Эсперанто

Эспера́нто (Esperanto) — массарелла баьржина болу кхоьллина мотт[1][2]. Иза кхоьллина Варшавера окулистас Лазарь (Людвиг) Маркович Заменгофс 1887 шарахь. Хьалхара эсперанто маттахь арахецна жайна дара «Lingvo internacia. Antaŭparolo kaj plena lernolibro» («Халкъашна юккъера мотт. Дешхьалхе а, юззина Ӏамат а»). Заменгофас эцна псевдоним — Эсперанто («Сатуьйсуш верг») — кеста цо кхоьллина меттан цӀе хилира[3].

Эсперанто байракх
Эсперантон 100 шо кхачаран билгало

Эсперанто буьйцуш болу нахах олу эсперантисташ я эсперантофонаш.

Тахана дуьненахь бу, тайп-тайпана мах хадорашан хьаьжна, масийтта бӀе эзир я масийтта миллион стаг эсперанто хууш[4].

Мотт

Эсперанто кхоьллина халкъашна йукъара мотт хила, шен ненан меттан тӀаьхьа шозлугӀа мотт хила. Ӏамо атта болу мотт хилча халкъашна йукъара уьранаш шорлур яра[5]. Цул совнах, эсперанто Ӏамийча кхиболу меттанаш Ӏамо атта хуьлу[6].

Истори

Людвиг Заменгоф вина Белостокехь, таханлера Польшехь. Цу хенахь Польша Российн империн юкъйогӀуш яра. Белостокехь шортта тайп-тайпна къаьмнаш Ӏаш дара: белорусаш, полякаш, оьрсий, жуьгтий, немцой, литовцаш. И халкъанаш вовшеца ийна бацара, наггахь царн юкъахь девнаш долура. Заменгоф шен жамалле хенар дуьна массо а халкъан цхьа мотт бала лууш вара царна йукъара девнаш дӀадахархьам. И шен лаам кхочуш бан гӀерташ цо деррига шен дахар дӀаделира. Гимназехь меттанаш Ӏамош иза кхитира массо халкъан мотт чӀогӀа чолхе хиларах а, Ӏамо хала хиларах а. Цул совнах, цхьана халкъан мотт кхоьчу халкъашна юкъахь лелабаро и халкъ хьалаойбу, кхоьчу халкъашна иза новкъа долу.

Заменгофс шен болх бира итт шарахь сов. 1878 шарахь цуьна доттагӀаш лоькхура керла маттахь йолу эшар: «Халкъашна йукъара мостагӀалла дӀайолийла, хан тӀекхаьчна!». Амма цезор болх беш волу Заменгофан дас[7] оцу хӀумнах шек велла шен кӀентан болх багийра. Цунна лаьара цуьнан кӀантас университет дика чекхъяккха[8].

1887 шаран 26 июлехь Варшавехь араелира жима брошюра оьрсийн маттахь «Международный язык. Предисловие и полный Ӏамат». Автор къайлавеллера «доктор Эсперанто» псевдониман тӀехьа. Керла маттахь иза дара «Сатуьйсуш верг». Кеста и дош керла меттан цӀе хилира.

Заменгоф шен авторан бакъонаш тӀе ца лецира, нахана ша кхоьллина мотт хийца бакъо луш. Амма цуьна болх дукха дика хилар бахьнехь цу чохь баккхи хийцамаш бан ца бийзира. Кеста керла дешнаш юкъадаха а, барт боцу хӀумнаш къаста дан а кхоьллинера эсперантон академи. 1905 шарахь хилира 1-ра Дуьненан эсперантон конгресс.

Фонологи

Мукъаза аьзнаш

23 мукъаза аз:

Губно-губные согласныеГубно-зубные согласныеАльвеолярные согласныеПостальвеолярные согласныеПалатальные согласныеЗаднеязычные согласныеГлоттальные согласные
Носовые согласныеmn
Взрывные согласныеpbtdkɡ
Аффрикатыt͡sd͡zt͡ʃd͡ʒ
Фрикативные согласныеfvszʃʒxh
Дрожащие согласныеr
Аппроксимантыlj

Мукъа аьзнаш

Гласные переднего рядаГласные заднего ряда
Гласные верхнего подъёмаiu
Гласные среднего подъёмаeo
Гласные нижнего подъёмаa

Абат а, дешар а

Эсперантон абат йина латинан абатех. Абатехь ду 28 элп: A, B, C, Ĉ, D, E, F, G, Ĝ, H, Ĥ, I, J, Ĵ, K, L, M, N, O, P, R, S, Ŝ, T, U, Ŭ, V, Z. Царех 5 мукъа аьзнаш, 2 ах-мукъа аз, 21 мукъаза аз.

