Азербайджанийн мотт

Азербайджа́нийн мотт (шеш олург: Azərbaycan dili, آذربايجان ديلی, Aзәрбајҹан дили) — азербайджанаша буьйцу мотт, туьркийн меттанех цхьа мотт, дукхаха болчара йукъатуху алтайн меттан доьзалан туьркийн геннан къилба-малхбузан (огузийн) тобанан, амма цуьнца цхьаьна йолу амалаш, йогӀу кыпчакийн ареалан меттанашца.

Азербайджанийн мотт
Шен цӀе:Azərbaycan dili, آذربايجان ديلی
Азәрбајҹан дили
Пачхьалкхаш:Азербайджан, Иран, Гуьржийчоь, Росси, Украина, Германи, АЦШ, Ӏиракъ, Туркойчоь, Шема, Кхазакхстан, Йоккха Британи, Эрмалойчоь (1988 шо кхаччалц)[1][2][3]
Регионаш:Иранехь: Малхбуза Азербайджан, Малхбален Азербайджан, Ардебиль, Зенджан, Казвин, Хьамадан, Кум; частично Меркези, Гилян, Кхурдистан; анклаваш Мазендеранера а, Хорасане-Резавира а; гӀаланашкахь ТехӀран, Кередж, Мешхед.
Гуьржийчохь: Марнеули, Болниси, Дманиси, Гардабани; гулахь Сагареджохь, Каспихь, Мцхетехь, Цалкехь, Лагодехи, Карелехь, Тетри-Цкарохь, Горихь, Телавихь; гӀаланашкахь Тиблисехь, Руставехь, Дедоплис-Цкарохь.
Россехь: гулахь ДегӀастанехь (Дербентан, Табасаранан, Рутулан, ГӀизларан кӀошташкахь); кхин а дуккха а Российн гӀаланашкахь.
Туркойчохь: гулахь Карсехь, Игдырехь, Эрзурумехь; кхин дуккха Туркойчоьнан гӀаланашкахь.
Ӏиракъехь: Ӏиракъийн туркманийн меттадакъош,
Шемахь: Шеман Туркманаш[4][5][6].
Официалан мотт:

 Азербайджан
 Росси:

Нисдеш организаци:
Мотт буьйцурш:25—30 млн[8][9][10][11][12][13].
Рейтинг:30
Классификаци
Категори:Евразин меттанаш

Алтайн меттанаш (гипотетикин доьзал)

Туьркийн га
Огузийн тоба
Йоза:латиница (Азербайджанехь)
кириллица (ДегӀастанахь / Россехь)
Ӏаьрбийн йоза (Иранехь)
Меттан кодаш
ISO 639-1az
ISO 639-2aze
ISO 639-3aze, azj, azb, qxq, slq
WALSaze
Ethnologueaze
ABS ASCL4302
IETFaz
Glottologmode1262
ХӀокху маттахь Википеди
Азербайджанийн мотт баржаран карта      алсама берш      кӀезиг берш

Морфологин могӀанца азербайджанийн мотт агглютинативан, синтетикин[14] ду. Лексика лаьтта ладаме барам иранийн а, Ӏаьрбийн дешнех[15]. Фонетикин Ӏаткъам хилла гӀажарийн маттера.

XX бӀешеран дохаллехь азербайджанийн йоза доьазза хийцаделла. Тахана азербайджанаша леладо кхаа кепара йоза: Ӏаьрбийн — Иранехь, латиница — Азербайджанехь, кириллиц — ДегӀастанехь (Россехь). Хьалха азербайджанийн мотт бевзара тайп-тайпана лингвонимашца, амма XIX бӀешарахь дуьйна гучуйолу хӀинца йолу цӀе . Таханлера литературин азербайджанийн мотт кхоллабелла бакохан а, шемахин а меттадакъийн бух тӀехь[16].

Иза бу Азербайджанан пачхьалкхан мотт а, ДегӀастанан (Росси) пачхьалкхан меттанех цхьаъ а. Баьржина кхин а азербайджанаш гулахь бехачу меттигашкахь, масала, Иранехь (Иранан Азербайджан) а, Гуьржийчохь (Квемо-Картли). Мотт буьйцучера йукъара барам 25—30 млн стаг.

ЦӀерах лаьцна

Кавказ Россех тохале

СефевидгӀар болуш азербайджанийн меттанах тайп-тайпана олура меттигерчара а, кхечу махкахоша а. Цунах олура кхызылбашийн[17][18] (иштта, масала, дора поэта Саддикъи Афшара а, кхин а Ӏабдоль-Джамиль Насирис а)[18], туркманийн (масала, поэт Навои)[19]. Португалхоша оцу хенахь олура цунах turquesco, бисина европахоша а, дукхаха болчу иранхоша а — туркойн[К. 1] я тюрки́[18][20]. XVII бӀешеран капуцинийн диндаржочо Рафаэль дю Мана азербайджанийн меттан хьокъехь лелийра термин «Turk Ajami»[19]. И термин цхьаболчу хӀокху заманан авторша лелайо нисса историн хьалха хилла азербайджанийн мотт билгалбоккхуш[19][21].

Билгалдахарш

Комментареш

Хьосташ

  • 1 2 3 Ildiko Beller-Hann. The Oghuz split: the emergence of Turc Ajämi as a written idiom // Materialia Turcica. Vol. 16.. — 1992. — С. 115—116.

  • Glanville Price. Azeri (by Tourkhan Gandjeï) // Encyclopedia of the Languages of Europe. — 2000.

  • Larry Clark, Turkmen Reference Grammar, стр. 15
  • Цитатийн гӀалат: Тег <ref> «esu.com.ua» цӀарца, кху <references> йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан йукъахь йац.
    Хьост — «https:https://www.search.com.vn/wiki/index.php?lang=ce&q=Азербайджанийн_мотт&oldid=10236677»
    🔥 Top keywords: Категори:Википеди:Байлахь йисина агӀонаш/бо0ТеркКоьрта агӀо.neВикипеди:ФорумГӀирс:Керла нисдаршВикипеди:Администраторийн форумВикипеди:Йукъараллин ковВикипеди:Цуьнах лаьцнаВикипеди:ГӀоШолгӀа дуьненан тӀомПалм-Бич (гуо, Флорида)Ков:Карара хилларшОкичоби (гуо, Флорида)Ахмадов, Муса МагомедовичБисултанов, Апти ДибаевичВикипедиГӀирс:ЛахарВикипеди:File Upload WizardНохчийн моттТоронто (Огайо)Бадуев, СаьӀид СулеймановичMediaWiki:Group-autoeditorРоссиСулаев, Магомет АбуевичГай Юлий ЦезарьМамакаев, Мохьмад АмаевичНохчийчоьВиравулДанвилл (Калифорни)Кеп:НБМ-Иран/docХӀиндиИнгалсан моттДуров ПавелБеркаберАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташФольклорЙоккха БританиКатегори:Short description matches Wikidata