахӀордйистера а гаплотобанийн амал йу церан, мишарийн «къилба» компонент (23 %) кхоллало ЛаьттайукъарахӀордйистера а, Къилба Европера а, Жима Азера а амалера гаплотобанех, ткъа кряшенийн «къилба» компонент (29 %) Малхбузен а, Малхбален а Кавказан гаплотобанийн амалш йолуш. Йуккъера Азин компонентийн дакъа казанан гӀезалойн 1 %, мишарийн 3 %, ткъа кряшенийн 6 % ду.

Сибрехан гӀезалойн тайп-тайпана тобанийн (цуьнан пхиъ субэтнос талларан жамӀашца) хӀора субэтносан билгалдаьккхина тайп-тайпана генетикин схьадалар, цигара схьа, тайп-тайпана этногенезан некъаш, искеран-тоболан гӀезалой (кхоллабелла сибрехан субстратах а, Къилбаседа-Малхбален Европера баьхкинчех а), ялуторован гӀезалой (хьалхараазера схьабовлар долуш бу), бухарин-гӀезалой (схьабовлу Малхбузен Кавказан къаьмнех), иштякан-токузан гӀезалой (палеосибрехара схьабовлар долуш бу), уьшалан дехьара гӀезалой (гергара бу Малхбузен-Сибрехан угрех а, Къилбаседа Уралан самодийн а)[43].

Этносан тобанаш

ГӀезалой лаьтта масех субэтносах. Царех уггаре йаккхийнаш йу:

  • Казанан гӀезалой (гӀез. казанлы) — гӀезалойн тобанех коьртачех цхьаъ, церан этногенезан цахеда уьйр йу Казанан ханаллин мехкаца. Къамел до гӀезалойн меттан казанан меттан генца.
  • ГӀезалой-мишари (гӀез. мишәр) — гӀезалойн тобанех коьртачех цхьаъ, церан этногенезан схьайаьлла Йуккъера Ийдалан, Камалдехьенан, Акха аренан, Уралйистан мехкашкара. Къамел до гӀезалойн меттан мишарин меттан генца[44].
  • Касимовра гӀезалой (гӀез. кәчим) — гӀезалойн тобанех цхьаъ, церан этногенез йоьзна Касимовн ханаллин мехкаца. Къамел до гӀезалойн меттан казанан меттан генца.
  • Сибрехан гӀезалой (гӀез. себер) — гӀезалойн тобанех цхьаъ, церан этногенез йоьзна Сибрехан ханаллин мехкаца. Къамел до сибрехан-гӀезалойн маттахь.
  • Аштаркхнен гӀезалой (гӀез. әстерхан) — гӀезалойн этномехкан тоба, церан этногенез йоьзна Аштаркхнен ханаллин мехкаца.
  • Кряшенаш (гӀез. керәшен) — этноконфессин тоба ийдалан а, уралан а регионашкара гӀезалошна йукъара тоба, православин динехь бу.
  • Перман гӀезалой — гӀезалойн этнографин тоба, церан этногенез чекхйолура Перман махкахула.
  • НогӀайбакаш ( гӀез. нагайбәкләр) — гӀезалойн этнографин тоба, гӀазакхийн чкъоьран йукъабоьлху, дукхаха берш беха Челябинскан областера Нагайбакийн а, Чебаркулан а кӀошташкахь. Мотт — гӀезалойн меттан йуккъера меттан генца лер. Динца — православин керстанаш. Российн законашца официалан жима къам ду.
  • Чепецкан гӀезалой — Чепцин майданера этномехкан тоба, гергара бу казанан гӀезалойн, церан этногенез йоьзна Каринан олаллица.

ГӀезалой йерриг субэтносаш дукха хьолехь ийна хуьлуш йу[45][46].

Чкъоьраш XIV—XVIII бӀешерашкахь

  • Мурза — гӀезалойн олаллин лакхара тӀегӀа. Россехь мурза граф санна лорура.
  • ГӀуллакхера гӀезалой — Российн пачхьалкхан гӀуллакхехь болу гӀезалой.
  • Ясакхан гӀезалой — Российн правительствон йасакх луш болу латта доцу гӀезалой.
  • Лашманаш — Российн флот йан хьун хьокху гӀезалой.

