COVID-19 уьнан пандеми

COVID-19 уьнан пандеми — карарчу хенахь SARS-CoV-2 короновирусо йаьккхина коронавирусан уьнан пандеми ю[1]. Дуьххьара коронавирус хааелла 2019-чу шеран гӀуран-баттахь (декабрехь) Цийн Халкъан Республикехь, Ухань гӀалахь[2][3].

COVID-19 уьнан пандеми

2020-чу шеран кхолламан-беттан (январан) 30-чу дийнахь Дуьненаюкъарчу могушалла Ӏалашъяран организацино (ВОЗ-о) и цамгар яржар дуьненайукъара маьӀна долу йукъараллин могушалла Ӏалашъяран декъехь къаьсттина хала хьал (ЧС) хилар кхайкхира. Бекарг-беттан (мартан) 11-чохь — пандеми хилар дIахьедира[4][5].

2021-чу шеран кхолламан-беттан (январан) 15-чу дийнан зерашца, эпидеми йаьржичхьана дуьненахь коронавирусан ун кхетта дезткъе дейтта миллион сов вахархочунна; 2,012 млн ву кхелхинарг;  67,17 млн адаман дарба а хилла[6].

Дукхахьолехь SARS-CoV-2 вирус цхьана стагера вукхуна тӀе йолу хӀаваэхула, цомгуш волчо йовхарш а, хьоршам а тоьхча, ул-уллохь къамел дечу хьолехь а. Коронавирусан билгалонаш ю: хорша а, йовхарш а, хӀоттар а, салацар а, чохьлазар а, хьожа ца яр а.

2020 елның мартында «Система» АФК-сына кергән компанияләр коронавирус белән көрәшкә 1 млрд сумга якын акча бүлеп биргәннәр, аларның төп өлеше зарарлануны ачыклау өчен тестлар эшләүгә, шулай ук саклану чаралары һәм антисептиклар җитештерүгә тотылган.[7][8][9]

Хьостанаш