Абатан элпийн цераш ю: мукъаза аз — мукъаза аз+о, мукъа аьзний цӀе ша ма яр йоккха:

  • A — а
  • B — bo
  • C — со

и. к. д.

ХӀора элпаца догӀуш ду цхьа аз. Элпан дешар оцу элпан дешан юкъехь йолу меттигаца доьзна дац.

Дешнашкахь тохар даимна тӀаьхьарачура хьалхара дешдекъан тӀедужу.

Дешнийн хӀоттам

Эсперантон хӀоттина Сводешан могӀам
ЭсперантоНохчийн
1miсо
2ci (vi)хьо
3liиза
4niвай
5viшу
6iliуьш
7tiu ĉiиза
8tiuтот, та, то
9tie ĉiкхузахь
10tieцигахь
11kiuмила
12kioхӀун
13kieстенгахь
14kiamмаца
15kielмуха
16neма
17ĉio, ĉiujерриг, массо
18multaj, plurajдукха
19kelkaj, kelkeмасийтта
20nemultaj, neplurajдукха боцурш
21aliaкхин
22unuцхьаъ
23duшиъ
24triкхоъ
25kvarдиъ
26kvinпхиъ
27grandaйоккха, сийлахь-йоккха
28longaеха
29larĝaшуьйра
30dikaстомма
31pezaеза
32malgrandaжима
33mallonga (kurta)йоца
34mallarĝaготта
35maldikaютткъа
36virinoзуда
37viroстаг
38homoадам
39infanoбер
40edzinoзуда
41edzoмайра
42patrinoнана
43patroда
44bestoдийнат
45fiŝoчӀара
46birdoолхазар
47hundoжӀаьла
48pedikoмеза
49serpentoтекхарг
50vermoнӀаьна
51arboдитта
52arbaroхьун
53bastonoгӀаж
54fruktoстом
55semoхӀу
56folioгӀа
57radikoорам
58ŝeloкевстиг
59floroзезаг
60herboбуц
61ŝnuroмуш, тӀийриг
62haŭtoчкъор
63viandoжижиг
64sangoцӀий
65ostoдаьӀахк
66grasoмохь, даьтта
67ovoхӀоа
68kornoмаӀа
69vostoцӀога
70plumoпелаг
71harojмесаш
72kapoкорта
73oreloлерг
74okuloбӀаьрг
75nazoмара
76buŝoбага
77dentoцерг
78langoмотт
79ungoмӀара
80piedoког
81gamboког
82genuoгола
83manoкуьг
84flugiloтӀам
85ventroгай
86tripoйоьхьаш
87gorĝoворта, легаш
88dorsoбукъ
89brustoнакха
90koroдог
91hepatoдоӀах
92trinkiмала
93manĝiяа
94mordiӀийша
95suĉiцӀубдан
96kraĉiтуйнаш кхисса
97vomiӀетто
98bloviхӀуп баха
99spiriсадеӀа
100ridiвела

Эсперантон дошаме доккха дакъа ду романийн а, германийн а орамашах а, латинийн а, грекийн а меттах кхоллаелла интернационализмашах а. Цхьадолу дешнаш ду оьрсийн а, полякийн а меттанашкара схаэцна. И дешнаш эсперантон фонологица догӀуш кепара тадо.


Билгалдахарш

Хьажоргаш

«Википедин» логотип

«Википеди» тӀехь ду дакъа
эсперанто маттахь
«Ĉefpaĝo»

Логотип «Викидоьшам»
Викидоьшам дешнаша могӀам бу эсперанто меттан хӀокху категори чохь «Эсперанто»

Эсперантох лаьцна

Ӏамор

Дошамаш

Организациш а, мероприятиш а