Мотт, йоза, дешар

ШирагӀезалойн мотт

ШирагӀезалойн мотт (уралан-ийдалйистан тюркийн мотт, ширабашкирийн мотт[47]; гӀез. Иске Татар әдәби теле, İske Tatar ädäbi tele, ایسكی تاتار تلی, башк. Иҫке башҡорт теле[48]) — XIV - XX шерашкахь йаздеш, тайп-тайпана къаьмнаша лелош хилла, тюркийн литературин мотт. Кхоллабелла монголийн муьрал тӀаьхьа тюркийн меттан га санна. Масех регионан вариант йоллушехь, церан йара йукъаралла, туьркийн меттанаш вовшашна гергара хиларна; Ӏаьрбийн йоза лелорна, цунна чохь мукъа аьзнаш гойтуш дацара, цундела цхьа дош тайп-тайпана регионашкахь деша тарлора тайп-тайпана, шорта Ӏаьрбийн-гӀажарийн лексикера тӀеэцна дешнаш дара.

Мотт а, меттан геннаш а

ГӀезалоша буьйцу алтайн доьзалан туьркийн тобанан кыпчакийн бухара тобанан гӀезалойн меттан генан мотт. ГӀезалойн литературин мотт кхоллабелла казанан меттан генан бух тӀехь мишарин морфологин структурица.

Йоза

ГӀезалойн меттан керла орфографи кечйеш конференци. Ташкент, 1919 шеран 1 январь

X бӀешерера 1927 шо кхаччалц лелайора Ӏаьрбийн графика, 1928 – 1936 шерашкахь лелайора латинан графика (йаналиф), 1936 шарахь дуьйна, таханналц, леладо кириллицин графикин бух тӀера йоза. ГӀезалойн йоза латинан йозане дехьадаккхаран планаш йу.

Дешар

Ишколан дешар ду гӀезалойн маттахь — доьшу гӀезалойн мате гочдина йукъарароссийн программица а, жайнашца а. Йукъарадахарш: оьрсийн меттан а, литературин а, ингалсан меттан а, кхечу европин меттан а жайнаш а, хьехолаш а, физоьздангаллин хьехолашкара омарш оьрсийн маттахь хила тарло. Кхин а гӀезалойн меттан дешар ду КГАСУ цхьацца факультеташкахь[49] а, берийн бошмашкахь а.

Тукай Ӏабдулла, Ӏамирхан Фатихь, Кулахметов ГӀафур 1910-гӀа шераш

1917 шеран революцил хьалха дешарийн меттигаш йара хьуьжаршкахь.

Россехь гӀезалой баржар

Ийдалйистан федералан гуонехь гӀезалой баржар гӀалин а, йуьртийн а меттигашкахула %, 2010 шеран бахархой багарбар
КъФГ а, КъСКГ а гӀезалой баржар гӀалин а, йуьртийн а меттигашкахула %, 2010 шеран бахархой багарбар
УФГ гӀезалой баржар гӀалин а, йуьртийн а меттигашкахула %, 2010 шеран бахархой багарбар
СФГ гӀезалой баржар гӀалин а, йуьртийн а меттигашкахула %, 2010 шеран бахархой багарбар
КъСМ-зФГ гӀезалой баржар гӀалин а, йуьртийн а меттигашкахула %, 2010 шеран бахархой багарбар
ГМ-лФГ гӀезалой баржар гӀалин а, йуьртийн а меттигашкахула %, 2010 шеран бахархой багарбар
ЙФГ гӀезалой баржар гӀалин а, йуьртийн а меттигашкахула %, 2010 шеран бахархой багарбар
Российн субъекташкара гӀезалойн дакъа (2010 шарахь бахархой багарбарца)
Россехь гӀезалой охьаховшаран ареал. 2010 шеран Йерригроссийн бахархой багарбаран терхьашца

Россехь гӀезалой алсама беха мохк дукха берг Ийдалан-Уралан регион йу, цигахь веха 4 млн сов, йа 80 % гӀезалой[50]. Уггаре дукха гӀезалой беха ГӀезалойчохь (38 % гергга) а, Башкортостанехь (19 %) Россехь бехачу гӀезалойх, бисинарш баьржина йерриг Россехула[51]. Советийн Ӏедалан 20 шо кхачарца Российн Федерацин 66 субъектехь гӀезалойн бахархойн дукхаллин динамика — харц йара, ткъа 22 — аьтту болуш йу[52]. Уггаре кӀезиг гӀезалой беха Российн регион — ГӀалгӀайчоь, цигахь уьш 64 стаг ву. Лахахь гайтина ткъе йейтта Российн регион, уьш хӀиттийна гӀезалойн бахархой барам охьабаларца (2002)[53]:

