Хасстоьмаш

Хассто́ьмаш — кулинарин термин, билгала доккху цхьацца ораматийн дуу да́къа (масала, Ӏаж я цӀазам), ткъа кхин а чӀогӀа ораматан даар, юу хин бецаш, стоьмаш, Ӏоьвнаш, жӀаьлин нускалш, бӀараш доцурш. Кулинарин термин «хасстом» лело тарло цӀазамашна.

фрукты и овощи на чеченском языке
Хасстоьмаш, стоьмаш
Хасстоьмаш. Брокгаузан а, Ефронан а энциклопедин тӀера суьрташ

Хасстоьмаш ду ладаме дакъа адаман дааран ражан. Хасстоьмийн хьост дукхаха дерг промышленностан масштабашкара юьртабахаман предприятешкахь кхио хасстоьмийн культураш ю. Хасстоьмаш кхиадо хасстоьмашлелоро[1].

Кулинари

Рожехь даар, уггаре хьалха, кхетадо шен хенахь а, нийса а кийран мерза, дика кечбина, юкъахь тайп-тайпана дегӀан оьшу хӀуманаш йолу кхача латтор ду, иза кхиа ма-деззара кхиийтархьама. Тайп-тайпана хасстоьмаш дааран рожехь хилча дика Ӏаткъам бо кийран, хӀора витамин дегӀах доларан процент ойбу. Рожехь даарна ладаме роль ло хасстоьмашна — ца хилча ца долу а, доккхаха долу дакъа а хӀора дийнан рационан. Хасстоьмаш витаминийн, кхечу органикан а, минералийн а хӀуманийн ларма ю[2].


Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

  • Овощи. Медицинская энциклопедия. Академик (2000—2010). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 8 февралехь
  • Овощеводство. Выращивание овощей. Архивйина 2013 шеран 24 майхь
  • Овощи // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.(Хьаьжина 16 ноябрехь 2011)
  • Зелень, в кулинарии // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.(Хьаьжина 16 ноябрехь 2011)
  • Сушка плодов и овощей // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.(Хьаьжина 16 ноябрехь 2011)