Туьркаш
Туьркаш (туьркийн халкъаш[12], туьркийн меттан тобанера халкъаш[6]) — этнометтан йукъаралла[13][14], туьркийн меттанаш буьйцу а, туьркийн схьабалар а долуш къаьмнаш.
Туьркаш | |
---|---|
Дукхалла | гергарчу хьесапехь 170 млн стаг[10] тӀера 200 млн стаг тӀе кхаччалц[11] |
ДIасакхалхар | Туркойчоь — 77 млн[1] |
Мотт | туьркийн меттанаш |
Дин | дуккхахберш ислам; кхин православи, иудаизм, буддизм, тенгрианство, шаманизм кхин а. |
Йукъабоьду | алтайн доьзал |
Гергара къаьмнаш | в языковом отношении (в рамках гипотетической алтайской языковой семьи) — монгольские и тунгусо-маньчжуран халкъаш, цул сов корейш, японаш |
Медиафайлаш Викилармехь |
Дукхахболу туьркаш бу — бусулбанаш, делахь кхин бу православин керста (коьрта дакъа гагаузаш, кумандинаш, чувашаш, цхьа дакъа алтайш, гӀезалой, хакасаш, якуташ), иудейш (караимаш, крымчакаш), буддисташ (можа уйгураш, цхьа дакъа салараш, тарбагатайн гӀиргӀазой, тувинаш), бурханисташ (алтайш), тенгрианаш, шаманисташ (долганаш, телеуташ, хакасаш, шораш, якуташ).
Таханлера туьркийн халкъаш шуьйра даьржина ду шайн историн ареалан арахьа, дукхахберш бу Евразехь, тайп-тайпана пачхьалкхийн территорешкахь — Йуккъерчу Азехь (Цийчоьцани) а, Российн Гена Малхбалехь а[15], малхбузехьа а — Гергара Малхбалехь, Кавказехь, Малхбален а, Къилба-Малхбален Европехь а.
КӀезига туьркаш бу Малхбузен Европин, Австралин, Къилбаседа Африкин пачхьалкхашкахь[16].