РегионГӀезалойн берриг барамГӀезалойн процент
ГӀезалойчоь2 000 11652,92
Башкортостан990 70224,14
Тюменан область242 3257.42
Челябинскан область205 0875,69
Ульяновскан область168 76612,20
Свердловскан область168 1433,75
Москох166 0831,6
Оренбурган область165 9677,61
Перман мохк136 5974,84
Самарин область127 9313,95
Удмурти109 2186,96
Хантийн-Мансийн автономин гуо107 6377,51
Пензин область86 8055,97
Аштаркханан область70 5907,02
Саратовн область57 5772,16
Москохан область52 8510,8
Кемеровн область51 0301,76
Нижни Новгородан область50 6091,44
Омскан область47 7962,3
Мордови46 2615,21
Красноярскан мохк44 3821,5
Кировн область43 4152,89
Марий Эл43 3775,96
Чуваши36 3792,77
Петарбух35 5530,76
Волгоградан область28 6411,06
Ямалан-Ненцойн автономин гуо27 7345,47
Иркутскан область26 9661,1
Краснодаран мохк25 5890,5
Новосибирскан область24 1580,91
Ростовн область13 9480,33
Ставрополан мохк11 7950,42
Хабаровскан мохк7 8360,58

Ийдал-Уралан штат

Ийдал-Уралан байракх (Исхьакъи Гаязан «Ийдал-Урал» жайница, 1933)

Ийдал-Уралан штат (Ийдал-Урал штат, гӀез. Идел-Урал штаты, İdel-Ural ştatı) — гӀезалойн а, башкирийн а кхочуш ца йина къоман автономин проект. Йан гӀортар чекхделира йоцачу ханна (1918 шеран 1 мартера 28 март кхаччалц) «Булачан дехьара республика» олург латтар, иза йара Казанан гӀезалой декъехь.

XX бӀешеран йуьххьера йукъараллин-политикин болам

ПангӀезалалла (pantatarisme) — гӀезалой коьртехь болу Российн империн бусалба бахархойн XX бӀешеран йуьххьера оьздангаллин а, политикин а болам билгалбаккха йукъайаьккхина термин.

XX бӀешеран йуьххьехь Российн имперехь хӀоьттирамахкара бусалба бахарошна тӀехь Ӏусманан империн Ӏаткъам боккха болу хьал. Иза бахьнехь Чоьхьара гӀуллакийн министралло арахоьцура башха циркуляраш, царна чохь кховдадора туркойн Ӏаткъамна дуьхьало йар. 1910 шарахь Гулам бира гӀезалойн-бусалбанийн Ӏаткъаман болх бахьнехь. Цигахь кховдийра бусалбанашна йукъахь православин хьехамаш баран гӀуллакх чӀагӀдар, кхин а дерриг дан бусалбанийн ишколаш конфессийн гуран чохь латто. ТӀаккха а, пангӀезалаллех ларлуш, гулам реза бара «керста дине бевлла кхечу къоман нахана ненан мотт хьехийта». 1911 шарахь Гуламо кхин некъ лехира, йуьхьанцара дешар хьоьху ненан меттанийн барам лагӀбира.

1914 шарахь кхайкхира бусалбанийн баланех болу Лерина гулам. Оцу гуламо тидам бора пангӀезалаллин, цуо тосура царна башха кхерам. ПангӀезалалло кхиамаш бора бусалбанашна йукъахь, цу тӀе гӀертара оьрсийн бусалбанаш цхьаьнатоха гӀезалойн урхалле. Идеологи йара исламан дин а, тайпанан цхьааллин ойла а. Кхин а империн чинхой реза бацара, Российн махкахь лакхара дешаран меттигашкахь гӀезалой баржарна. Лерина гуламо дери дира Российн империн бусалба бахархошна йукъара прогрессин процессашна хьалха шеш гӀийла хиларх а, царна дуьхьала латта ца даларх а.

1980—1990-гӀа шерашкара йукъараллин-политикин болам

XX бӀешеран 80-гӀа шерийн чаккхенгахь ГӀезалойчура йукъараллин-политикин боламан жигараллин мур хуьлу:Кхуллу БерриггӀезалойн йукъараллин центр (БГӀЙЦ), хьалхара президент M. Мулюков, «Иттифак» партин дакъа — дуьххьарлера коммунистийн партин доцу дакъа ду ГӀезалойчохь, цуьнан коьртехь йара Ф. Байрамова.

Булгарийн къоман конгресс

Булгарийн къоман конгрессан президент[54] (республика ГӀезалойчоь) Халилов Ӏусман а Адамийн бакъонийн Европин суьде йаздира гӀезалойх булгараш ала аьлла, амма 2010 шарахь суьдехь ийшира[55].

2018 шерера дуьйна болу йукъараллин-политикин болам

1990-гӀа шераш дуьйлалуш, Советийн Союз йоьхначул тӀаьхьа, Уралан-Ийдалан штат кхолларан ойла гӀарайаьллера гӀезалойн къоман йукъараллин гӀуллакххошна йукъахь.

Хьажа кхин а

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Билгалдахарш